Халкъана паргIато яьккхинарг

2000-гIа  шо. Нохчийн  дахарехь уггаре хала мур.  Халкъана тIе  хала киртиг хIоьттича, шен гIодаюкъ а йихкина, цунна хьалха велира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.  Цуьнан сатийсам тIом гуттаренна чекхбаккхар бара. Шен дахар дIаделира цо халкъан ирсан дуьхьа.OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Ахьмад-Хьаьжин 53 шо бен дацара декъал хуьлуш. Муьлххачу а стеган дахарх самукъадолу хан ю иза, доьзал а кхуьий, берийн бераш а дуьйлалой. Иштта Ахьмад-Хьаьжин доьзалехь а дара. Хоси-юьртахь, моггIара цIенош а долуш, бехаш бара Iабдул-Хьамидан, Дикин доьзалш.  Даьхний а кхиош, латтанаш а лелош, хьанал рицкъ а доккхуш.  Дайшкара дуьйна бусалба дин лелош, тIекхуьу чкъор ийманехь кхиош, юьртахь, махкахь лоруш нах бара уьш. Цхьанаэшшара дIадоьдуш долу церан дахар дохийра 1990-чу шерашкахь махкахь болабеллачу политически хийцамаша. ЦIаьххьана баьржина хIорд санна, хийцаделира нохчийн дахар. Халкъ шина декъе декъаделира. Ваша вешица оьгIуш, лулахо лулахочунна дуьхьал волуш, барт буьйхира. Дукха хан ялале (1994 шо) Нохчийчохь тIом болабелира.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIе доккха жоьпалла дуьйжира.  1996-чу шарахь  цхьаннех йозуш йоцу Ичкери а кхоьллина,  нохчий паргIатбевлча, тIемалоша халкъе маршонах хIун пайда эцийтина  хаьара цунна. Цу хенахь дуьйна дуьхьалвелира Ахьмад-Хьаьжа Масхадовна а, Басаевна а. Харцонаш, питанаш совцор доьхуш, тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь а, кхеташонашкахь а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула а  дIахьедарш дора Кадыровс. Амма, цуьнга ладугIуш а я иза хезаш а стаг вацара. Гуттаренна и дIасацо  халкъан мостагIаша  теракт йира. Къиза хIаллаквира цунна юххера 5 жима стаг.  Дуьненчохь рицкъ хиларна Ахьмад-Хьаьжа дийна висира. Ямартхоша бинчу бохамо юха ца ваьккхира муфти. Дог кхин а чIагIделира цуьнан, къийсаман ницкъ кхин а совбелира.

Даржех, ахчанах Iехабеллачу тIемалойн командирашна  моьттура цхьа де гуттар а шайгахь лаьттар ду. Ичкери  кхоьллинчу хьоладайша еш цхьа а гIишло  яцара. Школашкахь болх бечу хьехархошна алапа  берийн дай-наноша луш дара. Иштта ледара хьал иституташкахь а дара. Махкахь деш долу зуламаш де-дийне мел долу алсамдовлуш дара. Къаьсттина карадирзинера нах идор.  Жимма а таро йолу стаг къайла воккхура. Цунах ял елча бен, иза мукъа а ца воккхура.  Карахь герз долчу, законехь йоцчу тобанаша мохк бекънера. Кегийрхойн дахар жоьлкийн законашца дIахIоьттинера. И гIуллакхаш дан карх ца довлуш берш кIомал тIехь я малар тIехь хан токхуш бара. Уьш цхьаннех лечкъаш бацара. ЖIуганаш санна, гуллой гора уьш ярташна юккъехь. Кхин дала йиш йоцуш, Нохчийчуьра дахар эвхьаза даьллера. ГIалийн, яртийн урамашкахь гучу нехан сибаташ а  кхин дара.  ГIодаюккъе кхаччалц мажош охьахецна божарий, чалбанаш хьерчийна зударий, Iаьрбойн махкара схьа а балийна, чухецча санна бара. Герзашца йолчу тобанашна юккъехь кIезиг ца гора негарш.

Халкъ Iинах доьдуш дара.  Орцахвала стаг вацара. ТIеман бала юха а чубало санна, герзах боьттина нохчийн тIемалой Дагестан чу бахара. 1999-чу шеран гуьйранна Нохчийчохь юха а тIеман цIе летира.

Дерриге а Ахьмад-Хьаьжас ма-аллара, хилира. Цо дина дIахьедарш, даьхна орца, хиндерг хууш дина  хиллий, хIинца гуш дара. Амма, тIаьхьа дара.

Нохчийн исторехь цул къиза  тIом ца хилла олу и гиначара. Иштта дан а дара иза. Цунна теш хилла ца Iаш, цу халачу муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххехь хиллачу тхуна тIехь, телевиденехула цуьнан болх бовзийтар дара.

2000-чу шеран июнь баттахь Республикин Ханна йолчу Администрацин куьйгалле хIоттийра иза. Гуьмсехь яра  Администрацин гIишло. Министерствош а, ведомствош а кхоьллина яцара. Церан метта Администрацин декъехь тайп-тайпана отделаш яра. 1-рий, 2-гIий гIат Администрацин белхахоша дIалаьцнера. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кабинет 2-чу гIат тIехь яра. Тхевнан кепехь йолу 3-гIа  гIат, цхьа агIо, телевиденин белхахоша а, важа агIо прокуратурин белхахоша а дIалаьцнера.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалле хIоттор цхьатерра тIе, ца ийцира наха. Шина декъе декъаделлачу халкъана юккъехь дуккха а догзаллаш йисинера. ХIора  агIонан шен бакъдерг дара.

Ахьмад-Хьаьжас, отделенийн куьйгалхой а гулбина, дуьххьара йинчу кхеташонехь наггахь бен хьалхара куьйгалхо вацара. Дукхах болчу хьаькамаша шайн заместительш бахкийтинера. Шатайпа къайлаха дуьхьало яра цара Кадыровна гайта гIиртинарг. Оцу цхьаьнакхетарехь Кадыровс динчу  къамело кхеташонан дакъалацархойн бIаьрг буьзна ца Iаш, телевизор чухула и программа мел гинчу хьовсархойн дог-ойла хийцира. Иштта хIоразза а хуьлура. Цхьа де а ца долура телевиденин эфирехь республикин Администрацин Куьйгалхочо дина а, дан лерина а гIуллакхаш ца довзуьйтуш. Нехан уггаре а дог лозуш дерг хьалха а доккхуш, болх бора Кадыровс. Шен коьртачу декхаршна юккъе далийнера цо  тIепаза байна нах лахар, бехк боцчу кегийрхошна деш долу таIзарш совцадайтар. Цул тIаьхьа йолчу Iалашонашкахь дара  экономика а, социальни дакъа а, культура а кхиор.

ХIора де а нах тIеоьцу де дара Ахьмад-Хьаьжин. ХIораннан а цхьатерра арз а, дехар а хуьлура – чуьра дIавигна кIант, ваша, цIийнда схьалахар.  Республикера тIеман гIуллакхаш ца дерзийта лелош санна дара и зуламаш. Кадыровс, са  а ца доIуш,  дийнахь-бусий 24 сохьтехь  болх бича  а, ларор воцуш,  дукха дара дан дезарш. Цунна тешаме накъостий оьшура.   Амма уьш, кIезиг бара. Хьуьнхарчу тIемалошна юкъахь доьналла а, майралла а йолуш дуккха а кIентий бара. Уьш маьршачу дахаре юхаберзо безара.  Федеральни центро и гIуллакх къобалдийр ду я дац, ала хала дара. Цу декъехь болх бан безара. Бакъду, дерриге а Россин Президентах доьзна дара. Цунах тешара Кадыров. Ахьмад-Хьаьжех Путин а тешара.

Герз охьа а дуьллуш, жим-жима  тIемалой маьршачу дахаре юхаберза буьйлабелира. Цу гIуллакхах тешам баккха, цхьаццаболучарна тешнабехкаш беш меттигаш а нислора. Делахь а, гIуллакх цхьана хорша нисдаллалц, дуккха а къахьега дийзира. Цул тIаьхьа,  нохчийн милици кхоьллира, царах герз а тешийра. ХIинццалц нахана кхерам туьйсуш  лаьттинчу посташкахь федеральни эскархошца цхьаьна гIаролла дIахьош бара нохчийн милцой. Иза уггаре а боккха кхиам бара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин балха тIехь.

Кадыровн дахарехь цу хенахь дерриге  а шера  дара аьлча, нийса хир дацара. КIелонаш еш берш а хуьлура, тешнабехк бан гIертарш а бара. Цхьана агIор хилла ца Iара уьш. Iедалан белхахой, имамаш, администрацийн куьйгалхой бойъуш лелаш цхьа тоба яра, тIом  берзийта ца лууш болу федеральни ницкъаш бара, федеральни центрехь Россин Президентан оппозицехь болу политикаш, эксперташ а бара. Царна массарна дуьхьал къийсам латто хьуьнар, доьналла, хьекъал, собар  а оьшура. И дерриге а Ахьмад-Хьаьжехь дара. Юххера накъостий а бара цуьнан тешаме. Уггаре хьалха – шен кIант Кадыров Рамзан. Цу хенахь иза жима хиллехь а, цуьнца боьзнера дас шен берриге а сатийсам. Хьалхарчу дийнахь дуьйна Ахьмад-Хьаьжина юххехь хилла  Алханов Руслан, Тагиров Iела, Делимханов Адам, Яхъяев Руслан, кхиберш а. Царна тешаме накъост хилла ца Iаш, гIоьнча а, хьехархо а хилла лаьттира иза. Тахана царах хIораммо Ахьмад-Хьаьжех лаьцна  олуш дерг иштта ду: «Иза шен дешан да вара», «Иза бакъдолчух кхоьруш вацара», «Цуьнан ши юьхь яцара», «Иза вовзар дозалла ду», «Бакъволу къонах вара иза», «Халоне иэша ца лора иза».  КIорггера маьIна ду цу дешнийн. Къонахчунна бен олуш дац уьш. Ткъа уьш алийта, цо къахьегна сица а, хьекъалца а. Шен цхьаьннан ойла а йина, юьстах ца лаьттина иза. Цо ойла йина шен халкъан, хIора 50 шо моссазза долу тIеман хиламаша ягочу яртийн, гIаланийн, хIаллакбечу мехкан.

«ХIара тIом сацо ца беза, хIара тIом гуттаренна чекхбаккха беза» олура цо. Цунна хиира иза чекхбаккха. Уггаре хьалха цо вовшахтуьйхира декъаделла халкъ, цунах бертахь боккха доьзал кхоьллира. Цул тIаьхьа, доьзалера лазаме кхачамбацарш дIадехира. КхидIа, хIусам хазъеш, оьшуш долу хьелаш кхолла долийра.

Ахьмад-Хьаьжас дуккха а гIуллакхаш дина хир дара, ямартхойн ка ца яьллехь. Цаьрга ца лаелира цуьнан къонахалла, доьналла, майралла, цуьнан бусалбалла, цуьнан хьекъал. Цара цунна тешнабехк бира, амма гора-м ца хIоттийра, шен халкъ балех  хьалха даьккхина волу нохчийн халкъан баьчча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

ДУДАЕВА БИЛКЪИС

№94, 21 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: