Доьзал ларбан безар а дицдеш…

ТIаьхьарчу хенахь вайн республикехь шуьйра даьржина зуда йитар а, цунна тIе зуда ялор а. Цу хьокъехь гIараваьллачу нохчийн яздархочо Айдамиров Абузара яздора: 

«Зуда йитар – Iаламат чолхе а, жоьпалле а гIуллакх хилла нохчийн къоман Iадатехь, ткъа шариIатехь хIинца а иштта долуш ду иза. Нохчийн Iадатехь зуда йита бакъо яцара, нагахь санна цуьнгара цхьа боккха бехк ца баьллехь. Иштта бехк баьлла йитина цIа еанчу зудчунна тIехь эхьан томмагIа дуьсура цуьнан ерриге а оьмарехь. И эхь цуьнан гергарчу нахана тIе а догIура. Цундела, цара шайн невце я цуьнан гергарчу нахе а цхьаьна жоп доьхура: шайн зудчуьнгара хIун бехк баьлла яийтина цIа, хIусамдена муьтIахь, тешаме яцара иза, я доьзална хьалха шен декхарш кхочушдан хьекъал, кхетам, могашалла йоцуш гIорасиз яра иза, олий. Иштта цхьа бехк ца баьллехь, зуда йита бакъо яцара майрачун», – бохуш.

развод

Цу хьокъехь оха  динчу хаттарна  жоп луш Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочун хьехамчас Осмаев Iусмана дийцира:  «ШариIатехь майрачунна зуда йита бакъо ло, нагахь санна и зуда я хьекъалх тилла, я бIаьрзе, я дарба доцуш уьне цамгар йолуш елахь, я хIусамдена тешаме яцахь, я доьзалхо ца хуьлуш елахь, я хIусамдеца цхьаьна Iен ца мегаш, дегIаца сакхташ делахь, я хIусамдена а, доьзална а хьалха шен декхарш кхочушдан гIорасиз елахь. Царах муьлхха а цхьа бахьана я бехк зудчуьнца белахь, иза йита, цунах дIакъаста бакъо ю майрачун, амма царах цхьа а бахьана, бехк цуьнан бацахь, иза йита бакъо ца ло. Оцу бахьанех цхьаъ майрачуьнца делахь, зудчунна а бакъо ло цунах дIакъаста. Царал совнаха, майрачух дIакъаста зудчунна бакъо ло, нагахь санна иза тIех верстина велахь.

Амма и сакхташ я бехкаш доцу зуда йитар нийса ца лору шариIатехь. Ткъа нохчашлахь дукха меттигаш нисло шена муьтIахь, тешаме, могаш, оьзда, къинхетаме йолу зуда шена кIордийча, иза цIийнах, доьзалх йоккхий, дIайохуьйтуш я цунна тIе зуда ялош.

ШариIатехь цхьана боьршачу стеган йиъ зуда хила магийнехь а, зуда йитар а, зудчунна тIе зуда ялор а, цхьана хенахь ши зуда хилар а Iаламат кIезиг ду вайна гонаха дехачу бусулба къаьмнашлахь».

– «Хетарехь, яздора Абузаров Айдамира, нохчашлахь шариIат а, къоман Iадат а талхош зуда йитар я зудчунна тIе зуда ялор а Шемалан заманахь юкъадаьлла. ХIетахь, иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тIамо дуккха а божарий дIахьора, зударий жоьра буьсура, кхиъначу мехкаршна маре баха божарий ца тоьара. Оцу бахьанашна дуккха а лахделлера бераш дуьненчу довлар, тIамо лахдина къам тIекхиар. Ткъа Шемална тIемалой оьшура, цкъа-делахь, бераш хилийта а, шолгIа-делахь, марехь боцу зударий зина даран новкъа ца бовлийта а Iалашо йолуш. ШариIат а, Iадат а талхош Шемала юкъадаьккхира маре баха хан йолу мехкарий а, къона жоьра зударий а, зудчунна тIе маре бахар а, бигар а тIедожош. Йоьдучун а, ялочун а бертаза зудчунна тIе зуда йига дуьхьалваьлларг ор чу а вуллий, иза реза хиллалц дийнахь-бусий цуьнгара эппаза гIуда а доккхуш, цу чохь латтавора.

Иза а цхьа масал ду тIамо адамаш оьздангаллех дохош хиларан. Диканиг, оьзданиг адамашка тIелацийта, леладайта хала хуьлу, ткъа зуламечо сиха орам тосу. ХIетахь, оцу тIеман заманахь, талхо долийна шариIат а, къоман Iадат а, и тIом чекхбаьллачул тIаьхьа а халкъана юкъахь дисира».

«Доьзал ийманах, оьздангаллех бохучу бахьанех цхьаъ а, нохчийн къам кхетамна тIаьхьадисаран билгало а ю нохчийн божарша дукха зударий балор а, зударша дукха маренаш дар а, зударшна, берашна тIе зуда ялор а, маре яхар а. Бусулба динехь божаршна еанга кхаччалц зуда хила магадо бохучух нийса ца кхета цхьаберш, – бохура I.Осмаевс.

– Ийманехь, могаш, оьзда, хIусамдена тешаме, муьтIахь йолчу зудчунна, берийн нанна тIе зуда яло магош меттиг яц.  Къуръана чохь а,  хьадисашкахь а, шариIатехь а. (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайн Пайхамара дуьххьара ялийна Хадижат цул пхийтта шо йоккха хилла, амма иза дуьненахь йолуш цунна тIе зуда ца ялош, цуьнца бертахь, вовшашна муьтIахь ткъе пхеа шарахь ваьхна иза. Зудчунна тIе зуда яло божаршна  магош я нийсса аьлча, еанга кхаччалц зуда хила тардолуьйтуш бахьанаш а, некъаш а ду шариIатехь. Коьртачу декъана уьш, лакхахь вай дийцина, зуда а, майра а дIасакъаста бакъо луш долу бахьанаш ду».

Зударшна юккъехь цIийндас ян езачу нийсонах лаьцна а дийцира Осмаев Iусмана:

–  Къуръана чохь боху, нагахь санна айхьа балийначу зударшна юккъехь хьайга нийсо ялур елахь, верас воцуш байлахь йисина йоI ялае, шиъ, кхоъ, еанга кхаччалц. И нийсо хьайга ялур яцахь, цхьаъ ялаяй, цуьнца ваха.

/4 сурат, 129 аят/.

(Делера салам-маршалла  хуьлда цунна) вайн Пайхамара а, цуьнан асхьабаша а зудчунна тIе зуда ялош хилла, нагахь санна иза яло цхьа доккха бахьана хилча. Масала, бухара зуда цамгаро лаьцна я заьIап, я доьзалхо ца хуьлуш, я божабер ца хуьлуш, дуьненчу даьлларг ца дуьсуш хилча. Цкъа-делахь, тIе ялон зуда бухарчун бертахь, иза реза а йолуш ялайора. ШолгIа-делахь, тIе ялон зуда муьлхха а, шайна хазъелларг ца ялайора. Да-нана, верас воцуш байлахь бисина мехкарий а, хIусамдай белла, я тIамехь байъина, берашца жоьра бисина зударий а балабора. И шаьш бало зударий шайн берех а ца къастабора, берашца цхьаьна балабора, Делан дуьхьа оцу зударийн а, берийн а дола дан, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайн Пайхамара шийтта зуда ялийна боху, царех бархI гIазотан тIамехь хIусамдай белла жоьра бисина, цхьаберш байш кхобуш болу зударий хилла».

Ткъа нохчаша зудчунна тIе зуда муха ялайо вайна хаьа. Бухара зуда ийманехь, оьзда, могаш, шена муьтIахь, тешаме йоллушехь, цуьнан кIентий, йоIарий  боллушехь, иза шен хIусамдеца а, берашца а яха лууш йоллушехь, шайна хазъелла муьлхха а зуда ялайо. Цу тIе, ялочу зудчун бераш делахь, иза царех а къастош. Керлачу майрачо цуьнан бераш ненаца дIа ца дуьгу, иза берашна тIе а ца йохуьйту, берийн дас цунна бераш ца гойтуш меттигаш дукха хуьлу.

ХIусамдай а белла, берашца  бисина нохчийн зударий, цхьа наггахь ерг бен, бераш дIа а тийсина маре ца йоьду. Хийла къона, хаза зударий бу иштта бисина, бераш кхобуш  Iаш,  къанлуш. Декъаза хуьлу церан дахар. Ков-керт церан кочахь хуьлу. Берашна рицкъа, тIедуха, когадуха латтадо цара. Бераш даккхий хилча, кIенташна зударий бало, йоIарий маре бахийта гIайгIа бо.

Кхин тайпа зударий бу, берех а къастош битина цIа бахкийтина, кхечанхьа маре а бахана шайн берийн сий ца дайа, царна эхь ца дан, маре а ца боьлхуш къанлуш. И шайх дIакъастийна бераш даккхий хилча, мацца а цкъа шайна тIедерзаре, царах шайна тIетовжийла хиларе сатуьйсуш Iаш.

Маре дарал хала, чолхе ду шариIатехь зуда а, майра а дIасакъастар, я вуьшта аьлча – зуда йитар. Оцу хьокъехь  а аьлла Къуръана чохь а, (Делера салам-марашалла хуьлда цунна) Пайхамаран хьадийсашкахь а. И дерриге а – зудчун бакъонаш, сий, оьздангалла, могашалла ларъеш, доьзал ца бохийта, чIогIа бух буьллуш а ду.

– ГIуллакх зуда а, майра а дIасакъаьстачу даьлча, цаьршинна цхьатерра бакъонаш ло шариΙато. Шиннах цхьаъ вукхунна ямарт, зина лелош делахь а; шиннах цхьаъ иэсах даьлла делахь а; шиннах цхьаъ бΙаьрзе делахь а; цхьаьннан дарба доцу цамгар елахь а; шиннах цхьаьннан цхьаьна Iен ца мегаш  сакхат делахь а; майрачух дIакъаста зудчунна бакъо ло, нагахь санна майра барамал тIех верстина велахь а.

Царал совнаха, зудчунна а, майрачунна а дIасакъаста бакъо ло, нагахь санна, шиннах цхьаъ мел аларх, дехарш дича а, кхерамаш тийсича а, Далла Iамал еш дацахь. Нагахь санна, зудчунна а, майрачунна а юккъера безам, марзо, барт, меттахIуттур боцуш, боьхна дIабаьллехь, иза меттахΙотто цушиннан гергарчийн ницкъ ца кхачахь. ТIаккха  шаьш а, доьзал а Iазапехь ца латто, цаьршинна дIасакъаста бакъо ло шариIато.

Бакъо ца ло доьзалхочух йолу  зуда йитина, араяккха. Нагахь санна, зуда доьзалхочух елахь, цунах иза паргIат яллалц, цунна оьшург а латтош, иза хьайн хIусамехь кхаба, ткъа иза доьзалхочух паргIатяьлча, шаьшшиъ цхьаьнакхеташ хиллачу бартаца зудчунна дала тIелаьцна урдо, кхидолу совгIаташ /ахча, мотт-гIайба, даьхни, кхиерш/ иза реза еш дIа а луш, ши стаг теш хIоттош, йита боху /65 сура, 1,2,4 – 7 аяташ/. Дейтта-пхийтта шо кхаччалц бер нанна кхачадо шариIато, нагахь санна иза ийманехь кхетош-кхио ненан таро елахь. Оцу хенахь берана оьшург латтор майрачунна тIедожадо.

Лаххара а шина шарахь шен бер  дакхор нанна тIедожадо Къуръано /2 сура, 233 аят/. Оцу декхарх и паргIата йоккху, нагахь иза цомгаш, сакхте, некхехь шура йоцуш елахь. ТIаккха бакъо ло кхечу зудчунга бер дакхадайта, нагахь и аьтто бацахь, кхин кхача бао. Ткъа вайн зударша хIун до? Шайн догIмаш кепах, куьцах духур ду бохуш, цкъа а некхе а ца ухьуш, туьканара оьций шишанашца кхача баабо берашна.

Иштта, пхийтта шаре даллалц бер ненаца хила деза аьлла ду бусалба динехь. Ткъа майрачо доьзалхочунах а йолуш йитинчу зудчо шен бер дуьненчу ма-даьллинехь, цкъа некхе а ца ухьуш, майрачун нахе дIалуш, я ша майрачо йитина дIайохуьйтуш  долу жима бер дIа а тосий дIайоьдуш а меттигаш мел дукха хуьлу вайна юкъахь, – бохура I.Осмаевс.

– Ишттачу берийн ирс а муха хир ду, уьш иманехь а хьан кхиор ду, иштта доьзал боьхначу я бохийначу доьзалехь ийман а муха хир ду?

Доьзал кхолла стаг а, зуда а цхьанакхеташ дуьххьара йоккхучу гIулча тIехь цхьаболчара дуьззина кхочуш ца до Дала, бусалба дино  тIедехкина декхарш. Уьш кхочуш ца до зуда а, майра а дIасакъаьсташ а. Нана а, бераш а вовшех къестош доккха  къа латадо вай, – яздина А.Айдамировс.

Цундела, кхечу бусулба къаьмнашца дуьстича, нохчийн къома юкъахь Iаламат дукха бу шозза-кхузза,  зударий балийна божарий  а, иштта маренаш дина зударий а, да-нана дуьненахь дийна а долуш, царах хаьдда  дисина, дакъазадевлла бераш а ду.  Бакъду  тIаьхьарчу шерашкахь деш, дуккха а лахбелла вовшех къаьстачу доьзалийн барам.

Б.ДУДАЕВА

№95, шинара, 25 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: