«Чеченфильман» хьалхара гIулч

(27-гIа  август – Россин  кинон де)

Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, 17-чу августехь Соьлжа-ГIалин М.Ю.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драмтеатрехь «Деган аз» фильман премьера хилира4

Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографехула йолчу пачхьалкхан урхаллин гIоьнца яьккхина нохчийн исбаьхьаллин фильм ю «Деган аз». Иза Нохчийн Республикехь яьккхина, Москварчу «Трехмер» киностудехь монтаж а, аьзнаш дIаяздина а ю.

Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а бевзаш болу актераш а, иштта вайн махкахой а бара «Чеченфильман» дуьххьарлерчу балхе хьовса баьхкина.

Фильман коьрта турпалхой – Ясмина, Iийса – Соьлжа-ГIалин бахархой бу. Ясмина хьал долчу нехан йоI ю. Иза бусалба динехь йолу передачаш еш, телеведущи ю. IийсагIеран доьзал миска бацахь а,  ЯсминигIерчул гIелуо Iаш бу. Иза таксистан болх беш ву. Ясмина а, Iийса а шайн дахар цхьаьнадоза лууш ду. Шайчух терра хьал цахиларна, Ясминин нана реза яц шен йоI Iийсага яхийта. Хьал долуш хиларна, Казбеке яхийта лаьа цунна иза. «Хьуна цхьа коч эца а таро йоцуш Iаш волчу Iийсага йохуьйтур яц. Хьан дас Казбекан дена дош делла», – олий, доцца дIахададо цо. Ясминина вевзаш вац Казбек.  Цундела иза реза яц цу гIуллакхна. Ясмина а, Iийса а дIасакъасто бахьана лаха хIутту Ясминин нана… Iийсан нана шаьш долчу еача, шена цаьрца долу гергарло оьшуш цахилар дIа а хоуьйтуш, ямартло гучуйоккху цо…

…Ясмина шен доттагIчуьнца Соьлжа-ГIалин паркехь йолчу хенахь тIевогIу Iийса. Шайна юкъара дерг дIадаьлла хилар а, шен кхоллам кхечуьнца бозуш хилар а дIахоуьйту Ясминас цуьнга.  Iийса кхеташ вац йоIа лелочух. Цецваьллачохь иза вита а вуьтий, кхин цуьнга хIумма а ца олуш, дIайоьду Ясмина…

Жимма хан яьлча, бахархойн хаттаршна жоьпаш луш йолчу цхьана передачехь вайн республикин яхархочо даийтинчу хаттарна Iеламстага деллачо жоьпо ойлане йоккху Ясмина. Хорам хуьлий, бIаьргаш хих дузий, юьсу иза…

Иштта бу «Деган аз» фильман хьалхарчу серин боцца чулацам.

Фильмехь дакъалаьцна: Идрисова Линдас, Селиханов Джамалайлас, Тутаев Зеламхас, Терекбаев Беслана, Альтемиров Iальвис, иштта кхин дуккха а актераша.

«Чеченфильман» хьалхарчу белхан продюсерш бу: Терекбаев Беслан, Яхъяев Апти, Вараев Мохьмад, Гамзян Мика.

Авторша дийцарехь, кхидIа йолу сереш (ерриге а 12 сери ю фильман) кхузаманахьлерчу безамах а, тешамечу доттагIаллах а лаьцна ю. Шен доттагI тIехIоьттинчу бохамах кIелхьарваккхархьама Iожалла тIеоьцу доттагIчо.

«Деган аз» фильм нохчийн маттахь а йолуш, шен доьзалца цхьаьна охьа а хиъна, хьажа йиш йолуш ю. Вайна ма-хаъара, иштта фильмаш кхузаманан киностудеша йохучарна юкъахь яц.

Халахеташ делахь, таханлерчу дийнахь а вайн цхьаболчу бахархоша коьрте хIоттадо адам хьал долуш хилар, тIекIал дина цIенош, хахка машен йолуш хилар… Амма, бакъду, къоман гIиллакхан а, адаман дикаллин а мах хадо хIумма а дан-м дац хIокху дуьнен чохь.

Д.Омаевс ма-аллара, нохчичуьнга бен ловзалур яц нохчичун роль. Цундела нохчийн кинематографин боккха кхиам бу иштта фильм яккхар. Теша лаьа, нохчийн къоман хаза гIиллакхаш ишттачу фильмашкахула дуьненна а дIа а довзуьйтуш, тIейогIучу хенахь а «Чеченфильмо» беркате болх бийриг хиларх.

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

№96, еара, 27 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: