2015-чу шеран 16–17-чуй августехь Соьлжа-ГIаларчу М.Ю.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драмтеатрехь презентаци а, премьера а хилира шийтта серих лаьттачу «Деган аз» фильман хьалхарчу серин.
Нохчийн Республикин культурин министерствон Кинематографехула йолчу пачхьалкхан урхаллин гIоьнца яьккхина нохчийн исбаьхьаллин фильм ю иза. Фильм Соьлжа-ГIалахь яьккхина ю. Монтаж а, аьзнаш дIаяздар а Москварчу «Трехмер» киностудехь дIадаьхьна.
Презентаци баьхкина бара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, нохчийн кхузаманан кинон бухбиллархо, Кинематографехула йолчу пачхьалкхан урхаллин директор, «Чеченфильман» коьрта продюсер, режиссер Беслан Терекбаев, нохчийн гоьваьлла актер, РСФСР-н хьакъволу артист Омаев Дагун, иштта бевзаш болу актераш: Высоцкий Никита, Тактаров Олег, Кончаловский Андрей, Акбаров Максим, Санду Владлена, Максимов Илья, Скобелев Борис, Гамзян Мика, Чепрасов Виктор, Рудаков Дмитрий, Россин Федерацин, Казахстанан, Украинин, Узбекистанан кхиболу актераш а, дуккха вайн махкахой а.
Уггаре а хьалха дош делира культурин министрана Дааев Хож-Баудина. Коьртачу декъана цо элира: «Маьршачу Нохчийчохь шу иштта гулдаларх дозалла до ас. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс дIаболийначу некъан беркате тIаьхье ю хIара. ДIадаханчу бIешарахь санна а доцуш, хала ду хIокху заманахь фильм яккха. ХIунда аьлча бюджетера хуьлуш ахча а доцуш, продюсерша шаьш инвесторш а лохуш, йоху кху заманахь фильмаш. Ерриге а кинематографи йохийна, яржийна дIаяьккхинчу Нохчийн Республикина къаьсттина хала ду фильм яккха. Керла гIулчаш йохуш ду вай оцу декъехь. Вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца а, цо гIолацарца а ду хIара гIуллакх иштта нисдалар. Вай нийсачу новкъа догIуш хиларан тоьшалла ду тахана вай хIокху чохь гулдалар.
Дуьненахь деха кхидолу къаьмнаш а санна, интернет а лелош, фильмашка а хьовсуш, даха дезаш ду вай. Вай цунна тIегIертарх пайда бац, вай лелош дерг нохчийн халкъан Iадаташца, гIиллакхашца догIуш ца хилча. «Тахана вайна фильм оьшурий-те? Тахана вай хIун до цунах?», – олуш верг хила а там бу. Вайна лууш дерг ду, Дала мукъ лахь, хазаниг, нийсаниг, оьзданиг, диканиг, гIиллакхехь дерг вайн хьовсархошна дIагайтар… Дела резахуьлда, шуна, кхуза дахкарна».
Цул тIаьхьа дош делира Терекбаев Беслане.
– Шайн съемкаш а, доттагIий а, гергарнаш а битина даьхкина шу нохчийн кинематографех доглозуш, цуьнан гIолаца. Иза аш тхан Куьйгалхо а, республикин бахархой а ларар ду. Массарна Дела резахуьлда кхуза дахкарна. – доцца аьлла, Омаев Дагун сцени тIе кхайкхира цо.
Ерриге а зал хьала а гIаьттина, дехха тIараш деттарца тIеийцира гулбеллачара Омаев Дагун. Дуккха а шерашкахь «Чеченфильм» хиларе ша сатийсина хиларх а, ша хIокху хиламах дозалла деш хиларх а дара Омаев Дагуна дина къамел. Иштта цо билгалдаьккхира нохчичун роль кхечу къомах болчу мел похIмечу актерашка а (нохчи воцчуьнга) ловзалург цахилар.
Вайн республикин хазалла, нохчийн къоман хьаша-да тIеэцаран хаза гIиллакхаш хестош а, шаьш бинчу балхах а лаьцна дара О.Тактаровс,
Н.Высоцкийс, А.Кончаловскийс, М.Акбаровс, В.Сандус, И.Максимовс, Б.Скобелевс, Д.Рудаковс, кхечу а хьешаша дина къамелаш.
(ТIейогIучу номерехь оха доцца довзуьйтур ду шуна фильман сюжетах лаьцна)
Л.ИБРАГИМОВА
№95, шинара, 25 август, 2015 шо
