Сан некъ
Дарж дезаш цкъа а ца хилла,
Хьанал а, хьарам а хиъна,
Цхьанна а ца дина хIилла,
Нахана диканиг лиъна.
Даймахка боьссича бала,
Архаш ас сайн каралаьцна.
Дийзира сан хьалха вала,
Iалашо машар а лаьцна.
Евзира цу новкъахь харцо.
МостагIийн къизалла гира.
Заманан йилбазан дарцо
Дилха-дог ша санна дира…
Делахь а, суна ницкъ лора
Вайн Дуьне кхоьллинчу Дала.
Нийсонан некъаш ас дора,
Вониг ца дуьтура ала.
ТIаьххьар а туьйлира бакъдерг,
Шен харжам халкъо а бира,
Махкана доладан хьакъверг
Барт болуш къобал а вира…
Маьршачу дахаран мурдаш
ХIиттийна ас сайна тIаьхьа –
Тоьур ду вай дина къурдаш,
Вай лайна буьйсанаш къаьхьа!
Iийр ду вай, кхин халкъаш санна,
Цхьа барт а, цхьа ойла йолуш,
Къахьоьгуш массо а ханна,
Вовшашца лараме долуш…
Даймохк – сан деган илли
Даймохк – сан деган илли!
Хьол мерза стом, хьовха, хиллий?
Дерриге чулоцу ахь:
Доьналла, аьхналла, яхь…
Хьох вала ца карий бахьна,
Хьоьца со, ха тоьхна, ваьхна,
Сан даг чохь догу хьан нур,
Ахь хазбин дахаран мур.
Ницкъ бели халонаш эшо,
Сайн некъах миска нах тешо,
Кхиаван хьакъволу кIант,
Деса ца дисийта гIант…
Сан Даймохк – сан деган илли!
Хьол мерза стом хьовха хиллий?
Дерриге чулоцу ахь:
Доьналла, аьхналла, яхь…
Волурий со дуьхьал ца ваьлча
Халкъ Iин йисте
ХIоьттича,
Iедал
Iеса даьлча,
Нехан кортош чу
Харц Iилманан
Соьла доьттича,
Волурий со
Дуьхьал ца ваьлча?!
Бакъдерг ца аьлча?!
Ойла боьха
Йолчара
Мохк ловзо баьккхича,
Хьарам, ямарт
Цхьана баьрче
Даьлча,
Волурий со
Дуьхьал ца ваьлча?!
Бакъдерг ца аьлча?!
Дела багахь бен
Воцуш,
Харцонаш лелош
Адаман аматехь
Иблис
Нахана бале
Даьлча,
Волурий со
Дуьхьал ца ваьлча?!
Бакъдерг ца аьлча?!
Махках сийна цIе
Яьлча,
И цIе латийначарна
Дуьхьал ца ваьлча
Бакъдерг ца аьлча
Волурий со?!
Бакъонан мурд
Ас бос ца хийцина,
Гуш долчо хийцина ойла.
Хьалха кхин дийцина
Лаарна и иштта гойла,
Амма аш йоьхкира
Маршо.
Харцонаш, гIелонаш йира,
Халкъана кечдира марчо,
ТIаккха ас сайн
Нигат дира.
Ас бира шал шийла къурд,
Сайх вира бакъонан мурд.
Ши юьхь йолу нах
Ши юьхь ерг
Кхераме лерина.
Цо олуш дерг,
Делахь а кхелина,
Зуламе ду.
Цо туху дIовш,
Лаьхьано санна.
Цуьнан вон ловш
Массо а ханна
СхьабогIу нах
Дан хIума доцуш.
Цо дечун мах –
Доза доцуш
Харцо, гIело.
Къера дуй буу,
Йо стагна кIело…
Хьарамниг дуу…
КIай-Iаьржа
Ца къастадо…
Хьаькмашна хьалха
Ваьржа.
Мискачунна
«Тур» лестадо…
Ши юьхь йолчу
Наха
Ца дуьту вай
Даха.
Деган лаам
Цхьа Iалашо
Яра сан,
Цхьа ойла –
Нах маьрша
Iойла.
Цхьа доIа
Дара сан,
Цхьа ойла –
Дала бакъо
Толайойла!
Цхьа лаам
Бара сан,
Цхьа ойла –
Дений, нанний
Беран вон
Ма гойла.
Цхьа декхар
Дара сан,
Цхьа ойла –
Вайн махкара
Зулам
ДIагIойла!
№94, 21 август, 2015 шо