Пачхьалкхан байракхан де билгалдаьккхира

Кху деношкахь Веданан районан культурин цIийнехь даздаран хьолехь дIадаьхьира Россин Пачхьалкхан байракхан де билгалдаккхар. Иза цхьаьна вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а,  «Единая Россия» партин  Нохчийн Республикерчу  региональни отдело а. Цигахь дакъалоцуш бара пачхьалкхан органийн векалш, журналисташ,  кегийрхой.

  Россин Пачхьалкхан байракхан денна лерина дIадаьхьначу гIуллакхехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран гIоьнчас Петухов Олега шен а, министран Умаров Джамбулатан а цIарах оцу дезчу денца декъалбира цига дакъалаца баьхкинарш.

Шен къамелехь Веданан муниципальни районан администрацин куьйгалхочо Магомаев Шамила билгалдаьккхира Пачхьалкхан байракх – иза шен ондда бух а болуш,  маьIне хIума хилар.

–  Пачхьалкхан байракх ларар – иза  шен Пачхьалкх  ларар ду.  Август беттан 22 де билгалдоккхуш дагатосу вай Россин пачхьалкхан цхьа дакъа хилар. Ваьш Россихой хиларх дозалла а до вай. ТIаьхьарчу хенахь вайн республика  массо агIор, а кхиъна  йогIуш ю. Вай Росси  юкъахь  хиларан беркате  тIаьхье  ю иза а,  – элира  цо.

Мероприяти ерзош, концерт елира  исбаьхьаллин самодеятельностан дакъалацархоша, ткъа  «Единая Россия» партин  жигархоша  байракхаш дIасайийкъира.

 

И. МАТАГОВ

№95, шинара, 25 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: