Муха кхоллаелла Соьлжа-ГIала

Шира истори ю Соьлжа-ГIалин. 19-чу бIешарахь  Къилбаседа Кавказехь уггаре йоккха промышленни, мехкадаьттадаккхаран туш  хилла иза. Историкаша дийцарехь, масех бIе шо хьалха доладелла Соьлжа-ГIалахь  нохчийн дахар.сквер журналистов

Уггаре  шира археологически хIолламаш Соьлжа-ГIалахь  билгалбаьхна  вайн эра тIекхачале 3 эзар шо хьалха. Берриге а Соьлжа-ГIалахь хилларг  30 археологически хIоллам бу.  Уьш, дукха хьолахь, гIалин Заводской районехь хилла. Цу хенахь нохчий баьхна меттигаш  – Суьйра-Коьрта (Октябрьски район), ГIалин Барз (пос.Черноречье), Соьлже  (Старая-Сунжа), Ханкала а (Ханкальское 1-е, 2-е городище) хилла. Царна юкъахь уггаре а евзаш йолу меттиг хилла Ханкалан 2-гIа гIала. Цунна юххехь карийна сарматийн заманан кешнаш. Вайн эпоха йолаеллачу хенахь Грозный гIап йинчу меттехь хилла  Ханкалан 2-гIа гIала.

Мехкан талламхоша — Iилманчаша тайп-тайпана яздо нохчийн исторех лааьцна. Керлачу эрин 1-чу бIешерашкахь Теркан а, Соьлжин а йистошкахь яккхий гIаланаш  хилла хилар чIагIдеш язбина дуккха а белхаш бу церан. Гуьржийн гIараваьллачу историка (16-гIа  бIешо) Мровели Леонтис «Картлис Цховреба» аьллачу шен  гулдаршкахь язйо цу хенахь хиллачу гIалийн цIерш: Дедяков (Эльхотовские ворота), Iалхан-Юрт, Суджа. Дагадаийта лаьа, 1268-чу шарахь барт бина вийначу Владимиран паччахьан Боголюбски Андрейн кIант шен ненахой болчу Судже ведда вахнера.

13-чу бIешерашкахь  ерриге Нохчийчоь а, Къилбаседа Кавказ а гIезалойн- монголийн  олалли кIелахь яра.  Туш Татартупехь (Эльхотовские ворота) йолу Къилбаседа Кавказан улус  коьрта хилла дIахIоьттира.

14-чу бIешерашкахь цигахь  кхиира  яккхий гIаланаш, схьадиллира  къепалан некъаш.

Соьлжа хи Терках кхетачу Баса-гIалахь (ст.Ильиновская),  хьалхабевлла майра полководцаш Тохтамыш, Тамерлан а волуш,  нуьцкъалла ши эскар Iоттаделира дуьхь-дуьхьал. Ондда дуьхьало йира нохчаша Тимурана.  Даккхий зенаш дира мостагIчо халкъана а, махкана а.  1405-чу шарахь Тимур веллачул тIаьхьа цуьнан эскар дIасаделира, амма, Теркан а, Соьлжан а йистера районаш ногIаша а, кхидолчу кхелхаш лелаш долчу тукхамаша а дIалийцира.

16-чу бIешеран шолгIачу декъехь Орган басешкахь  а, Соьлжин йистошкахула  а юха а баха охьахевшира нохчий. Цу яртийн цIерш яьхна  топономикехь.

Оцу шерашкахь кхиа юьйлаелира нохчашний, оьрсашний юккъера махлелоран а, политикин а зIенаш. Орган басешкахь а, Соьлжин йистошкахь а ехкинчу  ярташкахь цхьаьна бертахь баьхна ца Iаш, цара цхьаьна къийсам латтабора гIирмийн-гIезалойн а, ирански а тIелатархошна дуьхьал.

16-чу бIешеран шолгIачу декъехь дуьйна  Россин а, Къилбаседа Кавказан а Малхбалехьа пачхьалкхашца йолу махлелоран зIенаш чIагIъярехь доккха маьIна хилла дIахIоьттира  ГIирмера Иране боьду некъ («Османова дорога»). Оцу некъан коьрта стратегически меттиг ларалуш яра Соьлжа-хина тIехула йолу дехьаволийла (переход). Цунах «Сунженски», я «Османов» дIасалелор олура. Къилбаседа Кавказехь махлелоран коьрта туш хилла лаьттира иза 17-гIа бIешо чекхдаллалц.

Дукхах болчу историкаша Кавказан тIеман юьхь юзу инарла Ермоловс йинчу Грозни гIопаца. Делахь а, стратегин Iалашонаш а йолуш йина гIап, тIеман –администрацин туш йолчуьра, экономикин а, махлелоран а зIенийн меттиг хилла дIахIоьттира.  1860-чу шарахь эла Барятинскийс нахана  бакъо елира  бIаьстенан а, гуьйренан  а ярмаркаш  дIаяхьа. Цо мелла а аттачу даьккхира адамийн дахар. Цул сов, дахар кхуьуш хиларан тоьшалла дара Соьлжин аьтту агIор кхоллалуш йолу нохчийн ярташ.

1870-чу шарахь Сенатан Указца Грозни гIопана гIалин статус елира. Соьлжа-ГIалина 5 шарна тайп-тайпана бакъонаш а, бегIийлаш а елира.  Россин провинциальни гIала хилира Соьлжа-ГIалех.

70-80-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалахь ехкира дуьххьарлера заводаш а, фабрикаш а  (кибарчигийн, дамадаккхаран, нехчаяккхаран, сабадаран),  гIишлош, вовшахъетта йолийра ярмаркаш, базарш.

Соьлжа-ГIалин промышленностан истори йолаелла 1890-чу шерашкахь. 1893-чу шарахь гIалина 15 км юьстаха бакински промышленнико Ахвердовс куьйгалла дечу мехкадаьттадаккхаран фирмано дуьххьара мехкадаьттанан скважинна буру туьйхира.

19-гIа  бIешо чекхдолуш  Къилбаседа Кавказехь йоккха промышленни туш хилла дIахIоьттира Соьлжа-ГIала. Европехь а, Россехь а дика дIаоьцура  вайн мехкадаьтта. 1900-гIа шераш дуьйлалуш Соьлжа-ГIалахь  мехкадаьттачекхдоккху 4 предприяти яра. Цу декъехь болх беш яра 13 фирма. Царна юкъахь бара  Нобелан совгIат диллархой-вежарий НобелагIар. 80 процент промыслаш кхечу пачхьалкхашкарчу компанешна дIаеллашехь, боккха пайда бора вайн махкана мехкадаьттанан сурсаташа.

1913-чу шарахь Соьлжа-ГIалара  Беликовски тIай долчу меттехь,  кхин а керла мехкадаьттадаккхаран скважинаш схьайиллира.

1917-чу шарахь  вайн гIалахь  шарахь  доккхуш долчу мехкадаьттанан барам 1 млн. 770  эзар тонна бара. Россехь доккхучу дерриге а  мехкадаьттанах 22 процент яра иза.

Соьлжа-ГIалахь хиллачу  бIедийнан тIемашкахь  ерриге промыслаш хIаллакйира.  Ондда къахьийгира белхалоша уьш меттахIиттош. Уьш меттахIитторна, 1924-чу шарахь Соьлжа-ГIалина ЦIечу байракхан Орден елира.

20-чу бIешерашкахь Соьлжа-ГIалахь  мехкадаьттадаккхаран коьрта районаш кхоллаелира:  Старопромысловски, Новопромысловски (Октябрьски),  Заводской. ГIалин коьртачу декъехь, тIехIиттаеллачу микрорайонашца цхьаьна, Ленински район а кхоллаелира.

1922-чу шеран 30-чу ноябрехь Нохчийн автономни областан, 1934-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн областан  туш хилла дIахIоьттира Соьлжа-ГIала. 1936-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР кхоллаелира, шен пачхье Соьлжа-ГIала а йолуш.

30-чу шерашкахь вайн республико пачхьалкхана 80 процент мехкадаьттанан сурсаташ  латтадора:  мехкадаьтта а (керосин), хьакхар а.

1931-чу шарахь «Грознефть» производственни цхьаьнакхетараллина, пхеашеран план шина шарахь эха шарахь кхочушъярна, Ленинан цIарах орден елира.

Даймехкан Сийлахь тIом болчу шерашкахь  Соьлжа-ГIалин а, Бакун а  мехкадаьттадаккхаран районашна тIедогIу некъаш лардиначарех ю вайн гIала. Хьакхарца кхачам боцуш  долу немцойн эскар, шен ма-хуьллу Соьлжа-ГIалина чукхача гIерташ дара. «Майкопан а, Соьлжа-ГIалин а мехкадаьттанна со тIе ца кхачахь, ас тIом сацор бу», – аьллера Гитлера.

Вайн бIаьхоша шайн Iалашоне ца кхачийтира фашисташ. Цара юхатуьйхира мостагIчун эскар. ТIеман тIаьхье хала еанехь а, сихачу боларца кхиа йолаелира промышленность а, совдала доладелира мехкадаьттадаккхар.

1973-чу шарахь «Грознефто» 18 млн. тонна мехкадаьтта даьккхира.

90-чу шерашкахь 30 сов пачхьалкхо оьцуш дара вайн республикера мехкадаьттанан сурсаташ.

20-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Соьлжа-ГIала  Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха промышленни, культурин, Iилманан  туш ларалуш яра. 1991-чу шарахь гIалахь вехаш  401 эзар стаг хилла.  Индустриальни нуьцкъаллица  Ростовал тIаьхьа, шена чохь дехаш долчу адамийн барамца Ростовал, Краснодарал тIаьхьа йогIуш яра Соьлжа-ГIала. Цигахь болх беш яра 159 йоккха а, юккъера а  промышленни предприяти. Цара арахоьцуш долу сурсаташ ерриге а Ставропольски крайс кечдечул сов дара.

Нохчийчоьнан экономикин коьрта дакъош хилла дIахIиттинера мехкадаьттадаккхар, мехкадаьттачекхдаккхар, мехкадаьттан хими. Доккха маьIна долуш яра мехкадаьттадаккхаран оборудовани яран а, цунна ремонт яран а предприятеш. Иштта мехала яра машенаш  а, прибораш яран а, эчиг кечдаран а предприятеш.

Соьлжа-ГIалахь болх беш яра 3 лакхара , 9 юккъера дешаран заведенеш, 11 Iилманан-талламан институт. Цигахь Iамадора мехкадаьттадаккхаран хьокъехь дерг, иза чекхдаккхаран процессаш, гIишлошъяр, экономика, мехкан истори, этнографи.

1994-чу а, 1999-чу а бIешерашкахь хиллачу тIемаша хIаллакйира  Соьлжа-ГIала. Дерриге а юхаметтахIотто дийзира.

 

Б.ДУДАЕВА

№93, еара, 20 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: