Лулахой болчуьра хаамаш

Туристийн барам алсамбаьлла

 кпв

Майкоп. Кху шеран хьалхарчу ялх баттахь Адыгейхь хилла 110 эзар турист а, экскурсант а. ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича итт процентана алсам хуьлу и терахь. Ша аьлча, и гайтам лакхабаьлла луларчу регионашкара цхьана денна, я масех денна богIуш болчу туристийн чоьтах а. Иза уггаре а хьалха доьзна ду, тайп-тайпанчу чкъоьрнийн хьашташ хьесапе оьцуш, республикин туризман а, курортийн а комитето шен болх кху шарахь хаъал жигарабаьккхина хиларца.

Кхеташ ма-хиллара, туристийн коьрта дакъа аьхкенан отпускаш йолчу ханна кхочу. Амма шеран юьххьехь дуьйна бан болийначу белхан дика тIаьхьенаш хиларан билгало лара йогIу кху муьрашкахь а республике бахка луучеран барам алсамболуш хилар. Цундела оцу декъехь тIебогIу болу пайданаш дикка лакхабевриг хиларх тешна бу регионехь.

Карарчу хенахь туризман декъехь йоккха масех инвестпроект ю республикехь кхочушъеш. Царна юкъайогIу, эксперташа шайн лаккхара мах а хадош, федеральни Iалашонан программина юкъаяхийтина йолу туристийн «Ворота Лагонаки» кластер а, «Джэнет» парк а. Дийнна схьаэцча тIаьхьарчу пхеа шарахь Адыгейн ламанан декъан инфраструктура кхиорна юкъадиллина  кхо миллиард гергга ахча. Жигара дIахьош ду туризман бизнесан объекташ яр а: кегий юкъараIойлаш, хьешийн цIенош, кемпингаш, некъаца йолу кафеш, ресторанаш.

Юбилейна кечамбар дIахьош ду

Махачкала. Къилбаседа Кавказехь уггаре ширачарах цхьаъ йолчу Дербент гIалин ши эзар шо кхачар шуьйра билгалдоккхур ду искусствон белхахоша а. Дагестанан дерриге а халкъийн тоьллачу артисташа, фольклоран коллективаша шайн корматалла гойтур ю ширачу гIопан пенаш тIехь хинйолчу гала-концертехь. Цара даздарийн дакъалацархошна бIаьрла гойтур ю гIопан ши эзар шеран истори.

Республикин Куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана хаам бина ма-хиллара, шина сохьтана лерина йолу концерт Нарын-Кала гIопа тIехь дIахьур ю. Цо чIагIдарехь, Петран I-чун цIа чохь кечйина экспозици дуьххьалдIа паччахьан шен дахар гайтарна лерина ца Iаш, амма цуьнан эскарш Персе дахарна а, Оьрсийн Императоран эскаран Лахарчу корпусна а,  Дербентан гарнизонан историна а лерина.

Оццу хенахь и комплекс цига богIу болчарна хIинцале а схьайиллина. Музейна хьалха йолчу майданахь билгалдина концерташ дIаяхьар, кхоллараллин цхьамогIа гIуллакхаш вовшахтохар.

Сенатор оьгIазъяхана…

Кисловодск.  Ларамаза дац Россин Федерацин Советан куьйгалхочо Матвиенко Валентинас оцу гIалина, цигахь хуьлуш болчу хиламашна тIехь леррина терго латтош хилар. Цуьнца йоьзна ю спикеран дахаран цхьайолу агIонаш. Цундела гIала еанчу хенахь хIоразза а динчу дикачу гIуллакхашца цхьаьна лазаме тIеоьцу гучудевлла сакхташ а.

Иштта хилира хIинца а. Цхьа шо хьалха хиллачуьнца дуьстича мелла а хийцамаш хиллехь а, гIали юккъехь долчу хьолана ша реза цахилар дIахаийтира цо меттигерчу куьйгалхошна. Иза къаьсттина хьакхалуш дара меттигерчу парках, цигахь кхиош долчу зезагех.

Цхьа шо хьалха ша кхуза еанчу хенахь ира критика йинера В.Матвиенкос меттигерчу Iедалша Кисловодскан коллонадина уллехь базар хIотторна. ХIетахь цо кхин цкъа а тIечIагIдира кхузарчу паркана къоман паркан статус яла езаш хилар. Ткъа хIинца тидам тIебахийтира курортан гIалин урамашкахь сувенираш йохкар дехка дезаш хиларна. Шена хетарг дIа а хаийтира – гIалахь меттигерчу бюджетан чоьтах леррина центр ян еза сувенираш юхкуш болчарна.

Спикеран тидамза ца йисира гIалахь шуьйра яьржина реклама. Къаьсттина резаяцар гайтира цо цхьана хенахь Курортан бульварехь бесара музыкин фонтан хиллачохь йина йоккха керт а, реклама а шена гича. Боцца бара бина сацам : «хьем ца беш меттахIотто еза фонтан». ГIалин куьйгалхойн тидам тIебахийтира дукха хенахь дуьйна гIуллакх ца деш лаьтташ йолчу гIараевлла евзаш йолчу Нарзанан ваннашна а. Иштта дIахьедира хIокху тIаьхьарчу шерашкахь латта дIадохкар а, аренде далар а бахьанехь деа декъах цхьана декъана лахъеллачу паркан латтанашна тIекхийдар тардалийта йиш цахиларна.

