Нохчийчохь – дуьххьарлера ГЭС

Кху деношкахь Итон-Кхаьллан районан КхокхатIахь, Орга хи тIехь электроэнерги йоккхуш йолу республикехь дуьххьарлера станци схьайиллина. ТIеман хенаш дIаевллачул тIаьхьа оцу кепара объект хилла яцара вай долчохь.

IMG_2682

Иза схьаелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин председатель Межиев Салахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Промышленностан, энергетикин министр Таймасханов ГIалас, кхиболу офциальни нах а.

«Ахь накъосталла деш ца хиллехь, тхоьга хIара болх балур бацара. Кхунах ца тешарш а, вайна ГЭС оьшуш юй-те бохурш а дукха бара. Амма, ахь электроэнерги кхиоран программин гIолацар бахьанехь, оха хIара болх бина. Вайн республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн беркате некъ бахьанехь вай тахана кху дикане кхаьчна. Иза винчу денна лерина хIара ГЭС схьаеллар тхуна чIогIа сийлахь ду. ХIунда аьлча иза вина де хилла ца Iаш, цуьнан Указца Нохчийчохь промышленностан, энергетикин министерство йиллина де а ду вайна»,  – элира Таймасханов ГIаласа, цхьаьнакхетар долош, республикин Куьйгалхочуьнга а, гулбеллачаьрга а вистхуьлуш.

«Вайн махкахь электростанцеш оьшуш хиларан цхьа а шеко яц. Россехь а уггаре а чIогIа хилла мехкадаьттадаккхаран заводаш, йовхо а, электроэнерги а йоккхуш йолу станцеш, кхийолу объекташ йохийна, вайн республикехь мел тиша хьал дара хаьа вайна. Тахана хIара гидроэлектростанци схьаеллар вайн экономика кхиорехь а пайдехь хIума ду. Кху тIехь къа  мел хьегначу говзанчашна, Таймасханов ГIаласна тIера дIаволавелла, массарна а баркалла ала лаьа суна. Дина даьллачул тIаьхьа бен динчун мах ца хаьа. Кхузахь энерги яккхар пайдехь хилла ца Iаш, ломахь пхийтта белхан меттиг хилар, пхийтта доьзална алапа хилар доккха хIума ду. Дала тIаьхье беркате йойла!»,  – элира Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочун Указца догIуш, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна», мидалца совгIат дира «Нохчийн генерирующи компани» ГУП-н директорна Матаев Тамерланна, «Нохчийн Республикин хьакъволу энергетик» цIе елира Промышленностан, энергетикин министерствон, энергетикин департаментан директорна Идрисов Абубакарна, оццу министерствон энергетикин отделан куьйгалхочунна Хашаев Iаббазна Сийлаллин грамотица совгIат дира.

Иштта объект схьаеллар беркате хилар билгалдоккхуш, хаза къамел дира Республикин муфтис Межиев Салахьа. Цо доIа динчул тIаьхьа, ламасталлин цIен аса хадийна, гидроэлектростанцех бIаьрг туьйхира республикин Куьйгалхочо а, кхиболчу хьешаша а.

(Схьайиллинчу ГЭС-х лаьцна оха мелла а шуьйра дуьйцур ду газетан рогIерчу цхьана номерехь).

 

А.ВАХАЕВА

№95, шинара, 25 август, 2015 шо

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: