Салгириев Хьасан, Россин Федерацин хьакъволу пилот, вина 1954-чу шеран апрель беттан 23-чу дийнахь Юккъерчу Азехь. Дешна Краснотурскерчу кеманхойн училищехь, Граждански авиацин академехь (балхара юкъах ца волуш). 1974–1995-чуй шерашкахь болх бо Грозненски авиаотрядехь (2-гIа пилот, кеманан командир, авиаотрядан командиран заместитель). Цул тIаьхьа белхаш бина «Нижегородские авиалинии» авиакомпанехь (ТУ-134 кеманан командир), «Асхьаб» авиакомпанехь (генеральни директоран заместитель), «Газпромавиа» авиапредприятехь (пилот, ТУ-134 кеманан пилот-инструктор, авиаэскадрильян командир). Белхан тIаьххьара меттиг – «Грозный-авиа» авиакомпанин генаральни директор. 40 шарахь сов авиацехь болх беш, 17000 сахьт хIаваэхь даьккхина летчико, 14 шарахь сов куьйгаллин балхахь лаьттина. 1981-чу шарахь цуьнан цIе дIаязйо СССР-н граждански авиацин министерствон «Сийлаллин Книги» тIе, 1988-чу шарахь Граждански авиацин 1-чу классан пилотан цIе ло, 2007-чу шарахь «Россин Федерацин хьакъволу пилот» сийлаллин цIе яларца билгалбоккху хьуьнаречу летчикан болх. Цо кхиийна ТУ-134 кеманан 10 командир.
Зубайраев Сайди, геолого-минералогически Iилманийн кандидат, Россин Федерацин хьакъволу геолог, вина 1938-чу шеран март беттан 6-чу дийнахь. 1962-чу шарахь кхиамца М.Ломоносовн цIарахчу Московски пачхьалкхан университетан геологин факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа йоццачу хенахь (1964-чу шо кхаччалц) болх бо Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттанан Iилманан-талламан институтехь (ГрозНИИ).
1964–1967-чуй шерашкахь доьшу МГУ-н аспирантурехь. 1968-чу шарахь чIагIйо геолого-минерологически Iилманийн кандидатан диссертаци. Оццу шарахь «ВНИИ геосистем» Iилманан-талламан институте (Москва) балха кхойкху С.Зубайраевга. 1970-чу шарера 1979-гIа шо кхаччалц оцу института юкъайогIуш хиллачу Раменски зиэран-методически экспедицин коьрта геолог волуш болх бо. 1979-чу шарахь дуьйна «ВНИИгеосистем» институтан директоран Iилманан декъехула заместитель ву Сайди. Оцу даржехь къахьоьгуш геолоразведочни декъехь Россехь а тоьллачех цхьаъ говзанча а, Iилманан дика вовшахтохархо а ша хилар гайтина цо. Шен Iилманан лехамашкахь С.Зубайраевс коьртачу тидаме эцнарг ду мехкадаьтта а, газ а йолу меттигаш лахарехь геохимически методах пайдаэцар. Оцу декъехь бинчу Iилманан-талламан белхийн жамI лара догIу Зубайраев Сайдис соавторшца цхьаьна арахецна монографи («Физико-химические основы прямых поисков залежей нефти и газа». М., «Недра», 1986). Iилманан белхан лаккхара мах хадош, цунна совгIат дина «Россин Федерацин хьакъволу геолог» сийлаллин цIе яларца.
Мальцагов Докка, балетмейстер, Россин Федерацин халкъан артист, вина 1950-чу шеран декабрь беттан 8-чу дийнахь Къилба-Казахстанан областан Ленгер гIалахь. Дешна Соьлжа-ГIаларчу культпросветучилищехь, БуритIерчу юьртан бахаман институтехь. 1969-чу шарахь «Вайнах» ансамблехь дIаболабо кхоллараллин болх. 1971-чу шарахь ансамблан солист хуьлу. Цуьнца цхьаьна Россин дукха гIаланашкахь а, дуккха кхечу пачхьалкхашкахь а гастролашкахь хилла артист.
2001-чу шарахь Москвахь вовшахтуху Эсамбаев Махьмудан цIарах искусствийн школа. Ансамбло кхиамца дакъалаьцна ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а фестивалашкахь. Карарчу хенахь оцу школехь нохчийн къоман хелхаран искусство караерзайо 14 къомах долчу бераша. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1982-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу артист» сийлаллин цIе ло Д.Мальцаговна, 1989-чу шарахь РСФСР-н хьакъволу артист хуьлу цунах, 2010-чу шарахь «Россин Федерацин халкъан артист» сийлаллин цIе а ло. Италехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу конкурсан а (1999 шо), Россин ворхIалгIачу Артикадин а лауреат.
Бетербиев Артур, Россин спортан хьакъволу мастер, боксехула дуьненан чемпион. Вина 1985-чу шеран январь беттан 21-чу дийнахь Дагестан Республикин Хасав-Юьртахь. Дешна Москварчу олимпийски тIаьхьалонан училищехь а, Россин пачхьалкхан физически культурин университетехь а. Шен цхьайтта шо долуш дуьйна боксан секце лелла Артур.
2004–2005-чуй шерашкахь Россин чемпионатехь йоьзан мидалш йоху, 2006-чу шарахь Россин чемпионатехь шолгIа меттиг йоккху, оццу шарахь Европин чемпион хуьлу. 2007-чу шарахь Россин чемпион хуьлу, дуьненан чемпионатан сийлаллин пьедесталан шолгIачу тIегIан тIе волу. 2008-чу шарахь дуьненан Кубок яккхаран къийсадаларшкахь дашо мидал йоккху. Боккхачу кхиаме кхочу 2009-чу шарахь – дуьненан чемпионатехь дашо мидал йоккху цо. 2010-чу шарахь шозлагIа а Европин чемпион хуьлу.
2013-чу шарахь дуьйна корматаллин (профессиональни) боксехь ву.
№95, шинара, 25 август, 2015 шо