Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 64 шо кхачарна лерина суьйре дIаяьхьира Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь.
Даздарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Госдумин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, республикин Парламентан депутаташ, районийн а, яртийн а администрацийн куьйгалхой. Цхьаьнакхетаран лараме хьаша вара Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев.
Иштта, зала чохь гулбеллера Ахьмад-Хьаьжин уллера доттагIий, яздархой, ветеранаш, юкъараллин организацийн, динан векалш.
Вайн хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех видеороликаш гайтарца дIайолийра даздаран суьйре. Йоккхачу экрана т1ехь гойтуш вара, олуш ма-хиллара, ша саннарг бIе шарахь цхьаъ бен ца волуш волу сийлахь къонах, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо диначу чолхечу некъех, шен къам цо тIамах кIелхьарадаккхарх ма-дарра дуьйцура роликашкахь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен къамелехь билгалдаьккхира, Ахьмад-Хьаьжас, шен са ца кхоош, нохчийн къам машаречу дахаре дерзийна хилар.
– Тахана вайн хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 64 шо кхечи. Делан лаамца вайна юкъара дIавахана иза. Дуьненахь сих-сиха хуьлуш бац шайн цIерш иштта истори юкъайоьлхуш болу къонахий. Къам массарех а тешам байна, хьере хилла хьийзачу хенахь цуьнан дог халкъан лазамна догуш дара. Цу хенахь орцахвелира иза – сийлахь бусалба стаг, бакъволу политик, нийсонан доттагI. Цо тIом кхайкхийра ваххабисташка, зуламхошка. Оцу тIамехь толаме а кхечира иза. Ахьмад-Хьаьжас цу хенахь шена гуонаха баьхнарш а бара бакъболу мехкан къонахий, – элира Р. Кадыровс.
«Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дика масал ду тахана массарна а. ХIунда аьлча, цо гайтина халкъ, мохк беза безаш хилар. Цо машарехьа дерзийна нохчийн къам», – билгалдаьккхира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Л.Кузнецовс.
Цу тайпана, Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дуккха а къамелаш дира даздаран кхиболчу хьешаша а.
Суьйре ерзош, Россин Федерацин Президентан В.Путинан цIарах Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана орденш а, мидалш а елира Нохчийн Республикин чоьхьарчу г1уллакхийн цхьамог1а белхахошна.
И.МАТАГОВ
Авторан сурт
№95, шинара, 25 август, 2015 шо