Къоначу ненан хаза доьзал

Шен берашна мерза кхача кечбарна, уьш берийн беша дIадигарна тIера долало къоначу ненан Залинин хIора де… Залинин 5 доьзалхо ву: 5 шо долу Муслим, 4 шо долу Ясмина, 3 шо долу Амина, 2 шо долу Мохьмад-Малик, 8 бутт бен боцу жима Iайшат. Цхьацца шо бен хенаш яц царна юккъехь. Хаза, цхьатерра бес-бесара зезагаш санна кхуьуш бу уьш. Шен доьзал ийман, хьекъал долуш хилийта ондда къахьоьгу Залинас. Мукъа хан ерриге а церан кхетош-кхиорна тIе хьажийна ю цуьнан, жимчохь 1амийнарг т1улга т1ехь дина йоза ду бохучунна т1етийжа къона нана. Цуьнан 3 доьзалхо – Муслиммий, Ясминий, Аминий берийн бешахь ду. Суьйранна Залина шен бераш а эцна туькана йоьдуш гича, хетало, берийн бешара кхетош-кхиорхо шен тобаца цхьанхьа йоьдуш ю, олий. Залина, къона елахь а, шатайпа амал йолуш нана ю. Дан дезахь дов а до, хила оьшучохь кIеда-мерза а хуьлу. Цунна хаьа, ша тахана, уьш кегий хиларна, царна дерриге а могуьйтуш хилахь, уьш коча кхуьур буйла, царех я шена а  я шайна а накъостий хир боцийла.

Бакъдерг ала деза, садаIа хан кIезиг хуьлу цуьнан. Доьзална кхача кечбар а, царна  Iуналла дар а, царна тIаьхьара гIуллакх дар а – уьш цуьнан хIора дийнан могIарера гIуллакхаш ду. Иштта сиха яллахь а, берийн бешара шен доьзал цIахь болчу дийнахь, уьш парке а, гаьнгали тIехь хахкабала а кхуьйлу Залинас. Суьйранна, чудирзинчул тIаьхьа, мукъа хан хилча, Залинас шен берашна пайдехьдерг хьоьху: берийн бешахь лело дезачух а, кхетош-кхиорхо лара везарх а, кхечу берашца барт, юкъаметтиг муха лело еза а, и. дI. кх. Залинина шен доьзал чIогIа безий кхетар ву милла а Залинин х1усамера берийн чоь гинарг. Ул-уллехь лаьтташ хаза кечдина берийн маьнгеш, тайнигех юьзна шкафаш, берийн йоккха говр а, и д1.кх.а. Билгалдаккха лаьа, церан масийтта чоьнах уггаре хаза хиларца къаьсташ ерг и чоь хилар. Залинас ма-аллара, цуьнан берийн духарш дахьа меттиг а боцуш дукха ду. УьйтIахь ловзуш долчу берашна юкъахь даима цIена а, хаза а леларца  къаьста цуьнан доьзал. Иштта, лулахь дика зудчун цIе а йоккху Залинин. Залинех а, цуьнан доьзалх а лаьцна дуьйцуш, хета тарло, иза балхахь а, некъахь а йоцуш ю аьлла. 2001-чу шарера 2004-гIа шо кхаччалц, ГIебартойн-Балкхаройчуьра пачхьалкхан университетехь юридически факультетехь дешна йолу Залина 2004-чу шарахь дуьйна Октябрьски суьдехь болх беш ю. Iедало наношна берийн Iуналла дан лучу шерашна цIахь ю иза хIинца. Дахарехь уггаре деза  лору цо шен доьзал бусалба дино ма-бохху ийманехь, нохчийн орамо ма-лоьхху оьзда кхиоран декхар. Шен доьзална мерза нана а, дика хIусамнана а, балхахь дика белхахо а ю Залина. Цунна дозалла а, сийлалла а хета ша пхеа доьзалхочун нана хилар. Иза тешна ю, ша хIинца оццул лерина лелош болу шен доьзал нийсачу дахаран новкъа а баьлла, махкана а, халкъана а пайдехь хирг хиларх.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: