Буоберашна – прокуроран гIо
ХIокху деношкахь республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис тIедилларца кхиазхойн а, кегийрхойн а бакъонаш ларъярна тIехь таллам латторан лакхара гIоьнча а, ведомствон аппаратан кхиболу белхахой а. Республикин буоберийн, дай-нанойн Iуналла доцуш дисинчу берийн № 2 йолчу школа-интернатехь хилира. Цигахь царна девзира берийн дахаран хьелаш, ладуьйгIира церан хьашташка.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш Нохчийчоьнан прокуроран цIарах цуьнан шен ахчанах эцна йолу, Iер-дахаран хьаштийн техника елира берашна. Шайн гIайгIабарна, иштта доккха совгIат дарна хьешашна даггара баркалла элира дешаран учрежденин куьйгалло а, бераша а.
Энергетикаш жоьпе озийна
Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министерствехь коррупцина дуьхьал къийсам латторан закон кхочушдаран гIуллакхашна таллам бечу хенахь регионан прокуратурин векалшна гучуделира пачхьалкхан шина гIуллакххочо 20I4-чу шарахь шайн хиллачу бахамах хаамаш бечу хенахь шаьш йоьхкинчу квартирех шайна хиллачу пайданах дерг цахаийтар. Къинхьегам ларбаран а, техникин кхерамазаллин а отделан хьаькама иштта къайладаьккхира шена тIаьхьарчу кхаа шарахь тIебеанчу механ йолу машен ша эцар.
Цул совнаха гучуделира пачхьалкхан ши гIуллакххо а, ведомствона чуйогIучу унитарни пхеа предприятин директорш а коммерчески организацийн куьйгалхой а хилла хилар. Цу тIе, цхьана предприятин директорна шен коьртачу балхаца доьзна доцу гIуллакхаш лелорна 2014-чу шарахь 253 эзар соьман барамехь пайда тIебеана хилла.
Республикин прокурора шен актаца промышленностан а, энергетикин а министрана тIедиллира гучудаьхна кхачамбацарш дIадахар. Бина хилла лехам буьззинчу барамехь кхочушбина: унитарни предприятийн директорша коммерчески организацешна тIехь куьйгалла даран гIуллакхаш совцийна, шайна тIебеана хиллачу пайданех лаьцна хаамаш ца бина ши белхахо низаман жоьпе озийна.
Нана шен берах ца яьккхина
Берана тIехь хьакъ доллу Iуналла деш цахиларна Едиева Лида ноналлин бакъонах яккхар доьхуш Израилова Луизас бинчу лехамна 20I5-чу шеран 9-чу июнехь жоп делира Хьалха-Мартан гIалин суьдо.
Хьалхарчу тIегIанан суьдо бинчу сацамна дуьхьал елла хилла апелляци къастийра кху деношкахь Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан граждански гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллегехь, дакъалоцуш прокурор Чермоева Мадина а йолуш.
РФ-н Доьзалан кодексана тIе а доьгIна гIуллакх теллича, Едиева шен ноналлин бакъонех яккха бахьана ца карийра суьдан коллегина. Цундела прокурорана хеташ дерг хьесапе а оьцуш, лакхарчу тIегIанан суьдо Хьалха-Мартан гIалин суьдо бина хилла сацам ца бохош битира, ткъа апелляцин арз динчунна жоп ца делира.
Галморзахаллаш карийна
Пачхьалкхан хIусамийн фондера социальни бартаца чохьIен чоьнаш яларан хьокъехь долу Нохчийн Республикин закон толлуш цуьнан цхьайолу положенеш федеральни законан лехамашца галморзахйовлуш карийра регионан прокуратурина.
Республикин прокуроран протестаца нийса а догIуш, хьалхахIоттийна федеральни законца йолу галморзахаллаш дIаяхар.
Бакъо йоцуш наркотикаш Iалашъярна
Пачхьалкхан бехкевархочо Сугаипов Мохьмада дакъа а лоцуш, Шелан районан суьдо дукха хан йоццуш къастийра Дохаев Мохьамадна дуьхьал долу уголовни гIуллакх. Иза бехкевора РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъаца (йохка Iалашо йоцуш баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцар а, Iалашъяр а).
2014-чу шеран июлехь Дохаевс бакъо йоцуш 140,14 грамм якъийна каннабис (марихуана) ийцира шен хьашташна, ша волчохь иза Iалаш а йира полицин белхахоша лаццалц.
Прокурорана хетачуьнца реза а хилла, суьдо зулам дарна Дохаев бехке а лерира, юкъарчу рожан колонехь яккха 3 шо хан а туьйхира.
Таллам чIагIбар тIедиллина
Кху шеран хьалхарчу эхашарахь бинчу белхан жамIаш деш хиллачу коллегехь регионан прокурора Ш.Абдул-Кадыровс тIедиллира къинхьегамна ахчанца доцуш ял яларехь къинхьегаман а, налогийн а законаш кхочушдарна тIехь латтош болу таллам чIагIбар.
Динчу хьесапаша гайтина цхьаболчу куьйгалхоша натуральни ял яларх пайдаоьцуш къинхьегаман бакъонан нормаш кхочушъеш цахилар. Дукха хьолахь белхан алапа дIало белхахочо яздина дехар а доцуш, къинхьегаман договорийн хьелаш талха а деш. Иза дарца оцу кепара луш долчу алапашна тIера налог ялар нийса билгал ца доккху. Шуьйра даьржина къинхьегаман юкъаметтигаш хьакъ ма-дду чIагI ца яр.
Оцу декъехь долчу талхорийн барам лакхара хилар хьесапе а эцна, районийн прокурорашна тIедиллина налогийн органашца цхьаьна таллам баран хьакъ доллу гIуллакхаш дар.
Кадастр лелорехь – талхораш
Шуьйтан районашна юкъарчу прокуратуро бинчу талламаша гайтира меттигерчу шаьш урхалла даран органаша пачхьалкхан кадастран лехамаш кхочушбарехь закон талхош хилар. Ша аьлча, меттигерчу яртийн администрацеша пачхьалкхан кадастрана тIехь шен хеннахь билгал ца баьхнера церан долахь болчу бахамийн хьокъехь болу хаамаш.
Гучудаьхначу оцу талхораша гражданийн а, бахамлелоран субъектийн а бакъонаш талхорна хьелаш кхуллуш хилар хьесапе а эцна, районашна юкъарчу прокурора Натаев Асланбека оцу гIуллакхана бехке болчарна дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь 7 гIуллакх долийна РФ-н КоАП-н 14.35 статьян 3-чу декъаца нийса а догIуш. Оццу хенахь муниципальни цхьаьнакхетараллийн куьйгалхошна хьалхахIоттийна и кхачамбацарш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадахар.
Ведомствон сайта тIера
хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№95, шинара, 25 август, 2015 шо
