С.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь хIора рогIера де а хуьлу цхьаъ вукхунах тера доцуш, берийн дог-ойла ира-кара хIоттош, самукъане, зевне. Библиотека – хаарийн гIайре! Берашна юкъахь дуьне чолхе хилар а, воккха хилар а дицло.
20-чу августехь а дара библиотекехь иштта хаза. Библиотекин книгашъешархошна лерина хилла йолчу аьхкенан муьран ешаран программин болх даздаран хьолехь берзош, тоьлла книгашъешархой совгIаташца билгал а бохуш, берийн той хилира цу дийнахь.
Россин Федерацин культурин хьакъйолчу белхахочуьнга, библиотекин директоре Сайдумова Зулайга дош делира даздарш дуьйлалуш. «Аьхка берийн каникулашкахь царна книгаш ешар марздаран Iалашонца лерина ерригроссин «Уггаре а йоьшуш болу дешархой» аьллачу конкурсан гурашкахь яра оха хIокху кхаа баттахь кхочушъеш хилла «Малхо йовхо ло, книго дахар хаздо» аьлла конкурс. Тхешан библиотекин 3 эзар ешархошна юкъахь кхайкхинера и конкурс. Тахана толамхой бевзар бу, царна совгIаташ а дийр ду. Делахь, кхин цкъа а ала лаьа книгин цIарах. Книга езаро, ешаро дикане кхачадо адам. Бераш, шуна гIолехь ду 5–6 сахьт компьютерна хьалха доккхучул а 1 сахьт книга йоьшуш даьккхича, шуна шайн дахарехь карор а ду иза».
1-чу июнехь йолийна яра и конкурс. Оцу дийнахь, хууш ма-хиллара. Бераш лардаран дуьненаюкъара де дара. Аьхкенан каникулийн 3 баттахь 1000 беро дакъалецира оцу конкурсехь. Еккъа цхьа книгаш ешар хилла ца 1ара. Оцу программина юкъа йогIура нохчийн меттан йоза нийса яздан Iаморан урокаш, ингалсан а, оьрсийн а меттанийн кружокашкахь болх бар, спортан (стоьлан теннис а, шахматийн а, шашкийн а) турнираш.
Оцу даздаршкахь дакъалаца баьхкина библиотекин доттагIий Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу УФМС-н белхахой Усманов Бешар а, Дзингаева 1айнаъ а дара. Б.Усмановс билгалбехира книгашъешархошна юкъахь жигара дакъалаьцна толамхой: Вагапова Мединий, Джаубатырова Хьавай. И ши йоI Москвахь дIахьон йолчу «Шеран ешархо» конкурсехь дакъалаца билгал а йира. УФМС-н говзанчас Дзингаева Iайнаа шайн ведомствон куьйгаллин цIарах дипломаш а, совгIаташ а делира книгашъешаран конкурсехь тоьллачарна.
Оцу даздаршка гIарадевлла девзачу оьрсийн а, нохчийн а туьйранийн турпалхой а баьхкинера. Иштта, ЧIирдиг, Маьлха-Аьзни, Незнайка, Красная Шапочка, Мальвина, Белоснежка дара берашна юкъахь. Цул тIаьхьа юкъа ваьллачу Звездочето хаьттира, цхьатера а волуш,. цхьана дийнахь вина а волуш, мила ву вайна юкъахь аьлла. Бакъ долуш, шала вина ши ваша вара книгашъешархошна юкъахь. Вежарийн МежидовгIеран Хьасанан а, Хьусейнан 7 шераш кхаьчнера оцу дийнахь.
Нохчийн меттан хаарш, зиэраш, кицанаш, хIетал-металш –дукха дара книгашъешаран программа даздаран хьолехь ерзош хиллачу берийн тойнехь. Цхьа а моттагIалла, мекарло йоцуш, даггара дакъалоцура бераша.
Цара самукъадаьлла хьоькху маьхьарий, церан зевне беларш хазаро кханенан дикачух дог тешадора.
Ткъа дерриге а хелхаран болаца дирзира.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№95, шинара, 25 август, 2015 шо
