Дуьненахь мел еха, цхьалха юьсур яц иза

Canon 116

Дукха хан йоццуш, газетан агIонаш тIехь оха шуна довзийтинера Республикин геронтологин марказехь Iаш болчу баккхийчу нехан а, заьIапхойн а дахар. Хьалха интернат-цIа олуш хилла цунах. ТIеман шерашкахь дукха халонаш ловш, дукха адамаш леш, хала зама яьхьира интернато. Лакхара медйиша Тавгиреева Зайнап 1986-чу шарахь дуьйна ю кхузахь къахьоьгуш. Уггаре халачу хенахь баккхийчу нахана, заьIапхошна уллехь хилла иза, мел яккхий халонаш тIенисъяларх, уьш цхьалха ца буьтуш.

Зайнапан децIа Нажи-Юьртан районан Сесанахь хилла. Казахстанера цIабирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь Iийна уьш. 1966-чу шарахь Соьлжа-ГIалин №44 йолу школа чекхъяьккхина, лоьрийн училище деша хIоьттира йоI. 1969-чу шарахь ТавгиреевгIеран доьзале еара иза. 1970-чу шарера 1976-чу шаре кхаччалц Грозненски районан 15-чу молсовхозехь фельдшеран-акушеран пунктехь заведующи лаьтта. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин №6 йолчу поликлиникехь а, 11-чу училищехь а медйишf qjkei белхаш бина. 1986-чу шарахь баккхийчу нехан а, заьIапхойн а цIийне балха кхайкхира иза хIетахь цигахь директор хиллачу Хацаева Тамарас. Нохчий атта балха оьцуш а ца хилла цига хIетахь, Зайнап дуьххьарлера нохчийн медйиша яра интернатехь. 1990-чу шерашкахь нохчийн къомана бала тIебеанчу халачу  муьрехь, массо стаг тIамах ведда махках ваьлча а, баккхий нах дIа ца тесна З.Тавгиреевас. Шен бераш  ГIебартойн-Балкхаройчохь а долуш  Соьлжа-ГIалахь Iийра Зайнап, интернатехь берш байлахь ца бита. Цунна цу гІуллакхашка  тІехь доккха  накъосталла дора хIусамдас Олхазара.

1994-чу шеран 14-чу декабрехь баккхийчу нехан цIийнан гIишло йолчу бомбанаш етта йолийра. Зайнап ГIалгIайчу яхара ша Iуналла деш болу баккхий нах кIелхьара баха цигахь  меттиг лаха. Эххар, Нохчийчохь ЧIуьлга-Юьртахь школан спортзал хиллачу гIишло чохь меттиг кечйина, МЧС-ца барт бина, цIаеара иза. Цунна хууш дацара, Москвахь динчу омрица шайн интернат дIакъовлуш юйла. Баккхий нах, заьIапхой Россин тайп-тайпанчу шахьаршкарчу интернаташка дIасабийкъира. Висина волу 11  нохчи ГIалгIайчохь Пседахехь йолчу психо-неврологин диспансере хьажийра. Декабрь бутт чекхбалале,  берриге а баккхий нах дIаса а бекъна, интернат дIаяьккхира.

Цул т1аьхьа ши бутт хан яьлча,  Соьлжа-ГIалин №3 йолчу больницина уллехь хиллачу санаторин гIишло чохь кхеран интернатехь хилла баккхийнах бу аьллера цхьаммо  Зайнапе. Цу хаамах цецъяьлла, яханчу Зайнапана дуккха а баккхий нах карийра цу чохь. Бакъду, уьш «кхуьнанаш» бацара. Цигарчу коьртачу лоьро ма-аллара, Нохчийчоь мел ю, тIамах кIелхьара баьхна, подвалаш чохь, арахь карийна, схьабалийна къаной  хиллера уьш. З.Тавгиреевас ша Баккхийчу нехан цIийнахь медйиша хилла ю аьлча, оцу санаторехь хиллачу лоьро интернат меттахIоттаяйтар дийхира зудчуьнга. Зайнапа хIуъа аларх тIе ца дитира лоьро, эххар а, Баккхийчу нехан цIа  юха схьаделла деза аьлла барт хилира кхеран. Дукха хан ялале  2000-чу шеран апрелехь  интернат меттIахIоттийра.

Цуьнан директор Тавгиреев Олхазар хIоттийра.  2002-чу шарахь Нохчийчоьнан Правительствехь йинчу терактехь кхалхар нисделира цуьнан. Цул тIаьхьа церан кIант Тавгиреев Рамзан ч1аг1вира интернатан директор. Иза таханлерчу дийнахь а цигахь болх беш ву.

Дукха халонаш хилла интернатан исторехь. Дукха хIума ган а, лан а дезна «къинхетамечу» коллективан а, баккхийчу нехан а, заьIапхойн а. Къинхетаме, собаре, догцIена воцучуьнга болх бан а лур барий  ишттачу  меттехь.

Таханлерчу дийнахь марказан шолгIачу гIат тIехь Iаш къонанаш бу. Царна юкъахь шайн доьзалш кхоьллинарш а бу. Шайн-шайн чоьнаш шайна хазахеттачу агIор кечйина Iаш бу уьш. Коллективна а, цара тIехь Iуналла дечу баккхийчарна а, къоначарна а юкъахь йолчу юкъаметтигаша дагна йовхо йохьу. Башхачу хазахетарца дуьйцу Зайнапа шайн доьзалш кхоьллинчарех лаьцна. Уьш кегий болчу хенахь цхьана Берийн цIийнахь кхиъна бу. Ткъа Геронтологин марказ схьайиллинчул тIаьхьа ГIалгIайчуьра кхуза схьабалийнера уьш.

Белхахой а цхьаьна, интернатехь мел верг тайп-тайпанчу къомах ву. Бакъду, шаьш йоккху хан даима  барт болуш яьккхина цара. Баккхийчара а, кегийчара а, могушчара а, заьIапхоша а цхьабосса хестайо Зайнап. Гергара стаг воцуш йисина нохчийн цхьа йоккха стаг ю оцу марказехь. Беран санна долчу юьхь-сибатца, кIедачу озаца къаьста иза массарна юкъахь. Зайнап шега хьал-де хатта тIееача, цуьнан куьйгаш  лоций, хьоьсту иза йоккхачу стага.

Къоначарех дукхахболчара  «мама» олу Зайнапах… Бераш санна, цунна марахьерча уьш… «Суна сайн мамица сурт даккхал!» – олий, къевллина мараюллу оьрсийн йоIа Зайнап. «Ткъа со хIун динарг ю?!..», –  олий дегабаам бо кхечо. «ХIорш дерриш а ду сан бераш», – олуш, Зайнапа хьаьстича, елакъежий, шен дегабаам бицло дагабаамечунна. Оцу суьрте хьоьжуш, лаамаза бIаьргех хи долу. Дуьненахь кхин гIортор я тIетевжийла йоцуш бисинчу, цу тIе цомгуш а болчу нахана (интернатехь-м уьш бIе гергга ву) баккъал а нана хилла лаьтта Тавгиреева Зайнап. Ма ирс долуш стаг ю-кх иза!.. Нахана цхьа а зулам, зен даза, цIена дегнаш долчу заьIапхошна а, дуьненан дегайовхо шайгахь йолчу баккхийчу нахана а оццул ша дукха езаш йолу. Чохь воккха стаг воцу цIа цхьа тамашийна деса хуьлу… Зайнапан цIа-м хир дац цкъа а деса я иза ша а юьсур яц дуьненахь цхьалха. Дуьненахь мел еха, хир бу цуьнан шех даима «нана» олурш.

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: