Школаш дешаран керлачу шарна кийча хир ю

Вайн республикин куьйгалло хаддаза боккха тидам тIебохуьйту къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорна, иза къоман хьашташца а, дезаршца а цхьаьнайогIуш хилийтарна. Цунна оьшуш ду кегийрхой дешна, дуьненан Iилманаш девзаш хилар. Ткъа цаьрга дешийтарна оьшу дерриге а хьелаш кхуллу республикехь. Школахойн дешаран керла шо дIадолоран хьолех дозуш хир ду цара кхидIа а дешар Iамор.

Оцу гIуллакхна лерина яСнимокра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьна кхеташо. Цигахь дийцаре дира юкъарадешаран учрежденеш дешаран тIедогIучу шарна кечъяран хьокъехь долу гIуллакх.

Кхеташонехь иштта дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас, районийн, дешаран департаментийн куьйгалхоша.

Р.Кадыровна довза лиира дешаран учрежденеш дешаран керлачу шарна кечъяр талларна леррина вовшахтоьхначу тобанан белхан жамIаш.

Бинчу белхан хьокъехь доклад еш, къамел дира И.Кадыровс. Цо билгалдаьккхира талларна республикин муниципальни ерриге а 15 районан а, гIаланийн 2 округан а юкъарадешаран ерриге а учрежденеш юкъаоьзна хилла хилар.

«Таллам дIахьош, билгалделира школийн гIишлош а, чоьнаш а коьртачу декъана дикачу хьолехь хилар. Йовхо яларан системаш 1аьнан ханна кийча ю. Объекташ хица кхачояран, канализацин системашца а, хи дIадахаран гIирсашца а кхачо йина ю. И гIирсаш юкъараллин гIишлошка болчу лехамашца цхьаьнабогIуш бу», – элира цо.

И.Кадыровс кхитIе билгалдаьккхира цхьамогIа юкъарадешаран учрежденешкахь кхачамбацарш карийна хилар. «Масала, цхьайолчу школашкахь тергонан системаш ледара болх беш ю. Цхьаццайолчу школашкахь тоьаш бац спортан гIирсаш. Дийнна схьаэцча, сихха капитальни ремонт ян езаш ю республикера 38 школа», – элира цо.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира долуш долу дерриге а кхачамбацарш 24-гIа август кхачале дIадаха дезаш хилар.

«Республикера ерриге а юкъарадешаран школаш 24-гIа август кхачале тIедогIучу дешаран керлачу шарна кийча хила декхарийлахь ю. Цуьнга хьашт долуш хила декхарийлахь ву кхачамбацарш долу школа йолчу хIора юьртара гIуллакхера стаг. ХIокху герггарчу деношкахь вай дIахьур ю шуна хьалхахIиттийна долу декхарш кхочушдар талларна лерина йолу кхеташо», – билгалдаьккхира цо.

Р.Кадыровс иштта билгалдаьккхира тIейогIучу хенахь берийн хиндерг церан дешаран барамах дозуш хилар.

«Вайна хьалхалаьтташ ду вайн кегийрхойн дика дешарна таро хилийтарна дан тарлуш дерг дерриге а даран декхар. Цунах дозуш ду вайн берийн хиндерг. ДIадевллачу шерашкахь вай дуккха а гIуллакхаш дина дешаран дикалла лакхаяккхарна. Иттаннаш школаш йина, дIадаьккхина дешаран литература цатоар. Амма кхочушдинчух тоам бина Iен йиш яц вайн. Республикин дешаран учрежденешкахь къастоза долу гIуллакхаш, кхачамбацарш хила декхар дац», – элира Р.Кадыровс.

Билгалдаккха деза, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствон хаамца, таханлерчу денна республикехь болх беш юкъарадешаран 450 школа хилар. Цигахь доьшуш ву 237812 дешархо. Республикехь 2015–2016-чуй дешаран шарахь хьалхарчу классе дIаязван билгалвеш ву 30940 дешархо, иза дIадаханчу шарахь хиллачул 814 дешархочунна алсам хуьлу.

М.МАЛАЕВ,

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон

 пресс-службин материалех пайда а оьцуш.

№93,еара, 20 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: