Саракаев Хьамзат

1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийна, нохчий, гIалгIай шайн даймахка цIаберза буьйлабаларца цхьаьна меттахIоттийна, арахеца долийра республикин «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газет. Дуьххьара дIадолош долу муьлхха  гIуллакх а ма-хиллара, яккхийчу халонашца арахийцира газетан хьалхара номер. Тоьаш бацара газет арахецаран гIуллакх девзаш болу белхахой.

Саракаев_Хамзат

Газетан хьалхара номер ара а хецна, «кхидIа а иштта чолхечу хьелашкахь болх бан дезар ду-техьа?» – боху ойла а йолуш, коллектив шолгIачу номерна кечамбеш йолчу хенахь хIетахь шиъ бен ца хиллачу цхьана кабинета чу веара редакцин жоьпаллин секретарь Исмаилов Халид, шеца цхьа безамехь жима стаг а волуш.

– ХIара вайн керла белхахо ву, – элира цо, жимачу стаге дIа а хьожуш. – Кхуьнан да а, нана а, вежарий а хилла журналисташ. Со тешна ву: кхунах а хир ву дика газетчик. Журналистика кхеран доьзалан корматалла ю. ХIара Саракаев Хьамзат ву.

Х.Исмаиловс СаракаевгIеран фамили яьккхича, суна оцу минотехь дагавеара соьца цхьаьна Алма-Ата гIалахь нохчийн маттахь арадолуш  хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетан редакцехь болх беш хилла Саракаев Хьамзатан ваша – Азамат. Дика журналист а, гочдархо а вара Азамат. ХIетахь а хезнера суна Азаматг1еран  да а, вежарий а – массо а журналисташ хилла олуш. Оцу хенахь «Къинхьегаман байракх» газетера дIа а ваьлла, со цIа вогIуш, Азамат цигарчу редакцехь виснера. Иза гуттар а дагахь вара суна. ХIунда аьлча Азамат ша оьзда а, гIиллакхе а, шен балхах дика кхеташ а хилла хиларна. ХIетта дахаран новкъа хIуттуш волчу суна балхахь гуттар а гIо дора цо. Цуьнан дара шех масал эца, шех Iама дуккха а диканиг. Ткъа хIинца кхолламо юха а цхьаьна нисвира со СаракаевгIаьрца.

Юьхьанца суна моьттура болх караберзо, нохчийн маттахь яздан Iама Хьамзатна мелла а хан оьшур ю. Амма цу тIехь со гIалат хиллера. Хьамзат хьалхарчу деношкахь дуьйна, ша и болх беш дуккха а шерашкахь Iийна хилча санна, нохчийн маттахь дика яздан а, балхах дика кхета а волавелира.

Уггаре а мехалниг дара иза говза гочдархо а хилла хилар. Цу хенахь и болх редакцехь коьрта ларалуш бара, хIунда аьлча газет официальни материал дукха зорбатоха декхарийлахь хилла хиларна. Цуьнан шега безам бохуьйтуш йолу уггаре а коьрта дикалла яра Хьамзатна оьрсийн мотт, йоза хааран, дуьне довзаран, лела хааран барам цхьаболчу кхечерачул дуккха а лакхара хилар. Билгалделира дерригенна а тIехь Хьамзат оьзда, гIиллакхе, тIеюхучу бедарца, шен дика хатI долуш, нахаца йолчу юкъаметтигашкахь кIеда-мерза хилар. Доцца аьлча, бакъволу интеллигент вара Хьамзат.

Шен дикачу гIиллакхашца, амалшца редакцин коллективана юкъаваха а, шен сий-ларам баре кхача а, цуьнан дог хилла дIахIотта а хиира Хьамзатна. Дукха хан ялале редакцехь вовшахкхийтира болх бан а, хьалхахIиттош долу муьлхха а декхарш дан ма-деззара кхочушдан а хьуьнаре йолу коллектив. Балхахь кхечарна масал гойтуш, хьанал болх беш вара Саракаев Хьамзат, Хасмагомадов Хьамид, Ахмадов Iумар, Саракаев Азамат, Дадашев Iабдулла, Кагерманов Докка, Ибриев Сайд-Эми, Джабраилов Мохьмад, Батаев Мустафа, Магомаев Леча, кхиберш а.

Хьамзатца гергарло, доттагIалла хилар муьлххачу а стагана юьхькIам бара. Балхах кхетарца а, журналистан корматалла шаръяларца а редакцехь кхуьуш дIавахара Хьамзат. Иза ца гуш ца дисира партин обкомерчу куьйгаллина а. 1961-чу шарахь республикин радион болх тобан дIавигна, цигахь юьхьанца лакхарчу редакторан, цул тIаьхьа коьртачу редакторан белхаш бира цо дуккха а шерашкахь.

Хьамзат редакцехь болх беш волчу хенахь дуьйна шен кхоллараллин ницкъаш зен волавелира. Цо газете кест-кеста язъян йолийра очеркаш, публицистикин статьяш, кхийолу материалаш. Ткъа цуьнан хьалхара стихаш редакце балха а вале язйина яра, аьлча а, вай цIера а дахале. 1940-чу шарахь араелира «Вайн иллеш» цIе йолу гулар. Цунна юкъаяхара цуьнан кхиазхочун шерашкахь язйина стихаш. Хьамзата коьртачу декъана язйора берашна а, кхиазхошна а лерина произведенеш. Уьш ю «Дуьххьарлера хьуьнар», «Шира гIап», «Халачу некъийн ирс», «Нихлара тIай», иштта дIа кхин а.

глорнглнг

Шен кхоллараллин балхахь яккхий 1алашонаш йолуш вара Хьамзат. Язйина керла произведенеш зорбатоьхна, арахецаран йолуш йолу таронаш шена кхачаме ца хетара цунна. Цундела цо тIаьхь-тIаьхьа керла некъаш лоьхура шен кхоллараллин белхаш  ешархошка дIакхачорна, царна уьш бовзийтарна. Оцу Iалашонца 1994-чу шарахь цо схьадиллира, ша редактор а волуш, хIора баттахь арадолуш долу литературин-исбаьхьаллин «Вайнах»цIе йолу керла журнал. Иза арадала доладаларца алсамъевлира Хьамзата язъеш а, зорбатухуш а йолу материалаш. Ша бакъдуьнена верззалц ца йитира Хьамзата ша жима волуш дуьйна хаьржина яздархочун, публицистан сийлахь корматалла. Цо шен кхоллараллица йоккха хазна юкъайиллина нохчийн литература, журналистика, публицистика кхиорна.

Саракаев Хьамзат вина 1927-чу шеран 31-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан да ИбрахIим-Бек а, нана Марем а – ший а нохчийн дуьххьарлерчу журналистех, яздархойх дара. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, школехь дешар чекхдалаза а долуш, хьехархочун болх бан дийзира. Махках даьхна, нохчий Казахстане дIабахийтинчул тIаьхьа Туркменерчу Чарджоу гIалахь хIордан а, хин а флотан штурманийн училище деша вахара. Иза деа шарахь кхиамца доьшуш, чекх а яьккхина, Аральски хIордан хIордкеманан капитанан гIоьнчин болх бира. Республика меттахIоттийначул тIаьхьа цIа богIучу хьалхарчаьрца цхьаьна даймахка юхавеара.

Хьамзата а, цуьнан хIусамнанас Тамарас а кхиийна, дахаран новкъаваьккхина ши кIант а, кхо йоI а. Дега-нене хьаьвсина, оьзда кхиъна уьш.

Саракаев Хьамзат кхелхина 2013-чу шеран апрелехь.

 

С.МАГОМАЕВ

№95, шинара, 25 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: