Коррупцица къийсам латторан хьокъехь тIеэцначу указашца а, законашца а, сацамашца а нийса а догIуш, и болх хаддаза дIахьош бу Соьлжа-ГIалин Октябрьски районерчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшахь (КЦСОН). Цигахь оцу балха тIехь таллам латтор а, иза цхьаьнабалор а тIедиллина КЦСОН-н урхаллин куьйгалхочун социальни балхехула волчу заместительна С.Ю.Цицуевна. Коррупцица къийсам латторан болх дIахьо 2015–2016-чуй шерашна хIоттийначу планаца леррина вовшатоьхначу белхан тобано.
С.Цицуевс дийцарехь, белхан тобано баттахь цкъа кхеташо дIахьо. Коррупцина дуьхьал дIахьош болчу балхах лаьцна дуьйцу учрежденин сайта тIехь а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а зорбатухучу материалашна тIехь. Кеч а бина, дечу гIуллакха тIехь юкъабалабо гIуллакхерчу а, коррупцин гучудийларш хила тарлучу а белхахойн балха тIехь таллам латторан гIирсаш.
Коррупцин хьокъехь хаам беш болчеран таро ю Интернет сайтехула КЦСОН-н куьйгаллица зIе латто. Официальни интернет порталехь схьайиллина леррина йолу агIо, коррупцин гучудийларех лаьцна хаам бан белхахойн таро хилийтархьама. Болх беш ю сихха хаам баран телефон: 8(712) 33-23-05. Лелош ду коррупцин хьокъехь бахархойн хаамаш дIаязбеш долу журнал, иштта гуччу меттехь дIатоьхна ю аьрзнашна а, предложенешна а лерина йолу яьшка. Бакъду, 2015-чу шарахь учрежденин белхахошкара коррупцин гIуллакх лелийна цхьа а меттиг дIа ца язйина. Иштта цхьа а арз дац учрежденин белхахойн балхана а.
З.ФЕДОРОВА
№95 , шинара, 25 август, 2015 шо