«Росси – сан Даймохк»

«Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин региональни кхочушдаран комитето Россин Пачхьалкхан байракхан денна лерина асфальта тIехь мелаца суьрташ дахкаран конкурс вовшахтоьхнера.

Нохчийн Республикин эколого-биологин туьшан дешархоша Даймахке болу безам гайтира мелаца асфальта тIехь суьрташ дахкарца. Кхо команда яра къовсалуш, «КIайнаш», «Сийнанаш», «ЦIенаш» цIерш а йолуш.

Шайна тIедехкинчу декхаршна бераш жоьпаллица тIедахана хилар гуш дара. Говза а, хаза а дехкина дара суьрташ. Цундела жюрина хала дара толамхой харжа. Жюрина юкъахь бара: «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин региональни кхочушдаран комитетан куьйгалхочун хьалхара заместитель Адильгереева Аида, оццу комитетан куьйгалхочун заместитель Истамулов Илес, Нохчийн Республикин эколого-биологин туьшан директоран заместитель Устарханов Аюб.

Жюри, суьрташ дахкаран говзалла теллина а ца Iаш, Россин историх дерг а, иштта флагах, гимнах, гербах дерг берашна муха хаьа а хьаьжира. И дерриге а теллинчул тIаьхьа, жюрис кхайкхийра толамхой. 1-ра меттиг яьккхира «Сийнанаш» командо, 2-гIа меттиг яьккхира «ЦIенаш» командо, 3-чу меттехь яра «КIайнаш» команда.

«Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин региональни кхочушдаран комитетан цIарах дипломаш а, совгIаташ а дира командашна.

Оццу партин Нохчийн региональни отделенин а, «Молодая гвардия Единой России» юкъараллин  организацин а жигархоша Соьлжа-ГIалахь а, иштта вайн республикин районашкахь а триколоран ленточкаш дийкъира урам-новкъахь дIасабоьлхучарна.

Л.ДАУТОВА

 №95, шинара, 25 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: