Соьлжа-ГIалахь схьайиллира автодром

Кху деношкахь республикехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 64 шо кхачарна лерина дуккха а гIуллакхаш. Иштта оцу денна лерина схьайиллира «Крепость Грозная» автодром а.

IMG_7010

Даздаран хьолехь дIадаьхьначу гIуллакхехь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, Россин автомобильни спортан федерацин президент, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель Кирьянов Виктор, дуккха а кхиберш.

Гулбеллачарна хьалха вистхуьлуш, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира автодром схьаеллар боккха хилам хилар.

– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо А-Хь.Кадыровс юьхьарлаьцначу новкъахь вай къахьегар бахьана долуш, республика хазъелла дIахIоьттина. Карарчу хенахь регион социальни-экономикин агIор кхиорехьа беш белхаш бу. Йохийна мехкадаьттан заводаш яра кхузахь хьалха, ткъа хIинца хаза, йоккха автодром ю. Суна даггара баркалла ала лаьа кхузахь къа мел хьегначарна, – бохура Р.Кадыровс.

Л.Кузнецовс билгалдаьккхира автодром Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу дийнахь схьаеллар чIогIа мехала хилар.

– Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента шен дахар дIаделла хIара хаза денош республикехь хилийта гIерташ. Кадыров Рамзана къахьегар бахьана долуш, хIора денна бохург санна, схьайоьллуш керла объекташ ю. Советан заманахь нохчийн дикка бевзаш болу машенашхахкархой хилла. Со тешна ву, хIара автодром схьаеллар бахьана долуш, нохчийн спортсменаша дуьненан къийсадаларшкахь а тIехь баккхий кхиамаш бохург хиларх,– элира цо.

Мероприятин официальни дакъа дIадаьлча, ламасталлин цIен аса а хадош, схьайиллира автодром.

Цул тIаьхьа автодромехь дIаяьхьира дрэг-рейсингехула йолу Россин IV-гIа чемпионат. Иштта Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Кубок къовсарехула машенаш а хаьхкира. Къйисадаларшкахь Россерчу а, Украинерчу а, Эстонерчу а 32 машенашхахкархочо дакъалецира.

 

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт

№95, шинара, 25 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: