Р.Кадыров хилира математикин школа ечохь

 Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилира Россин Президентан Путин Владимиран тIедилларца Соьлжа-ГIалахь леррина  йолу математикин школа ечохь.

Р.Кадыровн дIадолорца  школина  цIеяххана вевзаш  волчу Iилманчин, Нохчийн Республикин Iилманийн академи йиллархочун, цуьнан хьалхарчу президентан,  химин  Iилманийн докторан Ибрагимов Хьамзатан цIе  тиллина.

«Тахана ас сацам бина школина  дерриге а дуьненахь вевзаш  волчу Iилманчин, Нохчийн Республикин академи йиллархочун, цуьнан хьалхарчу президентан,  химин  Iилманийн докторан  Ибрагимов Хьамзатан цIе тилла. Иза воккха Iилманча, Нохчийчоьнан а, Россин а патриот вара. Цуьнан доьзало Даймахкана Iилманийн пхиъ доктор велла! Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас уггаре а халачу хенахь Ибрагимов Хьамзатна гIо дира Нохчийн Республикин Iилманийн академи  меттахIотторехь. Тахана вайца  вац  Хь.Ибрагимов. Амма цуьнан хаарш гIуллакх деш ду Даймахкана!», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хьаьжира еш йолчу школе, къамел дира схьайиллинчу конкурсан жамIашкахула оцу балха хIоттийначу   школин директорца Токашева Луизица.

Цара дийцира еш  йолчу школин Iалашонех а, маьIнех  а лаьцна, школин таронех  а,  цигахь доьшур долчу школахойх а, Iамор болчу математикех а, физикех а  лаьцна.

Республикехь хьалхара леррина йолу  математикин школа 720 дешархочунна  лерина ю. Уггаре а кхузаманахьлерчу технически а, дешаран а гIирсашца  кечйина хир ю иза. Школехь берашна хьоьхуш хир бу цIеяххана  бевзаш болу математикаш а, физикаш а, Iилманчаш а, ткъа иштта вузаш чекхъяьхна болу похIма  долу, тоьлашха болу  къона  говазанчаш а.

И.ДИКАЕВ 

 №93, еара, 20 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: