Дийцаре дира литература кхиоран гIуллакхаш

Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Президентан В.Путинан дIадолорца 2015-гIа шо Россехь Литературин шо аьлла, дIакхайкхийна ду. Оцу декъехь дуккха а гIуллакхаш дина вайн республикехь а: керла книгаш йовзийтарш, яздархошца цхьаьнакхетарш, ешархойн конференцеш, иштта кхин а. Карарчу хенахь дIахьош ду Литературин шо дерзорна леринчу гIуллакхана кечам бар. Цига кхайкха лерина Россин ерриге а регионашкара бевзаш болу яздархой, культурин г1уллакххой. Цуьнца а, ткъа иштта нохчийн литература кхиорца а доьзна гIуллакхаш дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председательца Ибрагимов Кантица хиллачу цхьаьнакхетарехь.21

– Россехь Литературин шо дерзоран гIуллакх а, Нохчийн Республикин яздархойн союзан 85 шо кхачар а хьакъ доллучу тIегIан тIехь билгалдаккхарна оьшуш дерг дерриге а дийр ду вай, – элира республикин Куьйгалхочо. Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин Парламентан Председательна Даудов Мохьмадна тIедиллира оцу гIуллакхашна леринчу вовшахтохараллин комитетана тIехь куьйгалла дар. Р.Кадыровс иштта билгалдаьккхира гоьваьллачу художникан П.Захаровн 200 шо кхачарна (2016-чу шарахь хир ду иза) леринчу даздаршна хIинццехь кечамаш бар  дIадоло дезаш хилар. «Нохчийн мотт бийцарх а, со нохчи ву бахарх  а, хуьлуш вац нохчи. Шен сица, дагца, ойланашца, шен гIуллакхашца гайта деза къонахчо ша нохчи хилар. Деца-ненаца а воцуш, Даймахкана генахь кхиъначу нохчийн кIантах дуьненна а вевзаш художник хилар а, цо ша нохчи хилар диц ца дар а вайн кегийрхошна дика масал ду, цундела вай, цхьа цIархазмана а доцуш, хьакъ ма-дду билгалдаккха деза П.Захаровн 200 шо кхачар», – элира Р.Кадыровс. Ибрагимов Кантас баркаллица билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Яздархойн союзан хьашташ шен тергонехь латтош хилар. «Россин  цхьа а регион яц, вайн республикехь санна, яздархойн терго еш, кхоллараллин балхана иштта таронаш йолуш, ахь тхан гIолацар ду иза, Дела реза хуьлда хьуна», – бохура К.Ибрагимовс.

Хь.АБАЕВ

 №93, еара, 20 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: