ХIуманан дукхалла, масалла, шорто йовзийтаран Iилма

хилла ца Iа математика

«Математика – Iилманийн паччахь, арифметика – математикин паччахь», – аьлла немцойн вевзаш волчу Iилманчас Карл Гаусса. Юкъарадешаран школехь цхьа а Iилма дац дешархоша цхьайтта шарахь Iамош нохчийн моттий, оьрсийн моттий, математикий доцург. Оцу цхьана бакъдолчо а бIаьрла схьагойту церан массеран мехалла.0orig

   Математика – иза хьесап даран Iилма ду. ХIуманан дукхалла, масалла, шорто йовзарехь Iаламат доккха гIо хуьлу цуьнгара. Цо гIо до логически кепара ойлаян, хIуманан жамI дан, коьртаниг къасто.

Математикин, цуьнан мехаллин хьокъехь башха-говза аьлла Iилманчаша:

«Iаламехь долу массо хIума а дуста йиш йолуш ду, массо хIума дагардан йиш йолуш ду». (Н.И. Лобачевский)

«Математикин хаамех пайдаэцар говза а, пайден а хир дац, уьш кхоллараллица Iамийча а, ша-шен ницкъаца, хьуьнарца царна тIе муха вахалур ву дешархочунна хиъча  бен». (А.Н. Колмогоров)

«Стаг математик хилалур вац, цуьнца цхьаьна шен сица иза поэт а вацахь». (К. Вейерштрасс)

«Iаламо математикин маттахь къамел до, оцу меттан элпаш – гонаш (круги), кхосаберш (треугольники), математикин кхийолу куц-кепаш (фигуры)». (Г. Галилей)

«Йиш йолчу кепара иза цхьажимма самукъане дан дезаш, вуно чIогIа мехала ду математикин Iилма». (Б. Паскаль)

«Логарифмаш юкъаяхаро, астрономийн къинхьегам аттачу баьккхина, ткъа оьмар яхйина». (Лаплас)

«КIорггера химин Iилма Iамо луург  математикех кхеташ хила веза. Математика евзаш вацахь, физик бIаьрзе ву». (М.В. Ломоносов)

Хьесапдаран Iилма кхолладала доладелла эзар шераш хьалха. Цуьнан истори юьйцучохь уггаре а хьалха хьахайо Чина (Китай), Мисар (Египет), Желтойн мохк (Греция), иштта дIа кхиболу мехкаш. «Арифметика», «Математика», «Геометрия» дешнаш желтойн маттара, ткъа «Алгебра» дош  Iаьрбийн маттара схьадаьлла ду. Хууш ма-хиллара, арифметика – диъ хьесап (вовшахтохар, тIерадаккхар, эцар, декъар) Iамош долу математикин юьхьанцара дакъа ду.

Тахана школашкахь 11-чу классехь ЕГЭ-н гурашкахь дIалучу экзаменех коьртачех цхьаъ ю математика. Иза иштта дIало 9-чу классехь а. КIеззиг ца хуьлу хIора шарахь и экзамен ледара дIаелларш. Оцу дерригено гойту, математика тесна дита йиш йолуш Iилма цахилар.

Хьесапдаран Iилманан кандидатан, докторан даржашка кхаьчна, хьанал къахьегна а, тахана а къахьоьгуш дуккха а Iилманчаш бу вайн къомах схьабевлла. Уьш вайн дозалла ду. Ткъа мехкан юкъарадешаран школийн юьхьанцарчу классашкахь хьесапдаран Iилма нохчийн  маттахь хьехар юкъадаккхарна тIехь дашца а, гIуллакхца а гIолоцуш схьабаьхкина а, схьабогIуш а дуккха   говза нах бу вайн.  Iилманчаша Чокаев Катис, Дадашев Райкома, Арсанукаев Iабдуллас, Халидов Мусас, Хамирзоев Сулеймана, Манкиев Аюба, Янгульбаев Вахас, Умархаджиев Салавдис, Якубов Iайндис, иштта кху доккхачу дуьненан Iилмано а чIагIдина ду, юьхьанцара Iамор (кхетош-кхиор а тIехь) берашна хуучу маттахь бен хуьлийла дац, аьлла. Юьхьанцара дешар берашна уггаре а гергарчу маттахь вовшахтухуш хилча, хьалхарчу Iалашонехь хила дезарг хьесапдаран Iилма хуьлу.

Вайн маттахь ду терахьаш, йозаллин (вес), яхаллин (длина), хенан (время), чухоаран (объем) барамаш билгалбоху дешнаш. Масала, хIорш ду уьш.

Аьрша – кхузткъе цхьайтта сантиметр барамехь йохалла (оьрс. аршин).

Буй – цхьана куьйга (кераюккъехь) схьаэцалуш йолчу хIуманан барам (оьрс. горсть).

Ге – нанапIелганний, юккъерчу пIелганний юккъера меттиг.

Гектар – бIе соти я итт эзар еакIов метр барамехь майда.

Гирда – кхо чептар; шийтта кийла чуоьду жима моьрка (дечиган доккха чийлик).

Гирка – 700 грамм барамехь чухоам.

Грамм – кийланан эзарлагIа дакъа.

ГIулч – волавелла воьдучун шина коган юкъаметтиг (оьрс. шаг).

Дол – куьйган гоьле кхаччалц долу пхьаьрсан дакъа.

Дужа – цхьана тайпана шийтта хIума (оьрс. дюжина).

Кана – юх-юххе диллинчу шина куьйга (шина куьйган кераюккъехь) схьаэцалуш йолчу хIуманан барам (оьрс. две горсти).

Кийла – эзар грамм (оьрс. килограмм).

Мазал – ткъе йиъ кийла чуйоьду шина гирданан барамехь йолу моьрка.

Мискъал (мискъал-заррат) – йозаллин уггаре а жима барам.

Пунт – йиъ чептар, ялхитта кийла сов (16,38 кг) барамехь йозалла (оьрс. пуд).

ПхьагIат – пхьаьрсан йохалла.

Сажа – кхо аьрша (ши бIе кхойтта сантиметр)  латта дусту барам (оьрс. сажень).

Сом – пхи эппаз, бIе кепек (оьрс. рубль).

Соти – гектаран бIоалгIа дакъа, цхьа бIе еакIов метр барамехь майда (оьрс. сотка).

Туьма – итт сом.

Чаккхарма – эзар кхузткъа метр (1060) барамехь меттиг (оьрс. верста).

Чептар – хIума юсту барам, пунтан доьалгIа дакъа, йиъ кийла.

Чийрик – доьалгIа дакъа (оьрс. четверть). Шеран чийрик – кхо бутт (оьрс. квартал), сохьтан чийрик – пхийтта минот.

Шай – пхи кепек.

Ше – нанапIелган, цIазапIелган юкъаметтиг.

Эппаза – диъ шай, ткъа кепек.

Нохчийн берийн хьесапдар, ойлаяр шайна уггаре а гергара болчу маттахь хуьлу дела, хьесапдаран Iилманан вайн дахарца йолу  уьйр йоккха йолу дела, беркате Iаткъам беш хир дара математикин самукъане тIедахкарш, шардарш, логикин ойлаян езачу кепара хIиттийна хаттарш дешархошна нохчийн маттахь довзийтича. Цо гIо дийр ду хьесапдаран Iилмане а, нохчийн матте а болу вайн берийн безам чIагIбарехь, дешархой логически олучу кепара ойлаярехь совбахарехь, физикин, химин, ткъа иштта кхидолу Iилманаш Iамо а церан аьттонаш хилийтарехь.

Масала, «Жуьтехь маса гIаз хилла?» цIе йолчу оьрсийн маттера гочйинчу тIедилларо (задачо) гIо до, самукъане чулацам болу иза, математикин моделан (нисдаран) гIоьнца кхочушдан.

ТIомаяьлла йогIура гIезийн жут. Дуьхьал йогIура ша цхьа гIаз.

— ХIей, бIе гIаз! – элира цо.

— Тхо бIе яц, – элира хьалхаяьллачо. – Тхан жуьтехь хIинца йолуччул елхьара, кхин оццул а, цу тIе жуьтехь йолчийн ах а, кхин а жуьтан доьалгIа дакъа а, цу тIе хьо а тхоьца елхьара, тIаккха хир яра бIе гIаз.

Жуьтехь маса гIаз хилла гучудолу, дуьйцучун чулацаме хьаьжжина, хIокху кепара нисдар (уравнени) хIоттийча   + х:2 + х:4  + 1 = 100. Нийса жоп: ткъе ялхитта гIаз хилла жуьтехь.

Кхин цхьа тIедиллар а далор ду вай кхузахь. Цхьана жаIуьно кхечуьнга боху:

— Суна хьайн цхьа уьстагI лохьа, сан уьстагIий хьайчул шозза дукха хир дара тIаккха!

— ХIан-хIа, цул а хьайн цхьа уьстагI ахь суна лохьа, вайшиннан уьстагIий цхьатерра хир дара, – жоп делла шолгIачо.

«Мел уьстагIий хилла хIора жаIуьнехь?» – ду кхузахь хаттар.

Цигахь математикин модель а хIоттош, нисдарийн (уравненийн) система хIотто еза: x + 1 = 2 (y — 1);  x — 1= y + 1. Система кхочушйича хаьа вайна, хьалхарчу жаIуьнан – ворхI, ткъа шолгIачун – пхиъ  уьстагI хилла хилар.

Оцу тайпана башха чулацаме тIедахкарш Iаламат дукха ду. Цара дешархойн ойла самайоккху, уьш логикан кепара хьесапдаре кхойкху, гIо до математикехь нисдаро а, кхечу кхетамаша а чулоцучу маьIнех гIоле кхета.

Математика – хьесапдаран Iилма – классехь, экзаменехь эшна ца Iа. ХIуманан хьесап деш хилар, Дала магийначу дикачу некъана а, шайтIано хаздечу вочу хIуманашна а юккъехь харжам бан Iамар, тIаьхьало ерг а, йоцург а довзар, хIора дийнахь, сохьтехь шена хьалха лаьттачу дезаршна, гIуллакхашна юккъера коьртаниг къастор, шен берриг ницкъ иза кхочушдарна тIебахийтар, ойлаеш хилар – оцу тайпана хьесап дахарехь даима оьшу жимачунна а, воккхачунна а. Поэтан Эдильсултанов Iаббасан ду вай аьллачуьнца догIуш могIанаш:

 Кхиош гIиллакх, дуза дог,

Оьзда баккха боккху ког,

Дерриг де ахь лелош чот:

Бедар, амат, буьйцу мотт…

 

Дерзош, ала лаьа: пайде а, мехала а долчу математикин Iилманан дакъош, вуно чIогIа вовшашца зIе йолуш, дозаделла ду, шайн бух – диъ хьесап а, эцаран таблица а йолуш. Цундела, халонех а ца кхоьруш, цуьнан цхьа а дакъа юкъах а ца дуьтуш, Iамо еза математика.

 

ГАЙТУКАЕВ Асламбек,

математикин хьехархо.

№93, еара, 20 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: