Нохчийн Республикин, Московски областан махлелоран-промышленни палаташа тIе куьйгаш яздина цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана. И барт бина Соьлжа-ГIалахь хиллачу регионашна юкъарчу махлелоран-экономически форумехь.
Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министран заместитела Бисаев Iийсас.
«Республикехь хаалуш ду макроэкономически коьрта гайтамаш кхиар. Республикехь бизнес лелоран таронаш алсамъяхарна биллина хьакъ боллу нормативно-бакъонийн бух. ТIеийцира предпринимателийн гIолацаран леррина долу законаш», – элира I.Бисаевс.
Цо дийцарехь, республикехь вовшахтоьхна хьалхейохуш йолу инвестицийн 57 проект. Уьш 200 млрд.сом мах болуш ю. Оцу проекташца билгалдеш ду лаккхара технологически производствош тойина карлаяхар а, керланаш яхкар а. Оцо таро хуьлуьйтур ю белхан керла 15 эзар гергга меттиг хилийта.
Московски областан бизнесменаша форумехь йовзийтира шайн проекташ. Цара гайтира юьртан бахам кхиоран тIейогIучу ханна йолу проекташ а, ткъа иштта «Дахаран дикалла» программа а.
С.БАТАЕВ,
Кечйина, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,
Правительствон пресс-службин хаамех пайда а оьцуш
№93, еара, 20 август, 2015 шо