Цхьа шатайпа дуьненахьежам болуш хуьлу хьехархой. Баккъал и болх безаш юьхьарлаьцнарш малхах лепа, шайна уллеранаш, гонахара бевза-безарш серлабохуш, дикане кхойкхуш, беркатечу кханенах дегайовхо кхуллуш. Иштта яра Мовлин нана Амата. Цунна чIогIа лаьара бераша деша. Цо цкъа а шен доьзалхо ца къаставора школехь ша Iамош болчу дешархойх. Массаьрга цхьабосса хаарш дIакховдадора, уьш гIиллакхе хила Iамабора, дуьненан къайленаш йовза хаддаза са кIамдора. ХХ-чу бIешеран юккъехь сталинизман гIерано лаамаза махках баьхна, 13 шарахь къинхетамза дай баьхначу латтанех хьегийна, вайнах цIа бирзина дукха хан яцара. Оцу акхачу къизалло Iаламат боккха иэшам бинера халкъана, махкана. Цунах дика кхетара хьехархо йолу Амата. Йоза-дешарца гергарло доцу стаг бIаьрзе вуй хууш, дешарна тIегIертадора цо бераш, шенаш а, неханаш а. Хьаналчу къинхьегаман беркат цкъа а хайраза, довр дац лар йоцуш. Тахана кхузткъа шаре ваьлла Осмаев Мовла цунна къегина тоьшалла ду. Дукха жимчохь Iамийра иза, Гуьмсан кIоштан Энгель-Юьртарчу школехь хьехархо хиллачу нанас дешаран серлоне кхийда, книгашца даима уьйр-марзо латто, Iилманан кIоргенех самукъадала. Бакъду, шеца хиллачу къамелехь Мовлас-м Бердукаев СаьIидан цIе яьккхира, шайн школин директор хилла вара и похIме журналист, аьлла. Цуьнан синан комаьршалла, нохчийн къоме хилла безам хета вайн турпалхочунна ша нийсачу новкъа ваьккхинарг, халкъан а, мехкан а дуьхьа ваца Iамийнарг. Делахь а нуьцкъала амал, ира хьекъал, цкъа а къилбанах туьлуьйтур воцу синамехаллаш стагехь яцахь, иза кхочур вац юьхьарлаьцначу Iалашоне. Ткъа и мах боцу хазна Осмаев Мовлехь йолуш яра бераллехь дуьйна.
1973-чу шарахь кхиамца Энгель-Юьртара юккъера школа чекхйоккхий, Москва деша воьду кхиъна вогIу жима стаг, цIарна цIе яхначу МГУ, говзалла караерзо журналистикин факультет хоржий. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, тахана уьн тIе хаьхкина кхоьаш санна, дебна вайн махкахь журналисташ: похIма делахь, дацахь, хаарш делахь, дацахь. Микрофон каралаьцна, шозза эфире ваьллачунна ша журналист хета. Газет тIе кхо могIа язбинчунна ша журналист хета. Цара ойла ца йо журналистика Iаламат чолхе говзалла хиларан. Журналистике вогIуш волу стаг шен къоман бIаьхо хила везаш ву. Къоман лазамашца, гIайгIанашца, сингаттамашца вага декхарийлахь ву хIора журналист. Шен «сийлахь йоккха цIе» эфирехь я зорбанехь гайта араваьллачух цкъа а бакъволу журналист хир вац. ХIорда чу кхоьссина цун кана санна, лар йоцуш, довр ду цуьнан дахар а.
Осмаев Мовлин чолхе дахар къеггина масал ду иза бакъволу журналист хиларан. ХIан-хIа, цо кхиамца МГУ чекхъяккхарна, СССР-н Журналистийн союзан декъашхо иза хиларна дац иза. Цуьнан оьздачу дахаран боккха мур къийсамехь чекхбаьлла. Луьрачу къийсаман хьаьттахь ша цхьаъ бен вацахь а, нийсонца юьстинчу бакъонах къилба дина чекхваьлла иза. Инзаре халачу халонех чекхваьлла Мовла бакъонехьа къуьйсуш, вайн халкъана, махкана йоьхна зама тIехIоьттинчу хенахь. Цо цкъа а ца гайтина ша доьналлех воьхна, цкъа а ямарт ца хилла езаш караерзийначу журналистикина. ХХ-гIий –ХХI-гIий бIешераш хIотталучу муьрехь, къаьхкинчу реманах тарбелла, Нохчийчу сингаттамаш баьржича, майра бIаьхо хилла дуьхьал велира царна Осмаев Мовла. Дош ала кхоавелла, бакъдерг яздан озавелла цкъа а шех чекхсагайтина вац иза.
1986-чу шарахь дуьйна Гуьмсан кIоштан «ЦIен байракх» цIе йолчу газетан коьрта редактор вара похIме журналист. Махкахь тоьллачарна юкъахь цIе йоккхуш дара иза. СССР-н а, РСФСР-н зорбанан министерствийн куьйгалхоша маситтазза Сийлаллин грамоташца билгалдаьккхина дара, цигахь болх беш хилла хьуьнаре журналисташ бахьнехь. Гуьмсан кIоштарчу бахархойн кхиамашца, лазамашца дехаш дара иза, къинхьегаман адамех коьрта турпалхой бина. ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь а ца хадийра газето халкъаца йолу зIе. ТIегIертачу баланех адам кхето гIерташ болх жигара баьккхира редакцино. Газетан белхахошна гуш дара доха карзах даьллачу советийн Iедалан векалша, дистина догIучу хиэ санна, текхо чалхаш. Лууш, я ца лууш, цара малйина Iедалан архаш, массо маьIIера доьхна низам, мехкан майданашка юьйлуш цIогIа детташ йолу тайп-тайпана тобанаш – и дерриге а диканна цахиларх кхетара хьекъал долу нах. Цу тIешершачу бохамех адам лардан лууш дукха къахьийгира, Осмаев Мовла куьйгаллехь волчу газето. КIезиг бацара кхеран болх ца товш берш а. Маьрша дацара и тайпа «забарш» герзах боьттина болчу цу заманан «турпалхошца» лелор. Амма журналисташ къар ца лора. Нохчийн оьздачу кхерчахь хьалакхиъна волчу Мовлина цкъа а дага ца деанера нохчичо, Iедалан урх бахьанехь, нохчичунна тIе герз лоцур ду аьлла. Делахь а, хийла дагахь мел ца хилларг, цкъа а дага мел ца деанарг, ган доьгIна зама хиллера иза. Оцу къаьхьачу денойн йозалла, хи ма хIутту, лайначарех цхьаъ ву вайн турпалхо а. Цкъа рогIера газетан лоьмар араяьлча, чулилхина, Ичкерин ДГБ-н белхахоша дIавигира коьрта редактор. «Боккха» бехк бара цуьнга схьакховдийнарг. Нохчийн Республикин Конституционни дIахIоттам шеконе бохуш, инарла Дж. Дудаевна дуьхьал болх беш лоьрура ДГБ-н белхахоша, кхо куьйгалла деш долу газет. ДГБ-н лармичу кхоьссина бутт сов зама яккхийтира Осмаев Мовлига. Хеттарш, Iиттарш, юкъ-кара къинхетамза буй-тIара яр – дерриге а лан дийзира лармичохь воллучу тутмакхан. ДГБ-н Талламхой кхуьнга хIара Iедалан раж йохо араваьлла бохург тIелацийта гIертара. Хаддаза меркIел Iуьттура кхо язйина цхьацца газеташ тIера статьяш. Амма иза къарлур воцийла шайна хиъча, эххар дIахийцира, кхин дIа болх бар доьхкуш. Бакъду, набахтера араваьлла, шен хIусаме кхачале, Мовла Соьлжа-ГIаларчу театральни майдана кхечира. Цигахь масийтта дийне яьлла дIайоьдуш митинг яра, халкъана, махкана бале ваьлла инарла Дудаев Джохар шен даржах вохо Iалашо йолуш дIахIоьттина. Мовлин дукхах болу накъостий, бевза-безарш цигахь лаьтташ бара. Кхуьнан царех дIакъаьстийла дацара. Цул совнаха, хIара журналист хилар тидаме эцна, пресс-службин болх дIакхехьар тIедиллира кхунна. Мовла тIех дика ларийра шена тIедехкинчу декхаршца. Вайна массарна хууш ма хиллара, театральни майданара митинг къинхетамза дIасалаьллира. Цул тIаьхьа дукха хан ялале Мовлас куьйгалла деш хилла газет дIакъевлира. Амма ша схьаваьлла халкъ боккхачу балехь долуш, журналистан мукъа Iойла дацара. Iедале кхаьчначу зуламан гIерано къам охьатаIийна, бIаьрг белла ца дуьтуш, Iазап токхуьйтуш дара. Ядор-лачкъор бен, кхин шаьш хIума деш бацара цу муьрехь хиллачу Iедалан векалш. Нохчийчохь зуламаш дарх тоам ца беш, луларчу къаьмнашца йолу юкъаметтигаш талхийнера цара, цхьацца талораш деш. Нохчийн къам холчохь дара оцу екхаргийн сутаралла бахьанехь. Делах эхь хетара бакъволчу журналистана Осмаев Мовлина цу ирчачу хьолехь юьстахваьлла IадъIен. 1994-чу шеран юьххьехь цо шен белхан накъосташца, «Вести» цIе йолуш керла газет зорбане доккху. Халкъе, махке бакъдош дIакхачор ю. цуьнан коьрта Iалашо. Бакъду, дукха болх бойла ца хуьлу цу газетехь а. Газетан чулацамах кхеттачу Iедалан векалша юха чувуллу къарвала дагахь воцу журналист. ТIом герга кхачар бахьанехь паргIат волу иза набахтера…
Нохчийчохь хьалхара тIом дIабоьдуш Гуьмсан кIоштан куьйгаллехь вара Осмаев Мовла. Дукха нахана гIо-накъосталла дина цо. Деэшначунна вошалла дина. Буьрсачу тIамо кхерчах вохийначунна къинхетаме орца тIекхачийна. Алссам кегийрхой тIеман къизаллех хьалха а баьхна. Тахана гуьмсахошна юкъахь кIезиг бац баркаллица цуьнан цIе йоккхурш. Шен комаьршаллица цкъа мацах цо дог хьаьстинарш, кхетош-кхиоран хьекъале дош аьлла, нийсачу новкъа баьхнарш, дуьненах дог диллинчу муьрехь, зевнечу дахаре юха берзийнарш бу уьш. Амма Гуьмсан кIоштан Администрацин куьйгаллехь болх дукха ца бира Мовлас. 1996-чу шарахь Iедалехь карчам хилира. Журналистан махках вала дийзира. Дукхах йолу нохчийн къоман интеллигенци санна, иза цкъачунна Москвахь дIатарвелира. Амма и данне дац цу халачу муьрехь журналист мукъа Iийна бохург. Цо юьхьанца «Мир книги» цIе йолчу издательствехь директоран даржехь болх бо. ТIаккха «Мир печати» газетехь коьртачу редакторан даржехь лаьтта. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Москвахь болх беш хиллачу «Чечня свободная» радиостанцин хьостанехь лаьттинчарех цхьаъ ву Осмаев Мовла.
2000-чу шеран аьхкенан юьххьехь керла мур дIаболало нохчийн къоман дахарехь. Россин Федерацин Президента В.В. Путина шен омрица 2000-чу шеран 12-чу июнехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) хIоттаво тIамо къинхетамза хIаллакбинчу мехкан куьйгалле. Цо ондда къахьоьгу къизачу тIамо, хьаьшна, чIанаяьккхина, къинхетамза цIийла карчийна республика юхаденъян болчу лаамца. Нохчийн Республикин правительствон болх хьакъдолчу кепара дIабахийта кхулла тайп-тайпана министерствош, ведомствош. 2000-чу шеран 15-чу августехь арахоьцу Нохчийн Республикин культурин министерство кхолларан хьокъехь №84 йолу Распоряжени. Иштта, Ахьмад-Хьаьжас тешам лой, дIаболабо цо шен керла болх.
Уггаре а хьалха схьагулбо, тIамо дуьне ма-дду дIасакхийсина «Вайнах» ансамблан артисташ. Схьагулбарх ма ца тоьура. Цхьаьнхьа дIатарбан безара уьш, барзакъ мукъамийн гIирсаш репетицеш ян хIусам лаха езара. Оцу дерригенца министр ларийна хиларан тоьшалла ду, вай массара шех дозалла деш йолчу «Вайнах» ансамбло 2002-чу шарахь Москварчу «Россия» пачхьалкхан концертни залехь елла сольни концерт. Оццу 2002-чу шарахь июль-август беттанашкахь Италехь, Испанехь кхиамца концерташ елира «Вайнах» ансамбло. Цхьана ансамблах тоам бина ца Iаш, юхаденйира «Нохчо» ансамбл а. Цул тIаьхьа-м уьш шортта гучуевлира, тIамо Iовжийна вайн дегнаш хьостуш: «Даймох», «Ловзар», иштта кхин. И дерриге а Осмаев Мовлас жигара дIаболийначу белхан беркат дара. Болх бан йолаелира театраш, вокальни тобанаш. Доцца аьлча , инзаре буьрсачу тIамо хьаьшна, хIаллакьйина Нохчийн къоман культура юхаденъярехь хьанала къахьегна стаг ву иза. Де-буьйса ца къестош, болх бан безаш зама яра иза. Ткъа министр хилча и болх ша бина ца Iаш, кхечаьрга байта хаа дезара. Цу халчу замано билгалдаьккхира, дика журналист хилла ца Iаш, Осмаев Мовла дика вовшахтохархо а хилар. Йоццачу хенахь, хьакъдолчу тIегIане баьккхира цо Нохчийн Республикин культурин министерствон болх. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, хьаьнг-хьаьнга дIакхехьалур долуш гIуллакх дацара иза цу муьрехь. Халкъан а, мехкан а дуьхьа вацар, къахьегар дош-дезар хеташ стаг хила везара. Ишттачарех цхьаъ ша хилар, цхьана кепара шеконаш йоцуш, Осмаев Мовлас гайта а гайтира. Хазахетарца билгалдаккха лаьа юкъарло цуьнан къинхьегам тидам боцуш битина ца хилар. «Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин Сийлахь гражданин» сийлалин цIерш яларца, «Орден Дружбы» ю цунна елла. «Нохчийн Республикин дуьхьа хьунарш гайтарна» мидалца билгалбаьккхина цуьнан хьанал къинхьегам. «История и культура вайнахов» цIе йолчу книгин соавтор ву иза. Кестта араер йолуш ю цуьнан монографи: «Чеченцы: обычаи, традиции, обряды». Iилманийн кандидат, профессор волу Осмаев Мовла тахана доцентан даржехь Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин кафедрехь болх беш ву. Докторан диссертаци язъеш ву и хьунаре стаг. Ткъа уггаре коьртаниг нохчаллех ца вухуш, шен 60 шаре кхечи и башха говзанча. Халкъана, махкана хьанала вецаш дIаихна цуьнан дукхах долу шераш. Зуламечу мехашка каг ца елла цуьнан нуьцкъала амал. Иза даима ваьхна дикане сатийсарца, нохчийн къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхобуш, ша вогIучу новкъа беркате серло яржош. Ма дика ду иштта тайна, башха адамаш вайн махкахь долуш. Нохчийчоьнан мах боцу беркат ду уьш. Церан нуьцкъалчу амало чIагIбо дахаре болу сирла безам.
ГАЗИЕВА Аза
№96, еара, 27 август, 2015 шо