Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 64 шо кхачарна лерина цхьамогIа спортан къийсадаларш дIахьош ду Нохчийчохь. Цу къийсадаларийн декъехь вовшахтоьхна яра кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьна КъилбаседаКавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран шахматашкахула йолу турнир.
Къилбаседа Кавказан ворхI регионерчу 9 шарера 70 шаре кхаччалц хенаш йолчу 85 шахматиста дакъалецира турнирехь. Къийсадаларш кхаа категорехь дIадаьхьира: кегийчу нахана, зударшна, ветеранашна юкъахь. Цул сов, юкъара зачет а хилира.
Кегийчу нахана юкъахь толам баьккхира Пятигорскерчу Рыжков Даниила, шолгIа меттиг яьккхира соьлжагIалахочо Бимиев Ахьмада. Иштта, кхоалгIачу меттехь вара Соьлжа-ГIалара Саидов Билухьаьжа. Зударшна юкъахь туьйлира Ставрополера Тумилова Елена. ШолгIачу а, кхоалгIачу а меттигашкахь яра Ессентукера Быкова Анастасия а, Соьлжа-ГIалара Лингур Залина а. Ткъа баккхийчу шахматисташлахь хьалхарчу меттехь вара Ставрополан вахархо Еремин Михаил, шолгIачу меттехь – Нальчикера Кармов Нажмуди, кхоалгIа – Махачкалара Хазбулатов Ахьмад. Къийсадаларийн юкъарчу жамIашца турниран коьрта толамхо велира Георгиевскера Габриэлян Артур, шолгIачу меттехь вара Нальчикера Козак Александр, ткъа кхоалгIа – Невинномысскан вахархо Текеев Заур.
Республикин шахматийн клубан директора Яндарбиев Руслана билгал ма-даккхара, турниран совгIатийн юкъара фонд 300 эзар соьман барамехь яра. Цул сов, ахчанца доцуш, кубкашца а, грамоташца а совгIаташ дира турниран толамхошна.
Билгалъяьккхина турнир Къилбаседа Кавказан федеральни округан шахматашкахула йолчу Кубкан кхоалгIа этап яра. Цигахь билгалбевллачу финалистийн Къилбаседа Кавказан тоьллачу шахматистан цIе къовса езар ю. Къийсадаларийн финал дIахьур ю кху шеран 18-20-чуй сентябрехь Соьлжа-ГIалахь.
Иштта, республикин пачхьенехь дIайолаелла Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина, «А» классан боксехула йолу дуьненаюкъара VII-гIа турнир. ДегIан йозаллин 10 категорехь тоьллачийн цIе къовсуш бу Россин тайп-тайпанчу регионашкара, Германера, Хонкарара, Литвара, Узбекистанера, Казахстанера, Эрмалойчуьра, Азербайджанера, Белоруссера, Украинера спортсменаш. Къийсадаларшкахь дакъалоцург верриге а 106 боксер ву. ДегIан йозаллин ерриге категорешкахь дакъалоцур ду нохчийн спорсменаша.
Билгалдаьхнарш доцурш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина республикин шахьаршкахь, ярташкахь спортан кхидолу къийсадаларш а ду кху деношкахь дIахьош.
А.ВАХАЕВА
№94, пIераска, 21 август, 2015 шо