дешан говзанчас Исраилова Яхас
«Маршалла ду шуьга, махкахой! Эфирехь ю: «Мотт – халкъан хазна», – аьлла йолу передача». Оцу дешнашца дIа а йолалуш, нохчийн аьхначу маттахь вайн меттан башхаллех, хазаллех, къоман литературах, оьздачу гIиллакхех лаьцна дуьйцуш советан заманахь дуьйна схьайогIу евзаш йолу журналист Исраилова Яха.
Нохчийн ширачу юьртара Эвтарара ю Яха цIера. Хьаналчу латталелорхойн Хож-Ахьмадан, Шайманан доьзалехь дуьнен тIе яьлла иза. Яха а, цуьнан ши йиша Iайнаъ а, Iайнет а, ваша Илес а латталелорехь болу берриге а бохург санна белхаш бан Iамийна дас-нанас. «Дела реза хуьлда цаьршинна, тхуна къахьега Iаморна!» – боху Яхас.
ТIех дикачу хааршца чекхъяьккхина Исраилова Яхас хьомечу юьртара №1 йолу юккъера школа, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Лерина доьшура цо дас хIора шарахь яздеш долу «Ленинан некъ» газет. Юьхьанца болх бина Шелан кIоштан культурин декъан гIуллакххо йолуш. Ткъе итт шо сов зама ю цо радиохь болх бен.
Яхина кхоччуш карабирзина ала мегар ду журналистан болх. Халонех ца кхоьруш, хьуьнарца, кхоллараллица кечйо цо радиопередачаш. Уьш кечъярхьама, леррина Iалашо а хIоттайо, хьалххе тIекаре а йо, мел генарчу ярташка а дIайоьду иза. Яхас студехь дIаязйина передачаш кIезиг хуьлу аьлла хета суна. Цундела дуккха а нахана хетарг тидаме оьцуш, церан ойланех-хьежамех радиоладогIархошка ирс-беркат эцийтар – Iаламат мехала а, чолхе а гIуллакх ду.
Хетарехь, Я.Исраилова хилаза кIошт хир яц вайн махкахь. Цуьнан передачин дакъалацархойн цIерш яха а Iаламат дукха хан езар яра. Культурехь шен-шен некъ беш ваьхна а, вехаш а волу кхоллараллин стаг ву царах хIора а. Уьш бу культурин а, дешаран а хьаьрмара тайп-тайпанчу чкъуран нах. Церан Iилма, похIма, ойланаш, цара деза-сийлахь лорург я леринарг мехала доккхуш, вайна гергадалош схьайогIу Яха.
Кхоллараллин суй хилла ца Iаш, доккха хьуьнар а, каде а, шен корматаллина тешаме хилар а оьшу, ткъе итт шарахь сов болчу муьрехь, радиоладогIархойн кхиэле царна кIордор доцу къамел хIоразза диллархьама. Цо дIахьош йолу рубрика цхьа-шиъ бен яцахь а, хIора къамел, интервью шатайпаналла йолуш, ойла серлайоккхуш, яхье воккхуш, хьалха дага ца деанчунна я кIеззиг ойла йинчунна тIе тидам боьхуьйтуш, шеца керла хьежам хаалуш хуьлу.
«Говза дина хаттар – ах жоп ду», – олуш ду. Исраилова Яхас радиопередачин турпалхочуьнга (студин хьеше) дина хаттар говза а, чулацаме а, цхьана передачернаш кхечарах тера доцуш хуьлу. Журналистан дешхьалхе а, дерзоран дош а – вайн уггар сагатдечух долу похIме дина доца къамел хуьлу. Цкъа ас цуьнга со дакъалацархо волуш дIаяьхьначу перадачах лаьцна ала а элира: «Яха, ахь соьга дина хаттарш а, хьан долоран а, жамI даран а дош юкъара дIадаьккхича, сан къамел, деккъа ша охьадиллича, цхьана а хIуманна мегар доцуш санна ма хийтира суна-м?!»
Олуш дерг, дуьйцург дика тIечIагIдо бIаьрлачу масало. Иштта хIара къамел жимма къагорхьама а, ца девзачунна корматалле журналистан похIма гергадалорхьама а, дало лаьа «Вайнах» телерадиокомпанин корреспондента Исраилова Яхас «Мотт – халкъан хазна» цIе йолчу цхьана радиопередачехь (масех шо хьалха) хьеше дина хаттарш а, къамелан чам тобеш, цо шегара тIетоьхнарг а:
«Вай сих-сиха дІахьо уггар хазачех, хьалдолчех болчу нохчийн маттана лерина йолу передачаш. ХІорш хІора дийнахь ярх а сов хир яцара, хІунда аьлча и вайн массеран а ненан мотт бу. ХІун хир ду цул хьоме дуьненчохь дехачу адамашна, нанас шен мерза Іаьнарца йовхо луш, аьхначу куьйгаца хьостуш болчу ненан маттал?
Нанас Іамабо берана шен оьзда мотт, оьзда гІиллакхаш. Дуьххьара дош ала Іамош ерг а, цІенкъахь хьалхара гІулч яккха дуьххьара шен ховхачу куьйгаца вайн куьг схьалаьцнарг а нана ю. Ненах доьзна дІадолало дерриге а адаман дахар. Буьйсана наб йоцуш, дийнахь тем боцуш, вай даларна а, цамгаро лацарна а кхоьруш, шен гІийлачу узамца аганан иллица дІадижадо нанас бер. Ненан а, беран а марзо йоккха ю массо а исбаьхьаллел.
Нохчийн мотт къиэн бу, гІийла бу олу цхьаболчара. И бакъ дац. Цунна гІело йинарш вай ваьш ду, цуьнан хам ца беш.
Вайн Республикин Конституцин итталгІачу статья тІехь билгалдаьккхина ду нохчийн, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш хилар. И ду цу шина а меттан цхьабосса бакъо хила еза бохург.
Амма кхин цкъа а хьахо лаьа суна, вайн ненан маттана мелла а гІело еш хилар. Ша вехачу меттехь хьалхара рагІ шен къоман метта хила еза, нагахь ша шен да, нана а ларахь, цара буьйцучу меттан сий а дахь.
Делан къинхетам бахьанехь, кІеззиг белахь а болуш бу ненан мотт кІорггера хууш, безаш, буьйцуш, шайна хуург халкъана дІакхачош болу нах. Тахана вайн передачехь дакъа лоцуш ву царах цхьаъ…
– Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийцича бегІийла хир дара. Хьенех, дош хьоьга ду-кха.
– Хьенех, кегийчу наха олу нохчийн мотт хала бу, чолхе бу, бийца атта дац. Дуккха шераш ду хьо кхолларалин балхахь волу. Нохчийн маттахь язъеш болчу могІанца, олучу дашца хало хуьлуш, ницкъ хуьлуш хІумма туса а лой хьуна?
Хьуна баркалла, Дела реза хуьлда передачехь дакъалацарна. Нохчийн матте безам болчуьнга бен и тайпа къамел далур дац, хІунда аьлча, ша нохчи ву бахарх тоьаш дац, нохчийн мотт цІийх боьлла даг чухула чекхболуш вацахь. Цундела ахь дина долу къамел мелла а мехала хир ду вайн ладогІархошна. Кхин цкъа а хьуна баркалла.
Ненан мотт хаар, Іалашбар вайн массеран а декхар ду. Цуьнан дозалла оза дуьненчохь цхьа а терза хир дац. Терзан барамца нисбича а хир бу иза массо хІуманал беза. Литтина деши санна, цІена, мазал мерза, ховха, аьхна вайн мотт бийца хьекъал, кхетам а лойла вайна. Дала шен шортта болчу къинхетамца даржехь са дохийла вай. Аш ладуьйгІира «Мотт – халкъан хазна» аьлла йолчу передаче. Передачехь дакъалецира хьенеха».
Тхоьца хиллачу шен къамелехь Яхас цIерш йохура шен кхоллараллина беркате тIеIаткъам бинчу белхан накъостийн. Цу хенахь учрежденехь хиллачу хьелашца доьзна, нохчийн маттаца доьзнарг школо кIезиг делира шена, боху Исраиловас. Университете деша яхархьама, цо ша-шена тIехь дуккха болх бина, цахуург тIедузуш, хаарш низаме, цхьана къепе далийна.
Яха даима лехамехь ю, ша динарг дукха хеташ яц. Шена хетарг, бакъдерг, мел къаьхьа делахь а, юьхьдуьхьал дIаалар а ду цуьнан амалехь.
Стаг Делан бакъволу лай ву, бохучу дашна, йоккхучу цIарна хьакъ велара массо стаг. Наха йоккху адаман цIе, цо лелочуьнга хьоьжжий. Хетарехь, Яхин диканийн терза деза хир ду. Дика хуург Дела ву.
Дерзош ала лаьа: кхоллараллин балхахь кхин а лакхарчу кхиамашка кхочуш, вайн меттан исбаьхьалла, мутта-марзо йовзийтарехь, къоман мотт ларбарехь, кхиорехь аьтто беш, ирсе йолуш, Дала дуккха а шерашкахь могаш-маьрша яхайойла хьо, лараме Яха!
ГАЙТУКАЕВ Асламбек
Суьрта тIехь: «Вайнах» телерадиокомпанин
журналист Я.Исраилова
№96, еара, 27 август, 2015 шо