Кадыров Рамзана къеггина гойту, цу тIе билггала долчу гIуллакхашкахь а, ша вуьззина кхетаме, сема политик а, хиндерг генна хьалха гуш волу дипломат а хилар, ша оьшуш хилар. Россин а, Герггарчу Малхбален, Аравийски ахгIайренан пайдехь цхьаьна гIуллакхаш даран декъехь алссам дика таронаш йолчу мехкийн а арахьара экономически хьашташ вовшашна гергадалорехь цо жигара бечу балхо, хаа а луш, тIедаладо оцу экономически хьал долчу а, геополитически пайдехьчу а регионашкахь вайн мехкан маьIна кхиарна. Россин Президента Путин Владимира хиндерг генна хьалха гарца пайда оьцу мехкан чIогIа мехала арахьара политически декхарш кхочушдарехь нохчийн къоначу тхьамдин яккхийчу таронех а, цуьнан доккхачу зеделлачух а, ткъа, уггаре а коьртаниг, иза тешаме хиларх а.
Паччахь Iабдалла II-чо а, Iарбийн дуьненахь а, дуьненаюкъарчу гонашкахь а гIарабаьлла бевзаш болчу Аль-Нахайянан доьзало а тIаьхьало йоллуш гойту, хьалха бина болу барташ тIе а чIагIбеш, Россица цхьаьна гIуллакхаш дан шаьш кийча хилар, вайн махкаца долчунна США-с а, Евросоюзо а дозадетташ политика дIакхоьхьуш йоллушехь.
Кадыров Рамзанан ницкъ кхаьчна Иблисан пачхьалкхана дуьхьал Исламан дуьненан кхетаме ницкъаш цхьабарт беш цхьаьнатохаран гIуллакхашкахь а Россин маьIна лакхадаккха, Иракера а, Шемера а схьадаьхначу латтанашна тIехь тIемаш беш йолчу оцу террористически «голливудан» зуламечу гIуллакхийн бохамечу тIаьхьенех Нохчийн Республикин дегаIовжамечу зеделлачунна тIехь кхета а беш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юха а чIагIдо регионан хьалхарчу куьйгалхочун Россин Президентан политически некъана муьтIахь хилар а, мехкан хьашташна тIаьхьало йоллуш а, дIаса ца таьIIаш а гIуллакх дар а, шен патриотизм хилар а санна йолу дикаллаш хилча – иза кхузаманан муьлхха а даккхий гIуллакхаш кхочушдарехь Россин Федерацис буьззина а, дуьйцийла йоццуш а толам баккхаран закъалт хилар.
УМАРОВ Джамбулат, политически Iилманийн кандидат