Дуккха а баланаш лайна вайн къомо шен дахарехь. Муьлхха а тIенисъеллачу халонех, харцонех, къизаллех шайн сий лардеш чекхбийлина нохчийн зударий а. Вайн дай цIера баьхначу буьрсачу хенахь а оьздангалла ларъелла цаьрга. Оцу къизачу хенахь, муьлххачу а ненан дагахь хилла, шен доьзалхо кханенга муха воккхур вара-те боху ойла. Нохчийн къам цIадирзинчул тIаьхьа а лайна изза халонаш. Массеран а аьлча санна, боккха доьзал а хилла. ТIамехь хийла берийн да, хIаллакьхилла нанойн карахь дисина бераш. Хийла нанас шен могашаллин ойла а ца еш, шен куьйгашца хьанал къахьоьгуш кхиийна доьзал.
Иштта халонаш лайначарех ю Хьалха-Мартан районан ГIойтIахь ехаш йолу шийтта беран нана Довлеткириева Седа. Иза кхиъна Гихчу-кIотарарчу Iалин, Хамсатан доьзалехь. Оьздангалла, доьналла, гIиллакх лардар а, уьйрашца дог цIена хилар а, ненера схьадаьлла ду ала, мегар долуш ду Седин.
1970-чу шарахь 16 шо бен доцу Седа ГIойтIарчу ДовлеткириевгIеран нус хилира. Иштта жималлехь дуьйна а дика нус санна гIараяьллера иза юьртахь. Чохь цIаналла латтош, мардеца а, марненаца а сов оьзда йолуш, шена тIаьхьа ала вуон дош ца дитина цо цхьанна а.
Ша санна оьзда, гIиллакхе кхиийна цо шен бераш а. Ткъа уьш шийтта ду.
Боккхачу доьзална алсам эшаре терра, Волгограде даха-Iен дIадахара хIусамда Iаьрбий, Седий. Цигахь дуьнен т1е девлла цуьнан жимах долу ялх бер.
Дукха бераш хилар бахьана долуш, цигарчу Iедало машен а, мидал а, кхидолу кегий совгIаташ а дира цунна. Цигахь Седин хIусамда Iаьрби даьхни лелош вара, шен хIусамдеца цхьаьна дукха къахьегна Седас а.
ЦIеххьана доьзалан дена онкологи олу вуон цамгар а кхетта, Волгоградера шайн юьрта цIабирзира хIорш. Хууш ма-хиллара, вайн республикин бахархойн дахарехь хала зама яра и шераш. Белхаш бацара я биначунна а луш алапа дацара. Седас йохк-эцар лелош рицкъ доккхура.
Дукха хан ялале, 1994-чу шарахь, дIакхелхира дукха хенахь дуьйна цамгар токхуш волу доьзалан да. Боккха доьзал ненан карахь бисира. Хала мур бара иза цуьнан дахарехь, амма къизалле, харцоне дегнаш арт ца дойтуш, сонталлин йийсаре ца лоцуьйтуш, халкъе а, адамашка а, хьомечу махке а безам хиларан ойланца кхиийра нанас шен доьзал. «Седа хьуьнар долуш стаг хиларна, тхуна а доккха гIо хилла, – элира цуьнан кхино Раисас, – шина шарахь итт баттахь лазаро кIелвитина вадийна лелон дийзира тхан марваша. Цуьнгахь и хьал доллушехь, кхетта марда кхелхира. Хала зама яра аьлча, х1умма а цаалар хуьлу – тхо массо а зийра оцу замано. Ала деза, малх санна, хазанеха санна цIена, дика лелийра Седас шен берийн да. Иштта чIурамаш санна, къегина леладора бераш а. 20–25 метр тIийриг тIехь хьалаухкура цо цкъа йиттина церан бедарш. Массо а бер ламаз-мархица Iамийра. Нехан хIумане са ца тасийта, дика къонах санна, юкъ йихкина, шен доьзална гIаролехь лаьттина стаг ю Седа».
Цхьа а доьзалхо балхахь а воцуш, нанна Iедало лучу пенсех хене баьлла боккха доьзал цхьана юкъанна. ТIом хилар бахьана хила а тарло, Iедалера гIо ца кхочура царна. «Гуманитарни гIо-м хуьлура, – дагалоьцу Седас, – амма цунах тешна ца Iийна тхо. Делан къинхетамца хIокху хене девлла. Шен ницкъ кхочуш ден дола ца эшийтина девашас а, амма тхо йоккха «колхоз» ма яра, цкъа охьашевшича бежанан корта а бууш!».
Хаза доьзал бу Седин – 5 йоI, 7 кIант. (Ткъа церан а берийн бераш 33 ду!) Массо а школа чекх а яьккхина, деша я балха нисбина цо. Шайн нанна муьтIахь а, гIиллакхе а, оьзда а бу.
«И дерриге а Седех доьзна а ду, – тоьшалла дира цуьнан марвашас Iабдуллас, – дукха жима йолуш тхан декъа тIе яьлла а, тхоьца гIиллакхе, оьзда чекхъяьлла ю иза. Сан нанас йина цхьа йиша бен яц, шолгIаниг Седа ю. Тхойшинна юккъехь шерашкахь дукха хан яц, жимчохь дуьйна а тхойшиъ ши нийсархо, ши доттагI санна ду. ШолгIа шо бен дац тхан нана кхелхина (Дала декъалйойла иза). Цо олура: «Со дIаяьлча, Седа ю шуна шун нана». Тхуна иштта хеташ ю иза».
Воккхавийна а ца волу Iабдулла шен вешин берех: «Шишша метр хиллал догIмаш долуш, ворхI стаг ма кхиийна Седас, суна мел доккха гIуллакх дина цо. Мехкарий берриш а арабевлла, хаза шаьш бахханчохь мегаш, тарлуш Iаш бу. Иза а доккха г1уллакх хетта суна. Сан даима а баркалла долуш стаг ю-кх Седа, ас санна Дала лоьрийла иза». Иштта тоьшалла деш дукха марвежарий карор бац, амма «и сайн нус ю аьлла цхьа дош а ма ца боху ас, – аьлла юха а тоьшалла дира Iабдуллас, – цунна догIуш а, цо шен дахаран масаллица доккхуш а ду иштта дешнаш а, шега ларам а».
Бераш кегий долуш хало хиллехь а, хIинца Седел ирс долуш зуда ян а юй-те аьлла хета. ЧIогIа самукъане хуьлу цаьргахь шийтте а доьзалхо а, ткъе кхойтта берийн бер а вовшахкхетча. Шен несарий, шен йоIарий болуш санна, лору цо, чIогIа дукхабеза уьш, сий а до массеран.
Бакъду тахана а Седас сагатдо шен хIора а кIентан ков-керт а, дина цIа я квартира цахиларна. Царна массарна а Дала догIийтина рицкъ доллушехь, цо сагатдарх бехк буьллийла а дац – нана ю иза, амма Далла хьалха а, нахана хьалха а, шен доьзална хьалха а ша охIла ерриг кхочушдина, доьналла долуш зуда ю Седа.
Вайн нохчийн къоман дозалла ду иштта оьзда, доьналла долуш, хьуьнаре зударий хилар. Дала сий дойла-кх цуьнан а, церан массеран а.
ДУДАЕВА Разет
Авторан сурт