Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах сийлаллин меттигаш


Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» маьждиг.

1

Кхин чIогIа хила йиш йоцуш боккха кхаъ бара Нохчийчоьнан бахархошна шайн махкахь цу тайпа доккха, хаза, исбаьхьа маьждиг схьаделлар. 2008-чу шеран 17-чу октябрехь схьадиллина долу иза дуьненан уггаре а доккхачу маьждигех цхьаъ ду. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн весет кхочушдеш а, цуьнан цIарах а дина ду республикин уггаре а сийлахь меттиг хилла дIахIоьттина   «Нохчийчоьнан дог» цIе йолу маьждиг.

Москван Къилба-Малхбузен административни округехь болу цхьа урам.

2

2004-чу шеран 17-чу августехь тиллина оцу урамна  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе. Цу тайпа ураман цIе хийцар Москвахь хIетталц хилла дацара, хIунда аьлча гIалин законна дуьхьала дара иза – Москварчу урамашна гIарабевллачу нехан цIерш тахка мегаш дац, и  стаг кхелхина итт шо хан яьлча бен. Цу шеран 23-чу августехь официально тIечIагIдира ураман цIе хийцар. Цул тIаьхьа, 2010-чу шеран 19-чу сентябрехь оццу урамехь А.-Хь.Кадыровн сийнна Мемориалан паркан комплекс а схьайиллира.

«Ахмат Кадыров» хикема.

3

И цIе тиллина Ростован областехь екъа хIуманаш дIасакхоьхьучу уггаре а даккхийчу хикеманех цхьанна. 2007-чу шеран августехь ростовхойн дIадолорца елла цунна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан цIе. Хикеманан йохалла 140 метр ю, 6 эзар тонна кира дIасадахьало цу тIехь. Цуьнан кают-компанехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина мемориалан «маьIиг» ю. 2007-чу шеран 30-чу августехь «Ахмат Кадыров» хикема дуьххьара новкъа даккхарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, кхиболчу официальни наха а

«Сийлаллин аллей» музей а, мемориалан комплекс а. 

4Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана А.-Хь.Кадыровна а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхарна а лерина йолу мемориалан комплекс а, Ахьмад-Хьаьжин цIарах исбаьхьа музей а Соьлжа-ГIали юккъехь, Маяковскийн урамехь ю. 2009-чу шарахь ян йолийна а, 2010-чу шеран 8-чу майхь (Толаман 65 шо кхочуш) схьайиллина а ю комплекс. Цо дIалоцург 5 гектар меттиг ю. Комплексехь коьрта меттиг дIалоцу музей дуьненан архитектурин тоьллачу объекташца шен хазаллица а, исбаьхьаллица а къовсалур йолуш ю.

Израилехь урам а, маьждиг а.

5

2011-чу шарахь Израилерчу Иерусалимна уллехь йолчу Абу-Гош гIалин Iедало сацам бира шайн шахьаран цхьана урамна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тилла. И дIадолор Абу-Гошан бахархошкара схьадогIуш дара. ХIунда аьлча, церан дай пхи бIе шо хьалха Нохчийчуьра Израиле хьижрат дина бу. Цундела, шаьш схьадевллачу меттигца хаьдда йолу уьйраш юхавовшахтосуш, цу тайпа гIуллакх дан дагалаьцнера цара. ХIеттахь сацам хилира Абу-Гошехь деш долчу маьждигна а Ахьмад-Хьаьжин цIе тилла. И маьждиг 2014-чу шеран март баттахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, схьадиллира.

Соьлжа-ГIалара Къоман культурин парк.

6

8 гектар латта дIалоцуш йолу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йоккха парк схьайиллира 2012-чу шеран 5-чу октябрехь. Тайп-тайпана акхарой долу зоопарк, берашна а, баккхийчарна а лерина аттракционаш, яккхий фонтанаш, даздарийн зал, «Дайн кхерч», «Аквариум» ресторанаш, аьхкенан кафеш, самукъадаккхаран кхузаманан кхин дуккха а объекташ ю паркехь. Карарчу хенахь соьлжагIалахойн хилла ца Iаш, ерриге Нохчийчоьнан а  бахархойн самукъадаккхаран-садаIаран коьрта меттиг хилла дIахIоьттина Къоман культурин парк.

№94, 21 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: