Оьздачу гIиллакхашца еха

Альдибирова

Дагестанерчу ГIумхара Мисидес уггаре а ирчачу гIенаха а тIедуьтур дацара, дукха хьоме кхиош йолу, шен цхьаъ бен йоцу  жима Ровзат, шайн юьртара ара а яьлла, генарчу Хоси-юьрта яха гIур ю бохург. ХIусамдас бохург цадинарг ца хила, дуьхьало ца еш, йоI ара а ялийтина, дехха ялх шо даьккхира цо йоI цIайогIург хиларх дог ца дуьллуш, Iаьржа духар ца хуьйцуш. Делан йоза дуохо йиш йоцийла хуучо дас, Iабдул-Iазима эххар а элира: «ЙоI, хьан нанас лелориг хьаштдоцург ду хьуна. Хьенехан йоI ю дIа-а эвлайистехь йоьхна йогIуш нахе ца алийта, хьо елла яхьаш ю алийта реза хир ву со».

  Оцул тІахьа долчу дерриге а дахарехь и дешнаш тоьира Ровзатна…                                                                 Iаьндин махкарчу ГIумхара сарахьуо арабевллачу замошна Къоьзан Iоман йисте кхочуш маьркIажа хан хилира. Кира лелочу машен тIехь далочу пхийтта шо долчу нускалан чIогIа са хьаьвзира – ламаз хан туьлуш яра, ткъа замой «ма-йоьдду» боьлхуш бара. Шен ворхI шо а кхачале тIелаьцначу Делан декхарна цкъа а хамталла йина йоцучу Ровзата, «нускал далон» еанчуьнга элира, вай совцахьара, ламаз дийр ма дара ша, аьлла. Мел реза хилла кхочушбира замоша нускалан лаам, мел езаш тIеийцира иза хосиюьртахоша! АльдибировгIеран цхьаъ бен воцчу кIанте Юсупе еана жимачу дегIахь йолу Ровзат, юьртан а нус хиларе терра, массеран а тергамехь яра. КIезиг бацара хIусамнанна тIехь Юсупна ирс карийна аьлла хетарш а. Цхьа йоккха зуда йолуш санна, дукха хан ялале, хазачу гIиллакхца гIараелира иза юьртахь. «Нохчийн мотт ца хаьара суна, – дагалоьцу и хан Ровзата,­ – амма со тIееанчу нахах таръяла, цаьрца мага, царна суо дикачу агIор йовзийта болу лаам боккха хиларна, мотт а сиха Iемира. Ткъа гIиллакхаш – воккхачуьнга лерам хилалаш, цуьнан некъ ма хадабелаш, хьешан гIуллакх ледара ма диталаш, сов тидам боккхуш стагана юьхьдуьхьал ма хьажалаш, мохь бахьаш вогIучунна  гIо делаш, хазачу гIиллакхо Iуьргара лаьхьа баьккхина, олуш ду шуна, нах безалаш, гIиллакхаш хаза хилалаш, – иштта кхетадора тхо, Дала декъалбойла уьш, тхан дас-нанас. Ткъа даьхни лелор, бошмаш лелор, чуьра-арара гIуллакх дар, кога ирахIоьттичхьана а нене нийсса дина яра со».

Хосиюьртахойн тоьшаллица, ша мел сиха хиларх, некъа вогIург мел жима хиларх, цхьана а юьртахочун некъ хадийна а, мел хийрачун цIе яьккхина а яц Ровзат. «Церан чуьра хьал дика хуучех ву со, – дийцира Ровзатан доьзалан гергарчу стага, юьртахочо Кадыров Хожа-Ахьмада, – бераллехь дуьйна а Юсуп, сой ши доттагІа хилла. Къоналлехь хийлазза а церан буьйсанаш яйинчех а ву со. Амма мел хан йоцу хан хиларх, ганза шо даьлча санна, хьаьвзий, тхуна хьалха хийла кхача хIоттийна стаг ю Ровзат. Дахарехь ас хийла тидина а, сайн хьехамашкахь ас хийлазза билгалдаьккхина а ду – хIусаме стаг воуьйтург а, стаг къахкориг а хIусамнана хилар. Иза кIоршаме, чу богIу нах ца безаш хилча, чувоьдург хеда. Ткъа Ровзат, тIекаре хаза йолуш, гIиллакхах йоьхна цхьа мисхал шех хIума ца долуьйтуш, чекхъяьлла ю».

Шен дахарх лаьцна дийцар шега дехча, Ровзата боху: «Муьлххачу а стеган дика-волла а, цуьнан гIиллакх-гIуллакх а юха ца доьрзуш ца дуьсу.  Дикачу нахана тIеяре терра хилла сан дахар. Тахана а, суна эхь хоьтуьйтуш, сан бежанан некъ ма ца хадабо хосиюьртахоша! Дела реза хуьлда царна».

Шо-шаренга мел долу а доьзалш тIекхета буьйлабелира АльдибировгIеран, амма дуьххьарлерниг а, шолгIаниг а, кхоалгIаниг а, йоьалгIаниг а зудабераш дара. Цхьаъ бен воцчу Юсупан доьзалехь кIанте сатесна хилар бехке дацара.

Бакъду АльдибировгIеран доьзале пхоьалгIа бер-кIант веача, ерриге а юьртана а хазахетар хилира. Цунна Рамзан аьлла цIе а туьллуш, массеран хазахетар доькъуш, говраш хахкийтира ден доттагIчо Кадыров Хожа-Ахьмада. «Рамзанан техкийна ага эрна ца хилла, – билгалдаьккхира къаночо, – дика кIант а, нахаца тарвала хууш а, дешна а, шен белхан лаккхара говзалла йолуш, хаза болх беш а, хIинца Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь балхахь а,  подполковникан чинехь а ву иза. Иштта ду вуьйш бераш а. Тхан эвларчу нахехь ю Ровзатан еа йоI, несарий а бу кхузара. Шен доьзалехь бартан бух латтош, дихкина  недаргIаш санна, уьш вовшех боьзна  латтош ерг Ровзат ю».                                                                                                                                                                         Рамзанал тIаьхьа веара Шемал а, Роман а. Дахарехь ма-хиллара, сихха даккхий хилира бераш. «Дешарца, дечу гIуллакхца, вовшашца, нийсархошца йолчу юкъаметтигашца шайн дена а, суна а  сингаттам ца латтош, кхуьура хIорш, – дагалоьцу Ровзата, –  чохь доьзалца а, арахь нахаца а чIогIа лераме волчу шайн дех масал оьцуш, цхьана а вуочу хIуманца – озарца, маларца, харцахьа хиларца гIуллакх доцуш  кхиъначу царах юьхькIам бу тхуна. Уьш вуон а хилла – кхечу махкара, кхечу юьртара еанчу кху зудчух кхин хIун дика болх бер бара ала, сайн юьртахошна меттиг цахиларна, йоккхае со. Стагехь яхь хила еза. Яхь хила еза шен деца-ненаца, йиш-вешица, нийсархошца. Амма Дала лардойла вай хьагIах».

Дуккха а шерашкахь шайн юьртарчу «Искра» совхозехь тонка, хьаьжкIаш лелош болх бина Ровзата. Циггахь 27 шарахь тракторист вара Юсуп а. Амма чоь юьззинчу доьзална чIана латтол ца хуьлура цигара рицкъа, цундела йохк-эцар лелор а марзделира кхарна. «Вагон деши хирг хиларх, аьшпаш боьттина, рицкъ гулдийр дацара вайн кертахь, – боху Ровзата. – Цкъа харцдерг дийцина, и шардан кхин а, кхин а пуьташ буьттучул, бакъдерг дийцар тоьлу, – олура тхан нанас, иза нийса карийна суна а сайн дахарехь. Цунна реза хилла вайн доьзалехь а. ХIинца белхашкахь белахь а, шерашкахь рейсашкахь бара вайн доьзалш. Мукъа хан ца хилла церан. Къахьегна, хьанал рицкъана баьцна». Тахана баккхий хиллачу АльдибировгIеран доьзалан коьртачу мехаллех ю, мел къаьхьа делахь а – бакъдерг дийцар.

50 шо кхоччуш доллу Ровзат хосиюьртахо йолу. Царах 39 шо Юсупца цхьаьна а, хIара итт шо и воцуш а ехаш ю иза. «Ван вахана и волуш санна, цо муха дийр дара, цо хIун эр дара, и реза хир вара, вацара бохург, дех «дагадовлар», тахана а коьрта ду тхуна, – боху Ровзата, – хIокху дахаран коьрта лехамаш – Делах тешар, ийман хилар, яхь, лерам, гIиллакх, собар. Уьш дацахь, цхьа рицкъ бахьанехь вовшахкхетта адамаш-м хир ду, амма доьзал-м хир бац».

Де-дийне мел дели а стамлуш бу Юсупан а, Ровзатан а доьзал. Кхеран ворхI беран 29 бер а, церан кхин итт а ду кхуьуш. Кху шиннан беркатах 46 адам ду дуьнентIехь дехаш. Д1абахнарш а, схьабаьхкинарш а бу. «Цкъа а марнана ю аьлла дага а ца даийтина мамас тхуна, – тоьшалла дира цуьнан несо Нурседас, – тхоьца а яхь ю цуьнан. Шен дахарехь дукха къахьегна, хIинца паргIат хила а мегар ду аьлла ца Iаш, даьхни кхобуш, беш лелош йоллу иза. Ткъа гIиллакхаш мел хаза ду цуьнан, шен кIант чоьхьаваьлча а хьалагIотту! Тхо цунах Iемина а ца довлу. ХIара ишта, вуьшта хила деза бохуш, эрна ца дуьйцу цо, амма шен леларца гойту. Кхушара, ша а ца йоьдуш, тхо, ши нус ХьаьжцIа яхийтира мамас: «Шу даха а, доьзал кхион а дезаш ду. Шуна довза деза дерриге а», – аьлла. Цунна  са а кхоор дацара оха, иштта башха лераме юкъаметтиг латтайо цо тхуна юккъехь а. Дала яхайойла иза тхуна».

Схьахетарехь, несера и дешнаш хаза а ваха везара кху дуьнентIехь!

«Шен даге хьажа веза стаг, – боху Ровзата, – кхин гена кховда а ца оьшу, шена деззарг дезийла хаьа деза кхечунна а. Сан вуон несарий бан а бац!».

Вайн гIуллакхийн мах хадош и АллахI Дела хилар хууш ду, гIа-бецо а чIир ца йитина, олу-кх вай. Шен дикаллех, оьздачу гIиллакхех терра доьзал кхиъна, Дала дика дина зуда ю Ровзат. Iуьйранна балха дIабахале а, суьйранна чу баьхкича а, цуьнгара хьал-де хаа богIу цуьнан кIентий, мел сиха бахкахь а, дийнахь цкъа-шозза цуьнан аз хаза телефон а туху. «ХIорш цхьа тамашийна вовшашна тIера йиш-ваша а, доьзал а бу, – дийцира кхеран гергарчу зудчо Лорсанова Тамарас а, – вовшашца чIогIа барт болуш, вовшийн лоруш, ненаца, вовшашца, нахаца оьздангаллица, лерамца, гIиллакхца гIарабевлла, шайца балхахь болчарна а, шаьш бевзаш-безачарна а масал хилла деха, дика адамаш ду хIорш. И дерриге а ненах доьзна хилар цхьа а шеко яц».

Кадыров Хожа-Ахьмада шен юьртахочун Альдибирова Ровзатан гIиллакхийн мах хадош тIечIагIдира: «Цуьнга нийсса ца хиллехь, Ровзатера гIиллакх доккхур долуш зударий кІезиг баьхна тхан юьртахь цул хьалха а, хIинца а. Нохчийн къома юккъехь, сийлаллица цIе яккха йиш йолчу оьздачу зударийн могIарехь ю Ровзат. Мел хастаме дешнаш цунна аларх, дукха хир дац».

Т.САРАЛИЕВА

Сурта тІехь: Альдибирова  Р. (лакхарчу  мог1арехь   аьтту  аг1ор   кхоалг1аниг) шен  доьзалца

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: