ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спорткомплексехь дIаяьхьира кегийрхошна юкъахь ийначу кепара латарехула «Грозная битва-5» цIе йолу турнир. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш Россин тайп-тайпанчу регионашкара а, СНГ-ра а тоьллачех болу спортсменаш бара.
Турнирехь хиллачу тасадаларшка хьажа веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, иштта кхиболу официальни нах а.
Суьйренан коьртачу латарехь дегIан йозалла 70 кийла йолчу категорехь вайн махкахочо Умхаджиев Зеламхас Украинерчу тIахъаьлла волчу спортсменна Шило Максимна тIехь хаза толам баьккхира.
ДегIан йозаллин оццу категорехь Дибиров Iабдурахьима хорам беш йолу прием ярца эшийра ГIебартойн-Балкхаройчуьра Хатухов Ахьмад. Ткъа Махаури Рустамна цхьа раунд тоьира Г1ирмерчу Назимов Денисна тIехь толам баккха.
ДегIан йозалла 65 кийла йолчу категорехь Бимарзаев Аптина а, Кисловодскерчу Грицутин Валерийна а юкъахь хиллачу чулацамечу «цхьаьнакхетарехь» суьдхоша толам нохчичунна белира.
ДегIан йозалла 77 кийла йолчу категорехь Сулейманов Мамеда эшийра Барнаулера Штукин Роман. Оццу категорехь леташ Саралиев Салмана хорам беш йолу прием ярца толам баьккхира ГIиргIизойчуьрчу Тагаев Эрнисна тIехь.
Шайн-шайн дегIан йозаллин категорешкахь толамаш бехира Довгириев Шемала (65 кг), Тазуркаев Х1ашима (65 кг), Абдулкадыров Сайд-Мохьмада (70 кг), Жулагов Iимрана (61 кг), Саламов Адама (84 кг), Базаев Байсангура (56 кг), Шахаев Iамруддис (65 кг), Магомедов Мохьмада (70 кг), Эльбуздукаев Сулима (70 кг). Дисинчу пхеа цхьаьнакхетарехь хьеший туьйлира. Иштта, нохчийн спортсменийн б1аьрлачу кхиамца йирзира турнир.
А.АДАМОВ
№93, еара, 20 август, 2015 шо