ОвгIанан пачхьенерчу (Кабулерчу) дипломатически куьпахь теракт йина. Цигахь лаххара а итт стаг кхелхина, 60 сов стагана чевнаш йина. Бохам хиллачарна юкъахь Россин дипломаташ бац.
***
Великобританехь авиа-шоу дIахьочу хенахь реактивни кема доьхна. И бохам хилча 11 стаг кхелхина. Кеманан пилот араэккха (катапультировать) ларийна.
***
Иранан къилбаседахь «иблисан пачхьалкхан» гIеранаша 15 кхиазхо вийна, 20 сов стаг лачкъийна. Царах хилларг цкъачунна хууш дац.
***
Шеман Iедало «иблисан пачхьалкхан» гIеранаш бехке йина Алеппо гIалахь химически герзах пайдаэцарна.
***
Бейрутехь (Ливан) эзарнаш бахархой урамашка бевлира Iедале коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьар, урамаш нехех цIандар лоьхуш. Уьш хи а, резинин дIаьндаргаш йолу герзаш а детташ, дIасалаьхкина полицис. Цигахь лаххара а 30 демонстрант лазийна.
***
Палестина кIелхьараяккхаран Советан куьйгалхочун даржера дIаваьлла Мухьаммад Iаббас.
***
ДIахьош дийцарш делахь а, цкъачунна гIоьртина хилла дуьсуш ду Къилба а, Къилбаседа а Корейна юккъера хьал. Ший а агIо маслаIате хиларе кхайкхина ООН-н генеральни Секретарь Пан Ги Муна.
***
Италин тIеман-хIордан ницкъийн кеманаша дуьненаюкъарчу хIорда чохь кIелхьараваьккхина лаххара а кхо эзар нелегальни мигрант. ХIара шо доладелчахьана бIе эзар сов мигрант веана Итали.
***
США-н Президента Б.Обамас дIахьедина ша кхул тIаьхьа а Украинин куьйгаллин гIолоцург хилар. Цунна тIаьххье Францин Президента дIахьедина ша Украинин цхьааллехьа хилар.
***
Украинин эскарш Донецкан а, Луганскан а республикин дозанашна герга узуш ду. Оццу хенахь алсамдолуш ду гIаланашна а, ярташна а цара даккхий герзаш деттар.
***
Белоруссехь хинболчу президентан харжамашкахь дакъалоцуш пхи кандидат хир ву. Царна юкъахь ву таханлера Президент А.Лукашенко.
***
В.Путина пачхьалкхан совгIаташца билгалбехира Россера цхьамогIа журналисташ. Цо билгалдаьккхира юкъаралла кхиорехь, демократи чIагIъярехь журналисташа лелош долу доккха маьIна.
№95, шинара, 25 август, 2015 шо