Юха а изза сурт

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 5-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Москва гIаларчу «Локомотив» командица.

Майданан дай: М.Гильерме, В.Денисов, В.Чорлука, А.Логашов, Д.Тарасов (А.Коломейцев,70), А.Самедов, Р.Шишкин, Д.Ндига, А.Касаев (М.Майкон,78), А.Миранчук, Б.Ниассе (П.Шкулетич,82).

СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Р.Уциев, Родолфо, А.Семенов, Ф.Кудряшов, В.Адилсон (Д.Кузяев,71), О.Иванов, (Ф.Пириз,86), И.Айссати, М.Рыбус, Ж.Маурисио, З.Садаев (А.Мбенгуе,66).

Коьрта суьдхо Безбородов Владислав (Санкт-Петербург)

Соьлжа-ГIаларчу «Терекна» мехкан чемпионатехь Москва гIаларчу «Локомотивца» даимна а ловза хала хилла. Иза иштта хилар статистико гойту. СоьлжагIалахой цIерпоштхошца берхIиттаза левзина. Царех шийтта цхьаьнакхетарехь эшна вайн республикин коьрта команда, кхузза толам баьккхина, иштта кхаа матчехь толамхо билгал ца ваьлла. Цу кепара нисделлачу хьелашкахь теша хала дара «Тереко»  хьошалгIахь шайн чоьте кхо очко юьллург хиларе сатийса. Амма хууш ма-хиллара, футболехь ца моьттург хуьлуш а нисло.

Цхьаьнакхетар вовшашкахь хIун доллу хьожуш дIадолийра футболисташа. Матчехь дуьххьарчу кхерамечу тIелатаре ткъех минотехь сатийса дийзира стадионе баьхкинчу болельщикийн. Хьалхара тайм юккъейоьдучу хенахь билгалвала герга вара «Локомотиван» тIелатархо Ниассе Байе. Бакъду, цо тоьхна буьрка Годзюр Ярослава лардечу кевнна тIехула елира. Цул тIаьхьа дукха хан ялале оццу Ниассен аьтто бара серлонан таблон тIе шен цIе язъяйта, амма вайн защитникийн тIах-аьлла ловзаро иза билгала ца валийтира. Тайм чекхъяла герга мел йоьду соьлжагIалахойн болар сихдала доладелира. Цара дикка кхерамаш туьйсура майданан дайшна. Матчехь счет схьаелла герга вара Иванов Олег, бакъду, цо тоьхна буьрка кевнна масех сантиметр уллехула елира. Рыбус Мацейн а таро яра ловзарехь гол тоха, амма цунна цхьа кIеззиг аьтто ца тоьира. Иштта, тоьхна буьрка йоцуш, садаIа бахара футболисташ. СадаьIначул тIаьхьа майданахь хилла сурт хийцаделира. ШолгIа тайм йолаяларца шина а агIора кхерамаш туьйсура. Тарасов Дмитрийс геннара тоьхна буьрка, дукха хаза кхоссалуш, юхатуьйхира вайн вратара. Рыбус Мацейс ондда тоьхна буьрка майданан дайн кевнна масех сантиметр тIехула елира. Чулацаме футбол гайтира «Локомотиво» а, «Тереко» а. Ц1ерпоштхой цхьажимма гIолехь ловзура. Бакъду, цхьаьнакхетар долалуш хилла счет кхин хийца ца луш чекхъелира матч.

21-чу августехь 6-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь «Ахмат-аренехь» цхьаьнакхетар ю Москва гIаларчу «Динамо» командица.

Довзуьйту 5-чу туран кхидолу жамIаш: «Ростов» – «Крылья Советов» (Самара) – 1:1; «Динамо» (Москва) – «Урал» (Екатеринбург) – 1:0; «Кубань» (Краснодар) – «Рубин»  (Казань) – 0:1; «Зенит» (Санкт-Петербург) – «Краснодар» (Краснодар) – 0:2; «Спартак» (Москва) – ЦСКА (Москва) –1:2; «Амкар» (Пермь) – «Анжи» (Махачкала) –1:1.

А.АБДУЛАЕВ

 №93, еара, 20 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: