(Умарсултанов Вахин – 65 шо)
Умарсултанов Ваха вина 1950-чу шеран 20-чу августехь Юккъерчу Азехь. Карарчу хенахь Ваха Нохчийн Республикин Художникийн союзан председатель а, Россин Художникийн союзан секретарь а ву. Нохчийн къам шен махка ц1а дирзича, Соьлжа-Г1алахь школа а яьккхина, Пенза г1аларчу Н.Савицкийн ц1арахчу исбаьхьаллин училище «художественное оформление» отделене деша воьду иза. 1970-чу шарахь цигахь дешна ваьллачул т1аьхьа Соьлжа-Г1аларчу интернат-школе суртдилларан хьехархо балха х1утту. Болх а беш, суьрташ дахкарехь дуьненан самукъа карочу цо, «живопись» жанрехь дохку суьрташ республикин гайтамашкахь гучудуьйлу.
Къона хан, 20 шо делахь муххале а, шен Даймохк массарел а хаза, дика, ирсе хета хан ю. Цундела дара Вахин суьрташ лаьмнийн хазаллех дуьзна, Даймахке болчу безамо д1алаьцна. Къилбаседа Кавказан коьртачу шахьаршкахь хуьлучу гайтамашкахь билгал хуьлура нохчийн художникан белхаш.
2010-гIа шо къаьсттина беркате деара Вахин кхоллараллин новкъахь – Россин Федерацин Исбаьхьаллин академин декъашхо-корреспондент хаьржира иза.
Цуьнан белхаш Россехь бевзина ца Iаш, дозанал арахьа а бевза.
Дуккха а ду Вахех лаьцна дийца. ХIокху деношкахь цуьнца цхьаьнакхетар хилира тхан. Хилларш-лелларш, союзан балхах дерг дийцаре дан кийча карийра иза, ткъа шех лаьцна ала хIумма а дац олий, оьздда сацадора къамел. Цуьнан къамелехь хаалора къоначу художникех, кхоллараллин союзан дахарх доглазар.
2002-чу шарахь дара иза. Дерриге дуьне а бохург санна тешна даьллера нохчий герз бен каралаца хууш а бац, зуламашна, талорашна бен хьуьнаре бац бохучух.
ХIора художникан цIа воьдуш, церан белхаш вовшахтоха болийра Вахас, Москварчу Пречистенкехь йолчу Россин Исбаьхьаллин академин гайтаман зала чу хIитто дагахь. Берриге а 160 болх бара Россин Федерацин а, кхечу мехкийн а хьовсархойн тидаме билла кечбинарг. ТIемаш лаьттинчу Нохчийн Республикера хIун дохьур ду бохуш санна, цатешамца, цабашарца хьуьйсуш берш а бара. Амма массо а цецвоккхуш, кIорга маьIна долуш, исбаьхьаллин лехамашна дуьззина жоп луш дара гайтаме диллина хIора сурт. Москвара нах а, хьеший а гуонаха хьаьвзира гайтамна. Ала дош хилча, дош дика алало, гайта, дийца хIума хилча, палс буьззина гайтало. Ткъа вайн дара дIагайта дуккха а: лаьттина тIемаш, тIамна тIаьхьа йисина цIий Iийдало чевнаш-лараш. Оццу 2002-чу шеран 22-чу майхь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза) телефон туьйхира Вахе. «Кхана, Дала мукълахь, леррина вайн гайтамна сагатдина, Москва дIакхочур ву со, шуна улле дIахотта!».
Бакъ долуш, 23-чу майхь Ахьмад-Хьаьжа Москварчу гайтаме дIакхечира. «Ваха, шу, художникаш, яздархой, Iилманчаш дацахьара тхо а хир дацара», – элира Ахьмад-Хьаьжас.
Цунна хаьара къоман юьхь – иза оцу къоман культура юйла.
Культура кхиар иза эшарш, иллеш дIаалар хилла ца 1а. Музыканташ, актераш, режиссераш, художникаш кхио беза. Тахана художникийн долахь хIумма а дац ала мегар ду. Халахеташ делахь а, кхоллараллин болх бан шайн пхьалг1анаш яц вайн художникийн. Алапаш цхьа сурт диллал хуьлу. Доьзал ца кхабало тахана художник хиларх. Амма и болх безарний, кхидерг лело ца хаарний, дIалела.
Вахас шен къамелехь халахетарца элира: «Хьажалахь, тахана ваьшна совгIаташ дезча, Дагестане доьлху вай. Ткъа вайн ма бу уггаре а тоьлла суьрташ дахка хуу художникаш, тоьлла шаьлтанаш ян хуу пхьераш, скульпторш. Вай уьш кхио беза. КIеззиг хIуманаш оьшу кхоллараллин стаг ирсен ван».
Тахана 28 художник ву республикин Художникийн союзехь, царех цхьаберш Россехь а, Европехь а бехаш бу. Амма дог-ойла цIахь, шайн къомаца ю церан. Царех кхеташ дика накъост ву Ваха. 2002-чу шарахь Умарсултанов Вахина Россин Федерацин хьакъволу художник ц1е елла. 2006-чу шарахь «Г1алг1айн Республикин халкъан художник» сийлаллин ц1е ло. 2004-чу шарахь иза Россин Федерацин Художникийн союзан секретарь хоржу. 2010-чу шарахь дуьйна а Россин Исбаьхьаллин академин декъашхо – корреспондент ву. Цуьнан белхаш ган таро хилла Москвахь (2001-г1а, 2002-г1а, 2004-г1а, 2005-г1а шераш), Краснодарехь (2003-г1а шо), Вологдахь (2006-г1а шо), Ростовехь (2012-г1а шо), Соьлжа-Г1алахь (2013-г1а шо), Россин кхечу г1аланашкахь д1абаьхьначу дуьненаюкъарчу, ерригроссин, региональни гайтамашкахь.
Россин Федерацин Художникийн союзан декъашхо йолчу Даудова Фатимас элира: «Вахин уггаре а хаза гIиллакх хIун ду хаьий хьуна? Цо шена тIаьхьа богIучу къоначеран аьтто бо, уьш шена тIаьхьа ийзабо. Шен дан дика а долуш, юьстах ца Iа». Иштта, Умарсултанов Вахин бала кхачар бахьана долуш 2010-чу шарахь Россин Федерацин Художникийн союзе тIеэцна къона художникаш: Дадакаева Элита, Чимаева Асет, Болатханов Вахарсолта.
ТIейогIучу заманахь хIун дан лерина, мел ницкъ кхочу художникашна гIо дан аьлла шега хаьттича, Вахас бовзийтира шен сатийсамаш:
«Парижехь цхьа меттиг ю дуьненахь а евзаш, вайн заманан лехамашца, таронашца художникийн гIала аьлла. Цигахь болх бан а, шайн корматалла лакхаяккха а сатуьйсуш хуьлу художникаш. Вайх цхьа а ца кхаьчна ала мегар долуш, к1езиг ву цига кхаьчнарг. Вайн къоначу художникийн цига г1ойла хилча, уьш Iемар бара дуьненаюкъарчу пхьалгIахь. Иза вайн боккха кхиам хир бара. ХIунда аьлча цара зIенаш тосур ю, вайн культура йовзуьйтур ю, дуккха а керланиг Iамор ду.
Цул сов, ерриге а Россера 25 стаг бен ца воьду Москвана уллехь йолчу «Репинан дача» олучу пхьалгIахь корматалла лакхаяккха боьлху вайн художникаш. Цу тIехь гIо до Россин Федерацин Художникийн союзо.
Ваха Нохчийн Республикин Художникийн союзан председатель волу 22 шо хан ю. Дукха хIумнаш тIехIиттира вайн махкана. Оццу шерашкахь кхоллараллин союзана а яьхкира хала хенаш. Дуккха а художникийн белхаш доь доцуш хIаллакьхилира. Изза кхоллам хилира Вахин шен дуккха суьртийн а.
Хьахаделлачуьра ала догIу, цуьнан суьртех уггаре а девзаш дерш ду: «Таргим», «Малхист». Дадин-Юьртахь дуьххьара схьабиллина хIоллам а цуьнан проектаца хIоттийна бара.
1819-чу шеран 14-чу сентябрехь хIаллакьхиллачу дадиюьртахошна, къаьсттина, шайн сий лардеш, Терка чу кхийссабелла беллачу мехкаршна лерина бу иза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца бина бара и хIоллам. Республикин Куьйгалхочо дукха леррина тидаме эцна, шена хетарг олуш, кхочушъяйтира и проект. В.Умарсултановн кхоллараллин кхиамех дийца дукха ду, делахь а вай т1еххула хьахийнарш а кхачаме хета иза билггал а пох1ме суьрташдахкархо а, дика вовшахтохархо а хиларх шеко ца йита.
Художникан 65 шо кхачаран юбилей тхуна а ду доккха хазахетар. Оха, «Даймохк» газетан коллективо, даггара декъалво хьо, Ваха. Даггара лаьа могашалла, доьзалехь ирс-беркат, кхоллараллин балхахь а, дахарехь а ирс-аьтто болуш хьо дукхавехийла!
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
№93, еара, 20 август, 2015 шо