 

Ши де билгалдоккхур ду

Черкесск. Сентябран юьххьехь доккха ши дезде билгалдоккхур ду регионан бахархоша – Кхарачойн-Чергазийн Республика кхоьллина Де а, Черкесск гIалин Де а. Царна кечам барна а, уьш дIадахьарна  а лерина яра кху деношкахь Правительствон цIийнехь дIаяьхьна кхеташо.

Регионан куьйгалхочо Темрезов Рашида тидам тIебахийтира даздаран гIуллакхаш дийнна доьзалшна, тайп-тайпанчу чкъурийн адамашна садаIа бегIийлаш кхолларна тIехьовсо дезаш хиларна. Къаьсттинчу тидамехь хила декхар ду республикин а, гIалин а сий ма-хуьллу лакхадаккхаран дуьхьа гIуллакхаш дина адамаш, уггаре хьалха Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархой, социалистически къинхьегаман Турпалхой, шайн дахар къинхьегамна дIаделларш, культурин, искусствон белхахой.

Оцу деношна лерина йоккха программа кечъеш ю регионан бахархошна а, хьешашна а лерина. Меттигерчаьрца цхьаьна цигахь дакъалацар билгалдина Россин эстрадин  шуьйра  бевзаш болчу артисташа а. Цул совнаха билгалдеш ду республикин коьртачу шахьарехь а, ярташкахь а дезачу деношкахь масех социальни объект схьаеллар.

Бохаман тIаьхьенаш дIайохуш ю

Владикавказ. ХIокху деношкахь чIогIа мох балар бахьанехь Моздокан районерчу шина юьртахь 60 цIа тIехь тхов боцуш дисира. Секундехь 20 метре кхаччалц чехкалла йолуш бара мох, ткъа цхьайолчу меттигашкахь 25 метре кхаччалц. Алсамха доккха зиэ хилира Лахара Малгобек юьртана. Цигахь хилла зиэнаш хьесапе  оьцуш шен болх дIабаьхьира чолхечу гIуллакхашкахула йолчу комиссис. Цо чIагIдира 60 цIа тIехь тхов боцуш дисина хилар.

Даккхий дитташ охьадетташ хедийра электросерло луш долу серий. И бахьанехь лакхахь билгалъяьккхинчу юьртахь бахархоша цхьа дей-буьйсий даьккхира хи доцуш. ХIинца и хьал нисдина. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Агузаров Тамерлана тIедилларца районна тIаьхьалонан фондера  700 листал сов шифер къастийна. МеттахIотторан белхаш дIаболийна.

 

Сурсатийн барам алсамболуыпвпыва

Нальчик. Карарчу шеран хьалхарчу ялх баттахь ГIебартойн-Балкхаройн Республикин консервийн заводаша 25 процентана алсамдаьккхина хасстоьмаш кечбар, церан барам 130,3 мубе дIа а кхачош. Оцу муьрехь арахецна 14 муб ассорти, 2,4 муб шекаран хьаьжкIаш, 3,2 муб хичу йоьхкина помидораш, 14,4 муб томатийн паста, 49,I муб наьрсаш, 59,8 муб баьццара кхоьаш. ГIуллакх дина 40 эзар тонна хасстоьмийн сурсатех.

Боккха болх дIахьо регионехь и дакъа кхиорна тIехьажийна. Цуьнга хьаьжжина лакхара бу производствон гайтамаш а. Масала, дийнна схьаэцча «Зеленая компания» юкъараллехь шо доладелчахьана 22 эзар тонна аьргаллех гIуллакх дина, шен гайтамаш 54 процентана алсам а бохуш. Хьакъ доллу дакъа юкъадуьллу «Агро-инвест», «Консервпром» санна йолчу юкъараллаша а. ДуьххьалдIа оцу кхаа предприятехь арахецна I05,4 миллион условни банка тайп-тайпана консерваш.

Карарчу хенахь заводашкахь дуьззина чекхдаьккхина наьрсех а, баьццарчу кхоьэх а гIуллакх дар. Хьалха лаьтташ ду помидораш а, шекаран хьаьжкIаш а кечъяр.

Керла лини

Магас. ГIалгIайн Республикин юьртан бахаман министерствос бечу хаамца Соьлжан районерчу Троицки станицехь гIуллакх дан йолаелла  хасстоьмех консерваш кечъяран керла лини. Кхузахь хIинцале а хичу йоьхкина I526 банка помидораш.

Комбинатехь билгалдеш ду герггарчу хенахь I500 тонна корнишонаш (кегий наьрсаш) банкаш чохь кечъяр.

Комбинатан куьйгаллин герггарчу ханна йолчу Iалашонашкахь билгалдина хасстоьмийн пюре кечъеш йолу керла кхин цхьа лини балхана юкъаяло. Иштта мехала лара догIу цигахь кечдеш долчу сурсаташна босхуьйцуш йолу хIуманаш а, ароматизаторш а, искусственни кхийолу хIуманаш а тухуш цахилар.

Сайташ тIера хаамаш кечбинарг  – Л.МАГОМАЕВ

№96, еара, 27 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: