Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь дIадаьхьира вайн хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Некъ» телерадиокомпанин 7 шо кхачарна лерина даздарш. Иза вовшахтоьхнера «Некъ» телерадиокомпанис а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, (2) Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнча, «Некъ» телерадикомпанин директор Шахидов Адам а.
«Некъ» телеракомпанин белхахой шайн юбилейца декъал а беш, Дадаев Ризвана билгалдаьккхира, оцу коллективо бусалба динца богIуш болу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ махкахь шуьйра дIахьоьхуш доккха дакъа бовзуьйтуш хилар.
– Шахидов Адама ондда къахьегна ша куьйгалла дечу телекомпанин болх беркате хилийтарехьа. Цо уллера зIенаш латтайо дерриге а дуьненчуьрчу баккхийчу Iеламнахаца. Цаьргара боккха пайда а оьцу цо, – бохура Р.Дадаевс.
Цул тIаьхьа, шайн-шайн рогIехь «Некъ» телекомпанин белхахой юбилейца декъалбира цигахь дакъалоцуш болчу хиллачу дуккха а хьешаша.
Цхьаьнакхетар дерзош, телерадиокомпанин цхьамог1а белхахошна кхиамашца къахьегарна Сийлаллин грамоташца совг1аташ дира.
И.МАТАГОВ
Авторан сурт
№96, еара, 27 август, 2015 шо