Суьрто дуьйцу

некъ

Некъаш. Доккха маьIна леладо цара юкъараллин дахарехь а, халкъан бахам кхиорехь а. Лакхарчу суьрта тIехь гуш болу некъ керла бу. Гуьмсера Хасавюьртехьа дIавоьдуш, Хошкалде кхаччале, куьг аьтту агIор, регIехьа хьалабоьрзу иза. ТIаккха регIа тIехула дIа, Гезлой-Эвла, Ишхой-Эвла, Мескита, СогунтIа  юьстах а юьтуш, Шовхал-Берда кхочу. Кхузахь Бена хьала кхаччалц дIабоьдучу некъах дIакхета. Керлачу некъан йохалла 18 км. ю. Вайзаманан некъашдаран лехамашна дуьззина жоп луш, дика биллина некъ  бу хIара. Цо дуккха а аттачу доккху Нажи-Юьртан кIоштарчу яртийн бахархойн  бахар-бахкар. Некъ мелла а бацбаларо а, керлачу  новкъахь голатухийлаш кIезиг хиларо  а хьала-охьа  воьдуш йойу хан лахйина. Вайн сихачу заманахь мехала ду иза. Некъаш гаттий  долчу ярташкахула  дIасалелачу транспортан барам  лахбалар  а ду  мехала, – некъан бохамаш кIезиг хир  бу. Къаьсттина а хIокху некъах там хилла  бу Сесана  Воккхачу Хьаьжин  (Дала къайле цIинйойла  цуьнан) зерате  оьху бIеннаш бусалбанаш а.

Хь.АБАЕВ

 №96, еара, 27 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: