Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 64 шо кхачарца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Р.А.Кадыровн кхайкхам

              Хьомсара доттагIий!

9ee9be79

Кху беттан 23-чу дийнахь  64 шо кхочур дара Нохчийн Республикин Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Иза сийлахь-воккха стаг, Делах чIогIа тешаш волу бусалба, дерриге а дуьненна вевзаш волу 1еламстаг, кхетаме, хьуьнаре политик, майра бIаьхо, шен доьзалан дика да а вара. Иза гуттар а халкъаца вара. Адамийн хьашташ а, лаамаш а Кадыров Ахьмад-Хьаьжина дерригенал а деза дара.

Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин коьрте хIоьттира республикехь кегаре а, Iедал дацар а, зуламхоша шайна луъург лелочу а муьрехь,  халкъо хиндолчух тешар  дIа а даьлла, дог диллинчу хенахь.

Цуьнан болх дахарна гуттар а кхерам болуш бара. Амма иза цкъа а юха ца волура! Цо тIаьххьарчу хене кхаччалц маьршачу, зовкхечу хиндолчунна тIе дигира вай

Амма цуьнан уггаре а коьрта толам хилира политически а, тайпанийн а, вирдийн а билгалонашца барт боьхна, къаьстина долу халкъ, цхьабарт беш, цо цхьаьнатохар. Иза бу, Россин Президента Путин Владимира гIо а лоцуш, цо Нохчийчохь тIом а, цIий Iенош болу бохамаш кхуллуш долу бахьанаш а гуттаренна а дIадаха Ахьмад-Хьаьжин таро хилийтина болу бух.

Тахана вай кхечу республикехь дехаш ду. ХIора дийнахь схьайоьллу керла объекташ: стадионаш, больницаш, школаш, берийн бошмаш, махлелоран-самукъадаккхаран туьшаш. Сихачу боларшца кхуьуш а, кхерам боцуш а йолу регион хиларе терра Россин кхечу субъекташна масална хIиттош ю Нохчийн Республика. Иза  а дуьззина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьуьнар ду. Вайн дуккха а къаьмнийн халкъ машарехь, цхьабарт болуш дехаш ду, ткъа регион ша махкахь уггаре а цхьанаэшшара кхуьуш а, кхерам боцуш а хилла дIахIоьттина.

Дуьненан сийлахь-баккхийчу бусалбанех цхьаъ, Россин гоьваьлла волу пачхьалкхан деятель Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денца ас декъалдо нохчийн халкъ а, Россин халкъаш а, исламан дерриге а уммат а!

№94, 21 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: