Мехкан коьртачу билгалонех цхьаъ

22-ГIА АВГУСТ – РОССИН ФЕДЕРАЦИН ПАЧХЬАЛКХАН БАЙРАКХАН ДЕ 

байракх

ХIора шарахь 22-чу августехь Россехь билгалдоккху Россин Федерацин байракхан де. 1994-чу шеран 20-чу августехь Россин Федерацин Президентан Указца чIагIдина ду иза.

1991-чу шеран 22-чу августехь Москвахь КIайчу цIийнна тIехула дуьххьара леррина хьалаайъира кхаа басахь йолу Россин керла байракх. Марс а, жIов а тIехь йолчу ЦIечу байракхан меттиг дIалецира цо. Цу дийнахь РСФСР-н Лакхарчу Советан сихонца вовшахтоьхначу кхеташонехь сацам хилира «таханлерчу дийнахь дуьйна кIайн, сийна, цIен – кхо бос болу кIади Россин къоман байракх лара» аьлла.

Дуьххьара кIайн-сийна-цIен беснаш долу байракх айъира Романов Михаилан кIанта Алексейс паччахьалла дечу хенахь, тIеман оьрсийн дуьххьарлерчу «Аьрзу» хIордкеман тIехь. И хIордкема 1668-чу шарахь Голландерчу инженера Бутлер Давида дина дара. Амма «Аьрзус» керлачу байракхца кIезиг некъ бира хIордашкахула. Волга хи чухула Астрахане кхаччалц охьадахханчохь, Разин Степанан накъосташа дагийра иза.

Кхо бос болчу байракхан бакъволу да лору Петр I-ниг. 1705-чу шеран 31-чу январехь байракхан хьокъехь Указ арахийцира цо. Цу Указца догIуш, кIайн-сийна-цIен байракх хIора а хIордкеман тIехь хьалаайъина хила езаш яра. Паччахьа ша диллира хинйолчу байракхан кеп гойтуш долу сурт а, беснаш  муьлхачу рогIехь хир ду а билгалдаьккхира.

Бакъду, цо беснаш къасторан бахьана, кхин ца девзаш, иштта къайле хилла дисира. Хетарехь, «Аьрзу» хIордкема динчу голландхочо дийцина хила там бара оьрсийн паччахье шайн махкахь оцу кхаа басахь йолу байракх ойъу бохуш. Иштта дуьйцу, кIайчу басо – дикалла, сийначу басо – тешам, цIечу басо – майралла гойту, бохуш.

Бакъду, 1896-чу шарахь бен леррина (официально) тIеэцна яц байракх. Цу хьокъехь сацам бира юстицин министерствос, Николай II-н паччахьалла чIагIдечу хенахь.

Цул тIаьхьа, 1918-чу шарахь большевикаша, Свердлов Яков куьйгаллехь а волуш,  и байракх дIаяьккхина, революцин билгало йолу ЦIен байракх билгалъяьккхира. 1991-чу шеран 22-чу августехь Россин Парламентареша юха а чIагIйира кIайн-сийна-цIен – кхо бос болу байракх. Иштта некъ бина вайн мехкан коьртачу кхаа билгалонех цхьаъ йолчу Россин пачхьалкхан байракхо.

 

Интернетах пайда а оьцуш, материал кечйинарг – А.ХАСБУЛАТОВА

№94, 21 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: