«Нохчий Россин исторехь, политикехь, Iилманехь, культурехь»

  Нохчийн а, оьрсийн а юкъаметтигийн исторех лаьцна Россин Федерацин Iилманан хьакъволчу гIуллакххочо, филологин Iилманийн доктора, профессора Туркаев Хьасана язйинчу «Нохчий Россин исторехь, политикехь, Iилманехь, культурехь» книгин йовзийтар хилира Соьлжа-ГIаларчу Айдамиров Абузаран цIарахчу  къоман библиотекин актови залехь.

хьава

 Цигахь дакъалецира Нохчийн  Республикин Iилманийн  академин президента Гапуров ШахIрудис,  историн Iилманийн доктора, профессора Чабагаев Мусас, Нохчийн пачхьалкхан университетан Iилманан а, инновацийн а декъехула йолчу проректора, философин Iилманийн доктора Мазаева Тамарас, Россин Iилманийн академин Iилманан-талламан институтан директора, технически Iилманийн доктора Батаев Денис, иштта кхиболчу Iилманчаша, бевзаш болчу яздархоша, кхечара.

Книги тIехь гайтина 16-чу бIешарера 18-чу бIешаре кхаччалц болу  хиламаш. Цу тIехь дуьххьара гайтина нохчаша Россина тайп-тайпана гIо-накъосталла дина аьлла тоьшаллин кехаташ а, суьрташ а. Россин эскаршкахь 1917-гIа шо кхаччалц йолчу ханна хиллачу нохчийн инарлех, эпсарех лаьцна а, Таймиев Биболта Россица лелийначу машаречу гIуллакхех а, Россин юкъараллин-политикин дахарехь вайна массарна вевзачу А.-Хь.Кадыровс, Т.Эльдерхановс, А.-М.Чермоевс, А.Авторхановс, М.Гайрбековс дакъалацарх лаьцна а шуьйра хаамаш бу книги тIехь.

Нохчийн Республикин Iилманийн Академин Президента, историн Iилманийн доктора Гапуров ШахIрудис дийцира цу тайпа талламаш бовзуьйтуш йолу книга хилар мел мехала ду.

– Iилманан доккха маьIна долуш язйина ю «Нохчий Россин исторехь, политикехь, Iилманехь, культурехь» аьлла йолу книга. 19-чу бIешарахь Кавказехь хилла тIемаш бахьанехь, нохчийн вуон цIе йоккхуш хилла меттигаш дуккха а ю. Цул тIаьхьа, 1944-чу шарахь, вайна ма-хаъара вайнах дIакхалхийначу хенахь, Сталинан омра хилла нохчий хьеха ма бе, исторехь хила а ца хилча санна, дIабаха аьлла. И бахьанехь хIетахьлера нохчийн истори нийса язйина яц. Нохчийн Россица хилла юкъаметтигаш даима а тIамца йоьзна хилла яц. Дукха йоккха лар йитина  нохчаша Россин исторехь а, культурехь а. И дика агIо гойтуш арахецнера книгин хьалхара дакъа а, хIинца шун тидаме диллина шолгIа дакъа ду, цу тIехь кхин дуккха а кIорггера гайтина, оьрсашний, нохчашний юкъахь хьалха заманахь дуьйна хилла юкъаметтигаш.

Дакъалоцуш хиллачу хьешаша билгалдаьккхира и тайпа книга вайн тIекхуьучу чкъурана Iаламат пайдехь хилар а, Хь.Туркаевс, цунна юххехь хиллачара ондда къахьегна хилар а.

Нохчийн историкаша а, филологаша а, царна хьалхаваьллачу жоьпаллин редактора Туркаев Хьасана а 5 шарахь гергга болх бина цу книги тIехь. Цуьнан тираж 3 эзар экземпляр ю.

Х.Туркаевс дийцира, книга Нохчийн Республикин Правительствон, Нохчийн Республикин гуманитарни фондан гIоьнца арахецна хилар. «Цхьа а шеко йоцуш, нохчийн, оьрсийн юкъаметтигийн исторехь керла агIо схьайоьллу книго. Нохчийн къам Россина оьшучу хенахь даима дика накъост хилла хилар а гойту. Иштта архив гулйина хилар вайн къомана а, Россина а мехала хIума ду», – элира автора.

Шен къамел дерзош, баркаллин дешнаш элира Туркаев Хьасана, шеца цхьаьна книги тIехь къахьегначарна а, иштта йовзийтарехь довха дешнаш аьллачарна а, баьхкинчу хьешашна а.

 

АВХАДОВА Хьава

И.Матаговн сурт

№95, шинара, 25 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: