Нохчийн къоман театран актриса ю Давдаева Леда. Ханна дукха йоккха яцахь а, къегина сценически белхаш бахьнехь ша махкахь йовзийта, ларамца цIе яккхийта кхиъна иза. Театран сцени тIехь цо кхоьллина васташ «чомехь» а, чулацаме а нисло. Цундела дуьсу уьш еххачу ханна хьовсархойн дегнашкахь, цхьа шатайпа ховха безам хьуьнаречу актрисига кхуллуш. Цо цкъа а тоам ца бо кхиамах, иза даима еха сирлачу кханенах дегайовхо кхобуш.
Вайн махкахь ткъех шо хьалха къинхетамза кхихкинчу тIеман кIуьрлахь чекхдаьлла Давдаева Ледин бералла. 1989 шеран 13 майхь Соьлжа-ГIалин Турбина олучу поселкехь дуьненчу яьлла йоI. Школехь доьшуш йолуш дуьйна цхьа лаам бара йоьIан садууш. Цунна чIогIа лаара актриса хила. Оцу лаамо ялийра йоI Нохчийн пачхьалкхан университетан актерийн отделене. Вайна массарна бевза, дукхабеза артисташ бара студенташна хьоьхуш: Марисултанов Iела, Джамаев Iимран, Давлетмирзаев МутIелип. Царна сихха билгалъелира похIма долу йоI. Цундела хьалхарчу курсехь доьшуш йолуш къоман театре балха дIаоьцу къона актриса. Цхьана шарахь болх бо Ледас цигахь. Делахь а, дешар а, болх бар а цхьаьний дIакхехьа хала хиларна, шен лаамехь дIаелира йоI театрера. Цунна цу муьрехь дешар коьрта хийтира. 2009 шарахь кегийрхойн»Серло» театр схьайиллира, Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолу гIуллакххо Ахмадова Хьава исбаьхьаллин куьйгалхо а хIоттош. Цига балха кхайкхира Ледига. Нохчийн халкъ махках даккхарх яра Ахмадов Мусас язйина «Балане дагалецамаш» цIе йолу пьеса. Цу тIехь хIоттийначу, изза цIе йолчу спектаклехь яра къоначу актрисе кхаьчна дуьххьарлера роль. Бер делла, оцу къаьхьачу гIайгIано тиларчу йигначу зудчун васт дара Ледас кхолла дезарг. Ала деза, юьхьанца шеконаш яра, къоначу йоIе ловзалур юй-те и чолхе роль бохуш. Делахь а ца моьттачу кепара ларийра йоI шена режиссеро тIедехкинчу декхаршца. Цул тIаьхьа а алссам ролаш ловзийна цо «Серло» театран сцени тIехь. Комедеш, трагедеш цкъа а къаста ца йина. Муьлхха а роль шега схьакховдийча, цунна тIехь де а, буьйса а ца лоьруш къахьегна актрисас. Хьовсархойн сирлачу дагалецамашкахь йисинчарех ю «Денисолта», «Марчо эца вахнарг», «Заза даьккхинчу бешахь кIайн цIа», «Ишкап» спектаклашкахь цо ловзийна ролаш. Къаьсттина Нохчийн Республикин халкъан яздархо волчу Ахмадов Мусан драматурги тайначух тера ду къоначу актрисина. Къегина похIма цуьнгахь хилар а, корматалла лаккхарчу говзаллин тIегIанехь хилар а хета цунна балха тIехь гIортор хилла лаьттарг. Цо лерина болх бо хIора васт кхуллуш, пьесин авторо схьакховдийначу хьелашна тIаьхьа кхиа гIерта! Къоначу актрисин бIаьрла кхиам лара мегар долуш ю оьрсийн яздархочо Непряхин Михаила яздинчу «Волшебная лампа Алладина» цIе йолчу туьйран тIехь режиссера Умаев Рамзана хIоттийначу изза цIе йолчу спектаклера роль а. Цу спектаклехь принцессин роль ловзийра Давдаева Ледас. Актрисас дийцарехь, цунна чIогIа хазахета режиссераца Ахмадова Хьаваца болх беш. Къаьсттина дукхаеза цунна шен репертурехь Ахмадов Мусас язйинчу «Буьйсанехь адамаш» цIе йолу пьеси тIехь цо хIоттийна изза цIе йолу спектакль. Iайшатан васт дара Ледас цу спектаклехь кхоьллинарг. Коьрта роль яра иза. ТIамо Iовжийна, мацалло гIелдина буобераш дара кхуьнан турпалхочух тешна ларми чохь диснарш. Хала роль яра иза, адамалла, къинхетам, собар, цуьнца цхьаьна доьналла оьшуш сурт дара хьовсархошна хьалха хIоьттинарг. Делахь а, шен дерриге а хьуьнарш орцах а даьхна, хьовсархошна товчу агIор ловза-м йира йоIа и роль. Ша безаш юьхьарлаьцначу некъе болу ховха безам бара Давдаева Ледина Iайшатан чолхе васт кхуллуш орцах баьлларг.
Масех шарахь «Серло» театрехь болх бинчул тIахьа, хIинца Х. Нурадиловн цIарах йолчу нохчийн драматически театрехь къахьоьгуш ю Леда. Амма муьлххачу театрехь елахь а, ша дийриг цIенчу даггара, хьовсархой реза бан лууш до цо. Иза цIенчу даггара йоккхае ша хаьржинчу некъах.
А.ГАЗИЕВА
№95, шинара, 25 август, 2015 шо