Ташу-Хьаьжа (халкъалахь лерам беш Воккха-Хьаьжа олу цунах) Нохчийчу муха кхаьчна билггал хууш дац. Иштта ца хаьа цул хьалха иза муьлхачу халкъа юккъехь Iийна ву а. Делахь а, цхьаболчара дуьйцу иза гIумкийн Эндари юьртара схьаваьлла ву бохуш. Амма иза чIагIдеш долу тептарш дац. Долуш долчарна тIехь а аьлла дац иза маца вина, мичахь вина, цуьнан да-нана мила хилла, иза муьлхачу тайпанах, тукхамах, къомах ву аьлла. Оцу эвлаяан бераллех лаьцна хууш а дац хIумма а.
Ташу-Хьаьжа гIумкийн мотт буьйцуш хилла боху. Цу тIе а доьгIна, дукхах болчара иза гIумкийх схьаваьлла ву олу. Иза иштта хила а дера тарло. Амма иза чIагIдеш долу масалш, бакъдерш доцуш ду архивашкахь а, нехан доларчу тептаршкахь а. Цо гIумкийн мотт буьйцуш хилла хилар кхетадо оцу муьрехь (ХVIII-чу бIешеран чаккхе – ХIХ-чу бIешеран юьхь) ерриге а бохург санна Къилбаседа Кавказехь гIумкийн олаллаш даьржина хилла хиларца. Кхузарчу халкъаша вовшашка буьйцуш берг а, коьртачу декъана, гIумкийн мотт хилла.
Кхечу хаамашца, ХIХ-чу бIешеран юьххьехь Ташу-Хьаьжина гергарло тасало цу хенахь ДегIастанехь дика вевзаш хилла волчу Iеламстагаца Мухьаммад-ЯрагIица. Дуьххьара цунна гучудовла Дала Ташу-Хьаьжина делла караматан. Дала цунна дина дика. ХIокхо цунах лаьцна цхьанна а дуьйцуш ца хилла. Дуьйцуш ца хилла бусалба дин, Бухарарчу Накъшбанди (Мухьаммадан Бауддин) тIарикъат даржо ша Дала ваийтина хиларх лаьцна.
Ташу-Хьаьжа Накъшбандин сислсилан уггаре а мехала цхьа зIе хилла дIахIоьттира. Веза-Сийлахь волчу АллахIа цунна тIедиллирна Къилбаседа Кавказехь бусалба дин а, Накъшбандин тIарикъат а даржа дар. Иза устаз лоцуш, цуьнца тоба деш дукха адамаш тIаьхьа хIиттина хилла цунна. Цхьадолчу хьостанаша дийцарехь, Ташу-Хьаьжа вайн махка кхаьчна ХIХ-чу бIешеран юьххьехь. Цуьнан уггаре а тешамечу мурдех хилла Сесанара Бешто, Шелара Илисхан-Хьаьжа, Курчалойн-Эвлара Товсолта-Хьаьжа, цуьнан ваша Янгулби-Хьаьжа.
Везачу АллахIа доккха хьекъал, хьикмат (мудрость), комаьрша дог, цIена ойланаш, кIеда-мерза мотт, аьхна амал елла хилла цунна. Оцу дерригено а адам цунна тIеозош хилла. Цунна юххехь синтем хуьлуш хилла царна, гIайгIа-бала йицлуш хилла. Цул совнаха тешаме доттагIа а, дика хьехамча а хилла иза. Ташу-Хьаьжа бахьанехь вуно дукха нах иймане баьхкина, цуьнгара Дела везаран марзо а кхетта. Цо Iамийна, цуьнан мутаIеламаш хиллачарах ши бIе ах бIе гергга стаг шайх а, эвлаяъ а хилла, цо шайна хьехна накъшбандин тIарикъат хьоьхуш баьхна. Ткъа Ташу-Хьаьжа бакъдуьнена дIавахана хIижратан рузманца 1241-чу шарахь. Карахь дерг 1436-гIа шо хилча, 195 шо хьалха хуьлу-кх иза я вайна юккъехь лелочу (грегориански) рузманца герггарчу хьесапехь 1810-чу шарахь нисло иза. Нийса дерг хууш верг АллахI ву.
Сесанахь ду Ташу-Хьаьжин зерат. Цунна тIаьхьа бодучу цуьнан мурдаша а, Нохчийчуьрчу дукхах болчу бусалбанаша а Сесанара Воккха-Хьаьжа олий йоккху оцу эвлаяан цIе. Оцу цIарца дика вевзаш а ву иза вайн республикехь.
Нохчийчуьра тIемаш дIабирзинчул тIаьхьа, кхидолу зераташ а санна, Сесанарчу Воккха-Хьаьжин зерат а тодина, хаздина, къагийна дIахIоттийна. Денна шайн устазана тIехIитта богIу цуьнан иттаннаш мурдаш, уьш еккъа цхьана Нохчийчуьра хилла Iаш а бац.
С.ХАСАНОВ
№93, еара, 20 август, 2015 шо