Законаш талхош берш совцо беза

ХIокху тIаьхьарчу хенахь республикин некъашкахь бохамаш хилар алсамдаларца доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалло а, бакъонаш ларъяран органийн белхахоша а дан тарлуш дерг дерриге а до и авареш цахилийтарна, адамаш кхалхар а, лазор а дIадаккхарна. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъонаш ларъяран органашна т1едиллина автомашенийн шоферша некъашкахь дIасалеларан бакъонаш талхор йоццачу хенахь дIадаккхар, шоферш д1асалеларан низам дан ма-дезза кхочушдаре кхачар.

Оцу мехалчу гIуллакхана лерина дара хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан республикин МВД-н «Грозный» ДПС-н леррина йолчу батальонан лични составаца хилла цхьаьнакхетар. Дийцаре дира некъашкахь дIасалеларна кхерам цахилийтарна а, бакъонаш ларъеш болчарна материально-технически кхачояран а гIуллакхаш.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира леррина йолчу батальонан белхахой само йолуш хилар бахьана долуш республикин некъашкахь дIасалеларан  бакъонаш талхор лахделла хилар.

«Нохчийчоьнан бахархошна хIинца го оцу декъехь хьал толуш хилар. Амма законаш талхош берш меттабалорхьама хIинца а дуккха а болх бан беза. Вайн цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа дежурстве араер ю шовзткъа гергга экипаж. Цара болх бийр бу Соьлжа-ГIалин ерриге а районашкахь», – билгалдаьккхира цо.

Республикин Куьйгалхочо иштта дийцира некъашкахь шена гина хьал.

«Оршотдийнахь со лийлира Соьлжа-ГIалин урамашкахула. Дукхах болчу шоферша ларйо некъашкахь дIасалеларан бакъонаш. Амма цхьаццаберш лела а гIерташ харцахьа лела, некъашна тIехь йина билгалонаш ца ларйо, йогуш йолу светофоран цIе билгало а ца лоьруш, дIабоьлху. Уьш нисбан беза, хIунда аьлча  цхьаммо бакъонаш талхийча а, баккхий бохамаш хила тарло», – элира Р.Кадыровс.

Ала деза хIокху тIаьхьарчу хенахь некъийн боламан инспекторша ерриге а республикехь болх чIагIбина хилар. Нохчийн Республикин МВД-н УГИБДД-н хьаькама Делимханов Шамхана бечу хаамца, 2015-чу шеран 10-чу августера 17-чу августе кхаччалц болчу муьрехь республикин МВД-н ГИБДД-н дакъойн белхахоша саца а йина, гIуданан майдана дIайигна 4801 автомашен, хIоттийна административни 6683 материал.

 

С.ЛАЛАЕВ

№93, еара, 20 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: