Таиландан пачхьенехь Бангкокехь теракт яр бахьанехь 20 стаг кхелхина, чевнаш хиллачеран барам пхоьазза алсам бу. Кхелхинчарна а, чевнаш хиллачарна а юкъахь дукхахберш кхечу пачхьалкхера туристаш бу.
***
Чинан Iедало схьалецна Тяньцзинехь лелхарш хиллачу компанин куьйгалхой. Цара бакъо а йоцуш Iалашъеш хилла лелхаш йолу хIуманаш.
***
Нигерин къилбаседа-малхбалехь 150 гергга стаг велла «Боко-хьарам» гIеранан бехкана. Iедалан ницкъ ца кхочу оцу гIерана юккъера зуламхой хIаллакбан а, царах маьрша бахархой ларбан а.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранан куьйгалхоша кхерамаш туьйсу Хонкаран Президентана Р.Эрдоганна, герггарчу хенахь шаьш Истамбул схьайоккхур ю бохуш, дIахьедарш а до.
***
Мисарахь тIаьхьарчу шина-кхаа кIиранчохь цкъа а хилла йоцу йовхо хIоьттина. И бахьанехь бIе сов стаг кхелхина, бIеннаш адамаш больницашкахь дарбанаш лелош ду.
***
ТIаьхьарчу цхьана кIиранчохь Желтойчу кхаьчна 21 эзар мигрант. Царах дукхахберш Шемара а, Иракера а бу. Цу хьокъехь хаам бина ООН-н Кхерамазаллин Советехь.
***
ООН-н Генеральни Секретара Пан Ги Муна дIахьедина Украинин малхбалехь долчу хьолана ша сагатдеш хилар.
***
США-н дипломатийн служба къобалдеш ю Украинин Iедалан эскарша Донецкан республикехь болчу ополченцашна, гIаланашна а даккхий герзаш деттар.
***
ТIом бечохь дацара Украинин экономикин хьал. Оцу махкахь кIора баккхар хIокху шеран ворхI баттахь 53,2 процентана лахделла, шахташ дIакъовлуш ю.
***
Россин Президент В.Путин хIокху деношкахь ГIирмехь хилира. Кхаарин дийнахь цо кхеташо дIаяьхьира нуьцкъалчу структурийн векалшца.
***
В.Путина 170 шо кхачарца декъалбира оьрсийн географически юкъараллин декъашхой.
***
Россин а, Монголин а эскарийн «Селенга – 2015» Iамораш дIадуьйладелла шинарин дийнахь. Масех дийнахь цхьаьна гIуллакхаш дийр ду шина пачхьалкхан эскаргIуллакххоша.
***
Эльбрус ломахь вайна хилла Польшера ши турист, стомара велла карийна. Дахкарлахь, некъах тилла, 1инах вахана хилла и шиъ.
№93, еара, 20 август, 2015 шо