Куьзга санна шера, дика дехкина долчу вайн некъашкахь хIора баттахь кхелхаш ду иттаннаш адамаш. Уьш дукхахберш кегийрхой бу. ХIора баттахь иттех стаг! Маьршачу хенахь вай гуманитарни бохамна тIедоьлхуш долуш санна ду иза! Ма-дарра дийца вай. Вовшашна юьхьадуьхьал а хьовсий, ваьшна хуьлуш долчуьнга ладогIа вай. Собаре волчу Сийлахь-Воккхачу АллахIа Шен лайшна кхоллараллина а, дикачу агIор хийцамаш барна а еллачу таронех муха пайдаоьцу вай? ХIун ду вайна ца тоьарг? Хьалха заманахь хилла ламкерстанийн кхетамаш болу нах вайн къоман истори сийсаз ечуьра, тIаьххьара а, маца совцур бу-техьа? Ткъа оцу хьалха дIадаханчохь кхечарна хетарг цаларар, ур-аттал иза нийса делахь а, гуттар а вайн бохамийн а, баланийн а коьрта бахьана дара.
Некъашкахь дукха адамаш кхалхар – иза «некъан бохам» аьлла, чекхболуш болу рогIера бохам хилла ца Iа. Иза шаьш бахьана долуш и бохам хиллачара шаьш санна болчарна хьалха дозаллаш дан хIума дац. Иза, ша цхьаннахьа а ваха сиха воццушехь, педала тIе ницкъ мел бу ког теIош волчунна таханлерчу дуьненахь а, кханалерчу эхартахь а шена луьра таIзар хир долу акхараллин доккха зулам ду! Машенийн болар марсадохучара чIогIа пайдехь йолчу цунах дуккха а адамаш дайъаран гIирс бо!
Ткъа бехкенаш бехказа бахар муха ду? Вахош долу малар а мелла я спайс а оьзна, цул тIаьхьа республикехула хьалхабовларехь къийсалуш, машенаш хоьхкуш болу зуламхой кIелхьара муха боху вай? Мичахь хоьхку цара машенаш? Республикин Куьйгалхочо вайна совгIатана деллачу, тайп-тайпанчу серлонашца лепачу, ангали санна шерачу некъашкахула хоьхку!
Цхьана а хIуманна бехк боцу адамаш тухий, дайъина охьа а дохкий, нагахь санна шаьш дийна дисахь, маларх басталой, шайгара даьллачух а кхетий, шайна догIучу хьакъ долчу таIзарх кIелхьарадовла гIерташ, массо а вовшахтухий, лела. Дукха хьолахь церан иза кхочуш а хуьлу. Ткъа вай, дист а ца хуьлуш, Iад хIунда Iа!? Цхьаболчеран дахар дIахьош, ткъа вукхаьргара эхь-бехк дIабоккхуш долчу оцу зуламна оьгIаз хIунда ца доьлху вай, массо а цхьаьна хIунда ца гIовтту вай!?
Бен а ца хеташ хиларца, ткъа цул тIаьхьа ца совцорца, таIзар ца дарца алсам хIунда боху вай вайн дахар къематан дийне дерзош болу нах!? Адамаш санна даха ца лаьа вайна? Вайн Куьйгалхочо Кадыров Рамзана собаре хиларе, вовшийн лараре, законаш лардаре беш болу кхайкхамаш лоруш доцу вай вешан дегнаш эхь дайначеран кешнашка дIадухкуш дац ткъа!? Сийлахь-Воккхачу АллахIан бекхамах кхоьруш дац вай!? Вай дац, кхана тIедогIучу дийнах ца тешаш, селхана тIеман цIергахь даьгнарш!? Дала Ша реза волчу новкъахь нисдойла вай! Дала вовшех дашар а лойла вайна!
Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр
№93, еара, 20 август, 2015 шо