Спортан хаамаш

М.Яхъяев – Европин чемпион

 Дукха хан йоццуш Серберчу Суботица гIалахь дIаяьхьира кхиазхошна юкъахь (1997–1998-чуй шерашкара болчу) греко-римски  кепара охьатохархлатарехула «Dudowa suma» йолу цIе Европехь хьалхеяккхаран чемпионат. Цигахь дакъалоцуш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара тоьллачех болу спортсменаш бара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера Яхъяев Маьхьди а вара.

ДегIан йозалла 58 кийла йолчу категорехь леташ волчу нохчичо жамI 10:1 долуш хенал хьалха толам баьккхира Хорватерчу Туклавец Павелана тIехь. Шен шолгIачу цхьаьнакхетарехь  вайн махкахочо жамI 9:0 долуш эшийра Венгрера Бак Гергели. Цул тIаьхьа хиллачу тасадаларехь цо атта эшийра Эрмалойчуьра Тамазян Эдгар. Бакъду, ахфиналехь нохчичун дикка садиира Белоруссерчу Владык Егора. Амма оцу латарехь а шен Iалашоне кхечира вайн махкахо. Къийсадаларийн коьртачу латарехь М.Яхъяев цхьаьнакхийтира Германерчу Гинц Андрейца. Оцу тасадаларехь а вайн къоначу спортсмена жамI 8:0 долуш хаза толам баьккхира. Иштта чемпионатехь, дашо мидал яьккхира нохчийн къоначу спортсмена.

Нохчийн дзюдоистийн толамаш

 Казахстанерчу Актау гIалахь чекхъелира Жолдыбаев Тураран цIарах йолу дзюдохула VII-г1а  дуьненаюкъара турнир. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш Россера а, Гуьржийчуьра а, Азербайджанера а, ГIиргIизойчуьра а, Узбекистанера а, Туркменистанера а, Японера а, иштта меттигера а спортсменаш бара.

ДегIан йозалла 66 кийла йолчу категорехь леташ волчу Денильханов Илеса дуьххьарчу цхьаьнакхетарехь дуьйна дIахаийтира ша дашо мидал йоккхур юйла. Иштта хила а хилира иза. ДегIан йозалла 81 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш хиллачу Цинцалашвили Беслана а яьккхира дашо мидал. ДегIан йозалла 73 кийла йолчу категорехь леташ хиллачу вайн махкахочунна Тисаев Изноврна цхьа кIезиг аьтто ца тоьира шен Iалашоне кхача. Цо шолгIа меттиг яьккхира.

ДегIан йозалла 66 кийла йолчу категорехь «жимачу финалехь» толам баккхарца йоьзан мидал яьккхира Дзайтаев Илеса.

Зеделларг ца тоьира

 ШолгIачу дивизионан командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 5-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек-2» шен цIахь С.Билимхановн цIарахчу стадионехь цхьаьнакхийтира Новокубанскерчу «Биолог-Новокубанск» командица.

Матч дIайолаяларца тIелатарш дан долийра хьешаша. Сахьтан минотийн цхьамзано  шозза  гуо тасале счет схьайиллира Новокубанскерчу футболисташа. Билгалваьлларг вара Галкин Никита. Цул тIаьхьа дукха хан ялале счет йоккха йира хьешаша. Шайн кевнна ши буьрка тоьхначул тIаьхьа «самабевлира» къона соьлжагIалахой. Дуккха а кхераме тIелатарш дира цара. Амма зеделларг кIезиг хиларна, гол тохарца билгал ца бовлалора. Командин тIелатархо Осмаев Заур шен ма-хуьллу Ковалев Романа лардечу кевнна буьрка тоха-м гIиртира, бакъду, ка ца елира. Иштта жамI 0:2 долуш эшийра къона соьлжагIалахой.

 

А.АДАМОВ

 №95, шинара, 25 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: