Схьавеара ткъесал чехка,
Каде, маса хьаьвзира.
Мохк буьйш лаьтта вуолла ехка
Цуьнан тIаккха дийзира.
Пхьармат санна, зоьртал, онда,
Массо меттехь ларавеш,
ПаргIатйохуш шена гондIа
Массо шахьар, массо беш.
БIе шарахь а ца далун дерг
Дира кIеззиг хенахь цо,
Мел и оьшург, мел и ца терг, –
Хилла халкъан вацархо.
II
И дIаваха Далла дуьхьал,
КIеззиг вехи, кIеззиг Iийн,
Нуьре ваьгна халкъан дуьхьа,
ТIепинг санна, вовха тийн.
ХIун аьр тIаккха?!
Дала декъал
Войла иза,
Цо цхьаъ вахь!
Дукха хир бац
Оцу декъан,
Динарг, лелларг,
Дагардахь:
Кхуза, эцца –
И ца кхочуш,
Цо ца ийдеш
ХIун дара?
Цхьа а тайпа,
Синтем боцуш,
Халкъан гIуллакх
Деш вара.
Кху дуьненахь
Дити ала
Дац цо цхьа а
Iаьржа тай.
Деши дицдеш
Шен цIе кхала
Вахар дара
Малхал кIайн.
III
И ткъес санна,
Чехка вахар,
Массо гуоне
Лестина,
Хено дIо дIа
Лекха ваха
Халкъан юккъехь къастийна.
Мичахь сеци,
Мича кхечи
Иза оцу сихаллехь?
И малхал а
Нуьре керчи,
Iаьвжи верриг
Сийлаллехь.
Веги иза!
Иккхи иза!
Амма хазчу декъана,
Валар хиларх,
Оццул къиза,
Марзо йити халкъана.
IV
И дIаваха. Сихо йин цо.
Виц ца веш вайн безамо,
Вуьйцур иза вайн гIа-бецо,
Вайн паргIатчу Iаламо.
№94, 21 август, 2015 шо