Дахарехь тIенисбеллачу хиламаша (уьш дика я вуон хила тарло) дуьненан цхьацца маьIIехула дIасакхуьйсу адамаш. Дуьненан кхечу маьIIехь гергара стаг караво – цIийца я сица гергарниг. Иштта кхоьллина Дала адамаш. ХIора а шатайпана. Амма амалш, ойланаш, дуьнене хьежар цхьаьнадогIурш а хуьлу дукха. Уьш дукха хьолахь вовшах а кхета дахарехь, доттагIий, накъостий, безарш я гергарнаш хуьлий. Цхьадолу адам хуьлу даго тIе ца оьцуш, ткъа цхьаволу стаг схьа ма-гиннехь хаало цуьнца долу сингергарло. Ишттачу гергарлонех цхьаъ дийца йоллу со тахана…
Дуьненан кхечу маьIIехь-м ца нисъеллера со, делахь а, бераш цомгаш хилар бахьанехь цIера яла дийзира. Цхьа кIира хан яра Соьлжа-ГIалин цхьана больницехь яккха езарг. Больницехь вуно ледара хьал карийна, гIайгIане яьллачу соьца цхьана чохь нисъеллера харцахьара лелаш кхо кIант волу цхьа зуда. Чохь догIуш хи доцуш, хьокхуш нуй-горгам доцуш йолчу палати чохь вуон лелачу кхаа кIанта гIад-амал дайъинера. Цхьа де хала-атта чекхделира. ШолгIачу дийнахь луларчу палати чуьра ши меттиг мукъаяьлла хилар хиира суна. Оцу чохь йолчу жимачу зудчо (сан холча хIоттар гуш) ша йолчу схьайола элира. Эсала юьхь-сибат, доггаха елакъажар долу ПетIамат даго тIе ца эца-м йиш яцара. Цуьнга дуьххьара дIа ма-хьаьжжина гуш яра цуьнан догцIеналла. ПетIамат а яра, со санна, шен ши бер цомгаш хилла, царна дарба лело еана. Девзинчу минотехь дуьйна гергарло тасаделира тхан. Берийн а самукъадолура цхьаьна. Ма-дарра аьлча, ПетIамат ша цхьа йоккха миска яра. ХIетте а, ша больници чуьра араяьлла, юха чуйогIучу хенахь, берашна цхьацца совгIат ца дохьуш ца йогIура. ЦIена хиларца, гIиллакхца къаьсташ яра. Масех гIат тIе хьалакхехьа дезаш долу хи дан йоьдура, юха горгамаш хьокхучарна гIо дора.
Цхьацца къамелаш деш Iаш, хьуна Къуръан деша хаьий аьлла, хаьттира ПетIамата. Ас и чIагIдеш жоп делча, суна а ма хаьа, элира цо. «ТIехьаьжча со «иштта» яцахь а (ша хиджаб йоьхна цахилар дара цо дуьйцург, бакъду, духарца, леларца оьзда зуда яра иза), бусалба динна чIогIа тIегIерташ ю хьуна со, жимчохь дуьйна Къуръан Iамийна а ю», – элира цо. «Къуръан дуй хьан?» – хаьттира ПетIамата, – соьгахь мел дукха хаза Къуръанаш дара хаьий хьуна, массарна дIасадекъна ас. Цхьаъ ду соьгахь дисина: Къуръан доьшучу конкурсехь ас хьалхара меттиг яьккхича, вайн республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас делларг. Иза хьуна лур ду ас вайшиннан тасаделла гергарло беркате хилийта». Эхь хетта, ас «ца оьшу» бахарх гIуллакх ца хилира, бакъду, иштта олучохь а яцара со, цу тайпа деза совгIат сайна лур ду аьлла, самукъадаьлла йолу. Чохь-м долуш дара ши Къуръан: цхьаъ со йинчу шарахь дедас ХьаьжцIера деана хилларг, шолгIа – ас сайна дуьххьара эцнарг а. Бакъду, ПетIаматан совгIат шатайпана деза дара. Оццул шена дукхадезаш, ша лелийна долу, Ахьмад-Хьаьжас делла Къуръан сайна цо далар цкъа а дицлур дац суна. ХIетахь, кхин хедар доцу, дезачу совгIато чIагIдина долу гергарло тасаделира тхуна юккъехь.
А.ХАСБУЛАТОВА
№94, пIераска, 21 август, 2015 шо