«Вайх дIакъаьсти цIена, майра, хьанал, похIме стаг», – элира хIетахь Россин Президента Путин Владимира Нохчийчоьнна а, дийнна Россина а хиллачу инзаречу бохаман дерриге а дуьне теш хиллачу дийнахь
Нохчийн къоман бакъволчу баьччанах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дуккха а дийцина, дийца дан а ду. Иза шех лаьцна хаддаза дийца хьакъ а ву. Шен Даймехкан ирсан, зовкхан дуьхьа, бIаьрнегIар ца тухуш, турпалаллица дахар дIаделира цо. Цундела иза халкъан дегнашкахь веха. ХIунда аьлча халкъана биц ца ло шен турпалхой.
ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь лаьттинчу къизаллех халкъ хьалха а даьккхина, мохк денбан волавелларг Ахьмад-Хьаьжа вара. Иза вара терроризмана, экстремизмана тIехь толам баьккхинарг, терроризман олалла дожийнарг, халкъана маршонан серло гайтинарг. Цундела халкъ цунах тийшира, цунна тIаьхьа хIоьттира, цунна муьтIахь хилира. Иза бIаьрла гайтира 2003-чу шеран 5-чу октябрехь Нохчийчохь дIабаьхьначу президентан харжамаша. 80 процент сов болчу харжамхоша шайн кхаьжнаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжигахьа тесира.
Оцу харжамашна тIера дIадоладелира Нохчийчоьнан керла дахар. Республикехь керла гIишлош ян йолийра, меттахIитто йолийра тIамо йохийна хIусамаш. ТIамах бевдда дIабаханарш цIа бахка буьйлабелира. Федеральни эскарийн совнаха долу дакъош Нохчийчуьра арадаха долийра. Шайн доьзалшна, Iедалан векалшна тIеэха, шайн бехкана къера хила буьйлабелира хьаннашкахула, лаьмнашкахула герзашца лелаш берш. Маьршачу дахаран беркате зIийдигаш яра уьш. И зIийдигаш ларъян, кхион езаш яра. Цу тIехь хьекъал а, собар а, доьналла а тоьира Ахьмад-Хьаьжин.
Цуьнца цхьаьна, машаран новкъа майрра гIулчаш яхарна гIо дора шен-шен хенахь пенсеш, белхан алапаш дIалуш хиларо, белхан меттигаш алсамйохуш хиларо. БIаьрзе воцчунна гуш бара и дика хийцамаш. Оцо адамийн дегнашкара сингаттам, гIайгIа дIаойъура.
Кхин цхьа мехала агIо а яра халкъо Ахьмад-Хьаьжехь билгалйоккхуш. Иза Iеламстаг вара. Делах кхоьруш, Далла дика Iамалъеш, хьарам, хьанал къастош вара. Дайн гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ кIорггера девзаш а, лардеш а вара.
Халкъан тоьлла кIентий ницкъах, доьналлех буьзначу хенахь дахарера цхьацца бахьанашца дIабахар кест-кеста нисло исторехь. Иштта, халкъана уггаре а оьшучу хенахь, цунах бIобоьллачу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа воцуш дисира нохчийн халкъ. Нохчийн халкъ ша лардинчу мостагIийн карах кхалхар хилира цуьнан, берриге а нохчийн дог Iовжош, церан синошна еза чов еш. Цхьана юкъана Iадийна дисира адамаш. Амма доьхна а, кхераделла а дацара. Къарделла-м муххале а.
…Со цецваьлла а ца волура Ахьмад-Хьаьжина шен халкъ дезарх, шен мохк безарх. Цул деза а, сийлахь а хIума дацара цуьнан. Вуьшта, адамаш а вуно чIогIа дукхадезаш вара иза. Цунна бен а дацара хьалха и стаг хIун лелош хилла бохург. Цунна коьрта дара тахана и стаг хIун лууш ву бохург. Стаг хIуманах тешо, цунна дика тIеIаткъам бан доккха хьуьнар, похIма долуш вара Ахьмад-Хьаьжа. И охIла воцуш хIума дан а дацара ала мегар ду. Адамийн ойла, хьежамаш хийца боккха ницкъ болуш вара А-Хь.Кадыров. Иза гучуделира боевикашца дIадаьхьначу дийцаршкахь 7 эзар боевик маьршачу дахаре юхаверзийра цо. Герз охьа а диллина, халкъехьа бевлира уьш. Царах дукхах берш тахана маршонна, халкъан синтемана гIаролехь лаьтташ бу.
Баьчча дIаваьлча, дукха хьолахь, юкъараллехь барт буху, Iедалехьа къийсамаш буьйлало. Воккхавевеш ду Ахьмад-Хьаьжа дIаваьлча халкъ кхин а чIогIа ваьштатаьIна, барт чIагIбина дIахIоьттина хилла хилар. Ден метта дIахIоьттинчу кIентан Рамзанан ницкъ, хьекъал тоьира Ахьмад-Хьаьжин команда ларъян, цунна гуонаха халкъ гулдан. Иза хьалха а волуш дIадахьа долийра Ахьмад-Хьаьжас долийна гIуллакхаш чекхдахар.
Нохчийн Республикехь дIабаьхьначу меттахIитторан белхаша дерриге а дуьне инзардаьккхира. ТIеман цхьа а лар йоцуш меттахIоттийна Гуьмсе, Аргун, Шела кхийолу гIаланаш а, ярташ а. Карарчу хенахь иттаннаш керла, исбаьхьа гIишлош ю Соьлжа-ГIалахь еш. Шен дас айъина машаран а, толаман а байракх сийлаллица хьалхахьа хьош ву цуьнан кIант, Нохчийчоьнан Куьйгалхо, халкъан тхьамда Кадыров Рамзан.
Ас дозалла до суо КадыровгIеран Ахьмад-Хьаьжин а, Рамзанан а командехь хиларх. Цара динчу, деш долчу даккхийчу гIуллакхашна юккъе сайн къинхьегаман хазна йилла аьтто хилла хилар.
Ахьмад-Хьаьжа вайца вац ца алало соьга. Иза веха вайн дегнашкахь. Цуьнан беркат хаало Нохчийчохь деш долчу дерриге а дикачу гIуллакхашца, тодеш я деш долчу хIора цIенца, урамца. Иштта хир ду даима а, нохчийн халкъ мел деха. ХIунда аьлча халкъо шайн турпалхой биц ца бо. Ткъа Ахьмад-Хьаьжа Халкъан турпалхо хилла ца Iаш бакъонца баьчча а вара. Дала декъал войла иза! Дала къобалдойла цуьнан гIазот!
О.Байсултанов, Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран заместитель
Зорбане кечдинарг – С.Хасанов.
№93, еара, 20 август, 2015 шо