Кадыров Iабдул-Хьамидан кIант Ахьмад

(оьмаран терхеш)

Вина 1951-чу шеран 23-чу  августехь Казахски ССР-н  Караганда  гIалахь. 1957-чу шарахь  КадырогIеран доьзал, берриге а нохчий санна, Казахстанера Нохч-ГIалгIайчу цIа бирзира. Шелан кIоштан  (хIинца Курчалойн) районерчу  (Хоси-Юьртахь)  баха  хевшира цуьнан  цIийнах нах.a-h_kadyrov

1968-чу шарахь БIачи-Юьртара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа  Невран районан Калиновски станицерчу комбанерийн курсашка  деша  вахара.

1960-чу шарера 1971-чу шаре  кхаччалц  болх бира  Гуьмсан районерчу  «Новогрозненски» цIе  йолчу дугалелочу  совхозехь, цул тIахьа  – СССР-н регионашкахь гIишлошъяран организацешкахь.

1980-чу шарахь Гуьмсан рузбанан маьждиган сацамца  Бухара «Мир Араб» цIе  йолчу хьуьжаре  деша  вахара Кадыров. Иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа  цо дийшира  Ташкент  гIалин Исламан институтехь.

1986-чу шарера 1988-чу шаре  кхаччалц Гуьмсан районан маьждиган имаман гIоьнча  вара иза.

1989-чу шарахь Ахьмада схьайоьллу Шелан кIоштан  Курчалойн-Эвлахь  Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера Исламан институт. Цуьнан ректор хуьлу  хIара.

1990-чу шарахь Кадыров деша воьду Аманехь йолчу Исламан университетан шариIатан факультете. Амма 1991-чу шарахь вайн  махкахь хилла хиламаш бахьанехь, дешар юкъах а доккхий, цIа  воьрзу. Цо а, цуьнан  накъосташа а, собаре  кхойкхуш, болх бо  халкъалахь.

1993-чу шарахь Нохчийчоьнан  муфтин наиб хоржу Кадыров, ткъа 1995-чу шарахь цунах  Нохчийчоьнан муфти хуьлу.

Нохчийчохь хIоьттина чолхе хьал герзашца  къасто  деза  бохучарна  дуьхьал  волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза реза  вацара  нохчийн халкъ керлачу  тIамна  тIедало гIерташ волчу  Масхадовний, Басаевний. Церан зуламе гIуллакхаш халкъалахь емал дан волало Ахьмад-Хьаьжа.

1997–1998-чуй шерашкахь  Кадыровн, Масхадовн  юкъаметтиг галйолу.

1998-чу шеран 25-чу июлехь Кадыровн кхайкхамца  Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказерчу бусалба нехан Конгресс. Конгрессан декъашхоша  къобалбира Кадыровс  экстремизмана  дуьхьал  дIахьош  болу къийсам. Нохчийчоьнан, Дагестанан, ГIалгIайн динан урхаллийн куьйгалхоша  емал йира  экстремистийн тобанаш (организацеш). Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Масхадов  декхарийлахь вира зуламе  тобанаш Нохчийчуьра дIаяха.

1999-чу шарахь Басаевн, Хаттабан зуламе  тобанаш Дагестанна  тIелеттачул  тIаьхьа, Гуьмсан, Нажи-Юьртан, Курчалойн кIошташ «экстремизмах паргIат  йолу  зона» ю аьлла дIакхайкхийра Кадыровс. Иза луьра  дуьхьал  велира Нохчийчу  шолгIа а  тIом  балорна.

1999-чу шеран 25-чу сентябрехь Гуьмсехь хиллачу гуламехь  Кадыровссий, цуьнан  накъосташий дIахаийтира  шаьш  герз а карахь  экстремисташна дуьхьал довла кийча хилар.

1999-чу шеран 10-чу октябрехь Кадыров «нохчийн къоман мостагI ву», аьлла указ  арадаьккхира  Масхадовс.

2000-чу шеран 12-чу июнехь Россин Президента В.В.Путина  шен Указца  Нохчийчоьнан  Администрацин куьйгалхо хIоттаво Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

2000-чу шеран 12-чу августехь  Кадыровс  шуьйрачу  хаамийн  гIирсашкахула кхайкхам бира Iедална дуьхьал  лаьттачаьрга, герз охьа а диллий, машаран  новкъа  хIитта, аьлла.

2001-чу шеран августехь Россин Президентан Указца  цунна  елла ДоттагIаллин орден.

2001-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чекхйоккху Махачкаларчу урхаллин а, бизнесан а институтан  экономикин факультет.

2003-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьажас Россин Iилманийн академехь  чIагIйо политически Iилманийн кандидатан диссертаци.

Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаран Iалашонца 2003-чу шеран 23-чу мартехь  дIаяьхьначу референдумал тIаьхьа, керлачу Конституцица  догIуш  ма-хиллара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа  Нохчийн Республикин Президентан декхарш кхочушдеш вара.

 

2003-чу шеран октябрехь дIабаьхьначу  дерриге а халкъан харжамашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент хоржу. Цунна 403490 харжамхочо  шен  кхаж дIало.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн пачхьалкхан  университетан а, Москварчу кхузаманан гуманитарни институтан  а сийлахь  профессор вара.

2004-чу шеран 9-чу майхь Соьлжа-ГIалахь йинчу терактехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа  дIакхелхира.

2004-чу шеран 10-чу майхь  Россин Президентан В.В.Путинан Указца Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Россин Турпалхочун  сийлахь  цIе  тиллина.

№94, 21 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: